Категории
Самые читаемые
PochitayKnigi » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 ... 122
Перейти на страницу:
хьур ду…

— Вай динчу махка со

Вухавоьду кхана,

Хьоьгара безамна

ХIун хьуо ас, ала?

— Доьху хьоь, доттагIа:

Сан бIаьрхиш канахь

ДIахьолахь ахь цига,

Цхьа цинц ца Iанош.

Алссам поэтически книгаш арахецна Сулаев Мохьмада. Вай хьахозачарах йу «Даймехкан зIаьнарш» (1961), «Даг чуьра суйнаш» (1968), «Йовш йоцу цIе» (I970), «Бакъдерг» (1973), «Лаьттан бос» (1978), «Сирла суьйре» — хаьржинчу поэзин, прозин книга (1980), «Лаьмнаша ца дицдо» — роман, стихаш, поэмаш (I990). Оьрсийн маттахь Соьлжа — гIалахь а, Москвахь а арайийлина книгаш «Бой за солнце» (1970), «Чинар на скале» (1972), «Иду на зов» (1979), «Цвет планеты» (1982), «Орлиной тропой» (1987).

Сулаев Мохьмадан масех стихотворени йу, «ДоIа» цIе йолуш. Нохчийн дош «доIа» Iаьрбийн «дуIан» бохучу дашах схьадаьлла ду. Дехар, ламаз боху маьIна ду оцу дешан.

Йо, Дела! Цхьа шеко

Сан дагах лета:

Iожаллех цакхерар –

Цакхерар хьох хета!

Iожаллех тIех кхерар –

Цатешар хьох хета!

Нисвехьа нийссачу

Барамехь, Дела:

Ийманехь чIагIваллалц

Iожаллех ларвай,

Iожалла тIекхаччалц

Стогаллехь чIагIвай,

Кхачаве ахь тIаккха

Хьайн дикчу кхиэле.

Сулаев Мохьмад ийман долуш стаг хилла. Цуьнан лирически турпалхочо Деле доьху ша дикачу Iамалехь нисвар. Далла дуьхьал воьдуш, цIенчу ойланца, ийманехь чIагIвелла хила лаьа цунна.

Адамна, дийнатна, массо а са долчу хIуманна хьоме бу шен мохк, шен махкахь бен дац caпapгIaт дахар. И тема йух-йуха а керлачу исбаьхьаллин васташца гучуйуьйлу поэтан кхоллараллехь.

Сулаев Мохьмадан поэзехь йу йаккхий жанрашкахь йолу произведенеш а: «Лаьттан бос», «Винчу лаьттан цинц», «Дайн кешнашкахь», «ГIойтIарчу Чочех илли», кхийерш а.

Мехала йу Сулаев Мохьмадан проза а. Къаьсттина «Лаьмнаша ца дицдо» цIе йолу роман. 1966-чу шарахь Сулаев Мохьмада арахийцира «Тавсолта ломара дIавоьду» цIе йолу роман. Иза кхин а шорйеш, тоеш болх а бина, «Лаьмнаша ца дицдо» цIе а йолуш, йуха арахийцира I990-чу шарахь. Оьрсийн маттахь арайелира иза 1992-чу шарахь «Горы молчат, но помнят» цIарца. Роман шен чуламца а, исбаьхьаллин башхаллашца а Iаламат мехала произведени йу. Нохчийн халкъан дахарехь уггар халчу муьрехь (1940–1960 шерашкахь) хилла адамийн кхолламаш гайтина романна тIехь. Къоман гIиллакхаш, оьздангалла, ламасташ Товсолтин вастаца ду. Советан заманахь кхиъна цуьнан ши йоI Нурседий, Селитий комсомоло бохучунна тIегIерташ, кхечу амалехь йу. Ши йоI деца эвхьаза ца йолу, йуьхь-дуьхьал эхь-бехк лардо, амма царна йукъахь къийсам бу. Йаздархочо шуьйра гайтина оцу хенахьлера къоман дахар: Сийлахь — боккха Даймехкан тIамехь нохчийн йуьртахоша дакъалацар; фронтана, бIаьхошна оьшург вовшахтухуш, дIайахьийтар; нохчийн къам махках а даьккхина, лайна халонаш; йуха «декъаза цIадерзар». «Лаьмнаша ца дицдо» роман нохчийн литературехь дуьххьарлера произведени йара, нохчийн къам махкахдаккхаран тема иштта шуьйра хIоттийна.

Арсанукаев Iабдулла,

Россин йаздархойн союзан декъашхо,

литературовед, библиограф.

ЛАЬМНАША ЦА ДИЦДО

(роман)

IАЬРЖА ЛО ШКОЛЕХЬ

Геннара дуьйна а сенчу майданахь къаьсташ схьагучу, кIайн кир а тоьхна, цIечу герагийн тхевнаца малхехьа а йерзийна лаьттачу школехь йоккхачу перерывана горгали бийкира. Классашкара арахьаьлхинчу дешархоша цу сохьта синкъерамечу зевнех йуьзира и, хIинцца йесса хилла, уьйтIе.

Делкъан малх къаьрзина чухьоьжура, цхьа а марха йоцуш, шенна йисинчу стиглара. Лахарчу классашкара кегий бераш лечкъаргех ловзий, идий дуьйлира, ткъа лакхарчу классашкарнаш, шина декъе а бекъабелла, — сехьа зудабераш, дехьа божабераш, — ловза буьйлира, цу кертахь даим дIанисйина, кийчча латточу бойна тIоьхула буьрка дIасакхуьссуш.

Зудаберийн тобанехь кхечарел къаьсташ гора, айаделлачу догIмашца, цхьаннах, махарчий долу кIайн кучамаш а йуьйхина, куьцехь кхиъна йогIу ши йоI. Буьрка хьалакхуссуш, церан дуткъий догIмаш, хаза дахлой, хи чуьра хьалакхоссабеллачу чIеран санна, малхехь буто къегара, къаьсттина лекхачуьнан.

Школина хьалхахула тIехбуьйлучу къоначу а, къеначу а нехан тидам цу шинна тIехь соцура. ХIинца а, аьрру агIорхьара схьавогIучу шина стеган къамел тасаделира царех:

— Ма тайна йу и шиъ! Хьенан йу-те? — хаьттира жимахволчу, фуражка тиллинчо.

— Дера йу хIинцца вайша цхьаьна Iийна схьавогIучу Тавсолтин. Цуьрриг вочу ден а ма йац! ВаллахIи! — элира гIовталца холхазан куй тиллина волчу воккхачо.

— Баккъал бах ахь? Хаза-м йу ший а! Къаьсттина и… дIо лекхахйерг!.. КIажарш, бIаьргаш Iаьржаниг… Зовкх дара-кх…

— Иза йоккхахйерг йу… Амма, цу жимачуххий… Дала ларвойла!.. БIаьргаш сов сийна ду цуьнан!.. Балдаш, кIажин пхенаш дуткъий, бIаьргаш сийний долчу зудчух Дала ларвойла боху жайнехь а, — воккхачо а олуш, тIехвелира ши къонаха…

Йоккхахйерг йара ворхIалгIачу классера пхийтта шо кхаьчна Берсанова Селита. Цунна йуххехь синкъераме хьийзара, цул шо жима йелахь а, цуьнца цхьаьна классехь йолу цуьнан йиша Нурседа. Иза йоккхайера: хьалхара бал, и чекхболлуш, цо кхузза чутоьхначу буьрканца схьабаьккхинера зудабераша божаршкара.

«Ма дика хир дара хIинца xIapa а схьабаьккхича», — дагадеъна, шен ма-хуьллу хьийзара Нурседа. Дехьа божаршца, шен даималерачу мокхачу хуьтан пиджакан хьалха значок а лепош, лаьтта Селител шо воккха, борхIалгIачу классера, школехь комсорг волу кхеран ваша Дауд, бIаьца йеш, Нурседина резахилла, велакъежира.

Селитин а сакъералора тахана: де хаза дара. Йуьртана гена доцу лаьмнийн кIайн кортош, Iуьйранна дуьйна а, малхо дешин варкъ диллича санна, лепара. Царна а дехьа генна дIауьду стигалан анайух сенчу алуца йогура, xIop минотехь а йездарех бос керчош.

Басешкара бошмаш техкара, гаьннаш тIера шурула кIайн заза, лайн чимех тера, луьстта охьаэгош. ДIо бухахь декара самукъане Яьсси. XIapa дуьне хаза дара. TIe… Дехьарчу тобанца, Даудна уллохь, нисса кхунна дуьхьал а вирзина лаьттара вешица цхьаьна доьшуш волу, йалхийтта шо кхаьчна Албастов Увайс.

Школехь цхьанна а ца хаьара, цунна санна дукха, бес-бесарчу зезагийн, диттийн цIераш. Цхьа а пенан газет а ара ца долура цуьнан, массарна а — къаьсттина Селитина — хазахета байташ тIехь йоцуш… Селитас хьалха дуьйна а тидам бинера: Увайса, миччахьа ша хиларх а, кисанара схьайоккхий, блокнота тIе цу сохьта дIайаздора шена керла девзина дешнаш, ораматийн а, дийнатийн а цIераш. Дика дешарца а къаьсташ вара иза.

Цо хIинца, ша моссазза кхуссу а, буьрка Селите хьажайора. Увайса шен бечу тидамах а, иза йуххера гарх а, бIаьстенан кху хазачу дийнах а, дуьхе кхиа кхин бахьана а доцуш, ша-шаха самукъадаьллера йоьIан. Йукъ-кара, цахуучуха, бен доцчу кепара, цуьнгахьа дIахьожура Селита: «Ма хаза ву и… амма… ойлане хIунда ву даим?.. Ша буо долу дела ву-те?» — дагатосура цунна.

Увайс-м, жимачохь дуьйна а да-нана доцуш висинехь а, гIийла вацара: иза кху школин директор волчу шен вешица Керимца дика Iapa. Ша буобер хилар дага а ца догIура цунна. И дагадан меттиг а ца йолуьйтора шен цхьаъ бен воцу, пхи шо кхаьчна Каташ санна, Увайс дукхавезачу, хIоккху школехь хьоьхуш йолчу Кериман зудчо Кесирас а. Делахь а, Увайсан хьажар, Баккъал а, ойлане дан а дара, иза ойла йечарех хиларна, ткъа цуьнга шатайпа хьоьжучу Селитина иза гIийло а хетара. Муьлххачу а ловзаран кегарехь иза, иштта «ша-шаха», «ца хууш», нислора Селитина гена воцуш. Амма цкъа а ца

1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 ... 122
Перейти на страницу:
Тут вы можете бесплатно читать книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев.
Комментарии