Категории
Самые читаемые
PochitayKnigi » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 74 75 76 77 78 79 80 81 82 ... 122
Перейти на страницу:
волуш, сан неIаре ма воьллахь! Со-х кхин хьайн вешин кIант ву а ма бахалахь! Со цкъа а ца хилла хьан вешин кIант! Со хьан хIумма а вац — цхьана тайпана, цхьана йуьртара хилар доцург!

— Ой-й! ХIун хилла вайна? ХIун хилла? — цецвелира Тойсум.

— Ахь харц тешалла а дина, хIинцца дукха хан йоццуш, цхьа а бехк боцчу веа стагна бIе шо хан тохийтар нахана ца хиъна моьтту хьуна? Сийсара веънера со волчу, царех цхьанна-м гергара хуьлу Бетар соьга чIир хьейан, хьуна тIехула, со ахьа массаьрга а хьайн вешин кIант ву а баьхна! Ас дIаэлира цуьнга ма-дарра — хьо сайн кIадда а цахилар. Хьан Джамбулера адрес дIа а дийцира. ХIинца хьуна тIекхача дагахь а ву хьуна, Бетар а, цуьнан ши ваша а… Хьуна Эсканойхь дуьйна а бевза моьтту суна уьш, — иза а дIакъадийра цуьнга Керима.

Йуьхь тIера бос баьхьира Тойсуман. Шен йухах куьг тоьхна, кхин вистхилар доцуш, Iодика йар а дицдина, йум йаьхьира цигара Тойсума. Шуьйрра куьйгаш а лестош, и дIавоьдуш цуьнан букъа тIехьа а хьаьжна, Керима элира Кесире:

— Иштта тоьла! Цуьнца ловзарш лелочул! Кхин вайн неIаре вогIур вац хьуна иза. TIe хIинца суна мотт тоха а ваьхьар вац!..

СТАЛИН… ВЕЛЛА!..

БIаьстенан хьалхарчех де цIеххьана хаза декхна деънера. Йист йоцчу стигалахь гуш цхьа а марха йацара. ДегIах маьлхан дуьххьарлера йовхо а йулуьйтуш, паргIат вогIура Тавсолта белшах шен гуттарлера тIоьрмиг а тесна. Колхозан беша хьажа дагахь араваьллера и, амма, юьртах ма-велли, кхузара башха гена ца хета, малхехь лепа Iоман экъа йайча, и цигахьа дIаозийра.

Делахь комендатуро ца могуьйтура йа цига а, йа луларчу йуьрта ваха a. XIapa иттех шо а иштта чекхдаьллера, и кхузара меттах ца волуш. Iам болчухьа тийнна дIахьоьжура и. Цу агIорхьа комендатура а йац, бохура. Ша цига дIакхаьчча, кхин хаза дуьне гур долуш санна хетара. Цунна дукха хезнера цу Iомах лаьцна. Цигахь, дийнна бода бой, лела бохура акха бедаш, шортта нислора иччархошна ижу: тодакхаш, мошарчий, дарташ. Ов текхош, йа кIорго йолчохь ванда йугIуш, лоьцу йай-чIерий, Iомана йуккъерчу оьзига тIехь чIерийлело артель а, хил дехьахь, Жинийн Iин чохь, шекардоккху завод а йу, бохура. Тавсолтина дуьхьалтуьйсура цигара сурташ: Iома тIехула пийсик хьоькхуш гила-кеманахь лела белхалой; бурамна тIехь цкъацца жашца дехьа буьйлу Iуй, дIо генарчу ГIелийн орца уьш дажо дига. Цигара йухабаьхкинчу Iуша дуьйцура, цигахь акха кой а, лунаш а, хотешкахь тарсалш а хуьлу, бохуш. Амма цигара кхин а дIа, геннарчу къилбехь йу бохура, саьхьара стаг санна, сутара, дерриг шена чухуду, ша хIумма а схьа ца ло, гIум сийса бIаьрмециг аре. Маьлхан аьтталахь гуттарчу йокъанехь, дакъаделла гIамаран латта цигахь, экъа санна, догу бохура, тIехь ког а ца латталуш…

Кхузара ткъех гергга чаккхарма бен гена бацара Iам. Йуьртара а, лекхочу меттера турмала хьаьжча, цIенна гора цигара халстуш а, хидоькъе а, йуххера хехочун бун а, улло доьгIна лекха ши маьлказ а, гена доцуш, шерачу арахь, цкъа маццах Чингисханан бIон дуьхьал кхузарчу къомо йинчу ширачу гIишлох бухайисина хьакхлагIа а. «Чохь — саготте, арахь — сашорте» — аьлла, дIаволавелира цигахьа Тавсолта.

БIаьстенан xIyo, дегI дайдеш, цIена дара. Мела малх нисса букъ тIе хьоьжура. Шен IиндагIна тIаьхьаваьлла воьдура и. Шерачу арахь цхьанххьа а дисина ло ца гора. ХьалагIертара дуьххьарлера бецаш. Iаьнан йочанах а, дешначу лайх а сихха ловсардоьлла догIура латта. ХIинца а сенйала кхиаза лаьттара мокха бурсан-коьллаш а, некъан йистошца йевлла муьжгаш а. ХIетте а аренийн дахар бIаьстенна самадаьллера. Тавсолтина йевзара гIамар — пхьагалан лараш, оьпанийн оьрнаш, хин дехкан Iуьрг. Цкъацца, оьртхан-кулла кIелхьара дIаэккхара моьлкъа, йа, некъ а хадош, Iажаркхлахь бовра текхарг; наггахь тебаш, текхара шен туьтан тутмакх — уьнтIапхьид. Лаккха тIехула хьийзара маккхалш. ТIаьххьар а, цхьана хин йисте кхечира Тавсолта. Дехьа кхоссалур воцуш шуьйра а, гарехь, кIорго а дара хи. Жимочу гу тIера дIасахьаьжира xIapa. Цхьанххьа а бIаьрго лехарх гечо дацара.

ГIелвелла Тавсолта, ойлане ваьлла, гу тIехь лаьттара, татоле а хьоьжуш. Кхуьнан IиндагIа, дахделла, коьртаца хих хьекхалора. БIаьргашна кхин а гергахь, хIетте а тIе ца кхочехь бара Iам. Маьлхан зIаьнаршлахь, тIехула дай Iаьнаран моьрдиг а лаьцна, Iоман куьзга, варшдетех тера, можа кIайн лепара, бIаьргашка ца лалу суйнаш а туьйсуш. Хьалабаьллачу малхо тIехьашхула, коьшкала хиъначу цициго санна, вортанах мела гилдигаш дохура.

Вехха лаьттира Тавсолта, шена хьалха дахделлачу шен IиндагIе а хьоьжуш. Иза дацлуш, тIаьххьара а жим а делла, кхуьнан когашка дижира кIеза санна. Чувоьссина, йуьхь-куьг а дилина, ламаз а эцна, тIаккха цу хин йистехь, кIел шена тIера тиша пальто а тесна, делкъан ламаз а дина, кера— йукъахь хи а мелла, охьахиира Тавсолта.

ЦIеххьана хил дехьахь, бIаьрг къуьда жIаьла санна, раз йорт хьоькхуш, йoгIy борз йайра кхунна. Сецира борз. МуцIарца латта ахка йуьйлира и, жIовнеш лоьху нал санна. «Хьерайаьлла-кх и, — дагатесира Тавсолтина» сехьа — м йериг хир ма йац: xIapa, хи шуьйра а ду… хьердаьлча экха хих къаьхка а олу»… — сапаргIатделира цуьнан. Герз а доцу стаг хил дехьахь гарна, шен некъ ца хуьйцуш, дIайоьдура борз. Хи йистехула, кондаршна тIехьахула тебаш, тIаьхьавахара Тавсолта, цо хIун до хьажа, тIоьрмигара схьаэцна, тIехь ботт а йолу, шен деха мокха доьхкарх а тесна. Ша цIахь къона волуш талла ихина хан цIеххьана дуьхьал лаьцна, дог айаделира цуьнан.

Хе голатуххучохь, коьллашна тIехьахула, кхунна гира, ша йежаш йоллучу говрана борз чухьодуш. Говр, хьийзаш, тIехьарчу когашца барзехьа нисйала гIертара. Борз, цунна го бохуш, хьалхара дIа ца йолура, говран къамкъаргах катоха гIерташ. Говро, даима лаг хьулдеш, шен корта лахахула хьийзабора. ЦIеххьана говро, аьтто баьллачохь, дIайирзина, мийраш туьйхира барзана. Борз охьатаьIира, шех берг а кхетта. Говр горайахара. Цу сохьта оьгIазйаханчу барзо це туьйхира цунна. ГIoгIax. Говр сихха хьала а иккхина, къовсам йуха а дIаболабелира церан, ший а кортошца дуьхь-дуьхьал хьийзаш, йилбазмох санна, маса.

ГIо дан йиш а йоцуш, Тавсолта хьоьжура кулла тIехьара: къеначу бIаьргашна дика гахь а, и шиъ ах чаккхарма генахь йара; xIapa гечо а лехна, дехьавалале чекхбер бара церан къийсам. Барзо, цIеххьана хьалакхетта, говран цIом схьалецира. И дIатаса гIерташ, говро корта барзаца хIинца леккха хIаваэхь лестабора. Барзо муцIар дIа ца хоьцура. ТIаьххьара а гIелйеллачу говран ворта охьаэха йуьйлира, амма борз лаьтта кхачийта ца йаьхьаш, цо халла хьалауьйура и… Барзо, цIеххьана цуьнан муцIар дIа а хецна, и аркъал йоьддушехь, катуьйхира говран логах. Миллион шерашкахь царна йуккъехь Iемина и къовсам, кхеран хIинца цу тIехь чекхбелира. Говр, йетталуш, керчара лаьттахула, борз кIел хьаша гIерташ. Амма, лаьцна лаг дIа а ца хоьцуш, цуьнца керча борз тIехь хуьлура даима.

Кестта йетталучуьра сецира

1 ... 74 75 76 77 78 79 80 81 82 ... 122
Перейти на страницу:
Тут вы можете бесплатно читать книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев.
Комментарии