Категории
Самые читаемые
PochitayKnigi » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 81 82 83 84 85 86 87 88 89 ... 122
Перейти на страницу:
ойлана хьалха тIеуьйзуш, дагалоьцура цо. Кхин а… Кхин а… Кхин а…

ЦIеххьана цIера сурташ, xIapa цига дIакхаьчча санна, ма-дарра цIена гуш дуьхьалхIиттира цунна ойланийн ницкъаца. И ца кхеравелира: мелхо а цо кхин а нуьцкъаша сецадора уьш шен бIаьра хьалха, уьш йуха дIадарна кхоьруш. Цунна хIинца цIена гора лаьмнийн даккъаш тIехула ша жеца лелаш… ТIаккха шайн колхоз… Ма хала вовшахтуьйхира… Беш… Ма хаза хуьлура… ГIовгIане Яьсси… Лекха ЦIен берд… ТIаккха роггIана дуьхьалтийсира: йуьртан кешнаш, Даудан хIоллам… Нурбикин кошан барз… Шайн керт…

Тавсолтас шен ойланийн ницкъаца кхин а тIеттIа тIеуьйзура и бIарлагIаш, уьш дIаян ца юьтуш, хIинца уьш дIаяхь Баккъал а ша цIа а ца верзарна кхоьруш санна…

ХIинца дIо генна хьалха, вукху агIорхьа, малхбалехьа, кхин цхьа сурт а, цIена, дуьхьалхIоьттира цунна: хьуьлла дитташна дехьахь дIасахьера, кхунна хIун йу а ца хуу, цхьа Iаьржа тоба. Кхеравелира Тавсолта: «Хьера-х ца ваьлли- те со? Дала а магийтац, бах, шен дозанал тIехваьлча… Хьекъалх а воккхий кIелвуьту, бах, дуьненан дезаршка шегачул тIех сатийсинарг»… «ОстопираллахI!» — дийшира Тавсолтас шабарца.

Йуха а малхбузехьа дIахьаьжира: дIайайра хьалхара бIарлагIаш, генна дIа ма-йарра гора шера аре. ТIаккха, сиха, йуха а малхбалехьа вирзира иза: хьалха санна, хIинца а, хьуьлла дитташна дехьа, йуха а дIасахьера и Iаьржа тоба. Тамаше хийтира, амма, кхерам дIа а теттина, хьаьккхина цигахьа вахара Тавсолта…

Цигахь хиллера гIаларчу вайнаха шайн белларш дIабухку кешнаш. Тавсолтина, тIекхаьчча, цу сохьта вевзира, тохара дуьйна а гина воцу, тобанна йуккъехь, корта а оллийна, керлачу кошан борза йуххе лаьтта Рашид. Цуьнан хазачу, са ца гучу бIаьргаш чуьра меллаша хин тIадамаш ледара. ДIавоьллинарг цуьнан шийтта шо кхаьчна кIант хиллера.

— Хьо ву и, Тавсолта! Марша вогIийла! — элира цо, цуьнан куьг шен кара кхоччушехь. — Бехк ма биллалахь, и жима велахь а, цхьаъ бен вацара сан! — бехказвуьйлура Рашид.

— Дала гечдойла! Бисинчарна собар лойла! ХIун ду и жима хилча? Жимачух ма хуьлу воккханиг а! И, гIа санна, жима хиллехь а, амма и гIа вайн гаьн тIера доьжна! Вайна хилла эшам. Хьан дог лазарх бехк буьллийла йац… И-м кхиъна кIант хилла. ЦIе хIун йара цуьнан?

— Iалсолта.

Тоххара, Граждански тIамехь вийначу, шен цхьаъ бен ца хиллачу вешин, дукха хенахь дуьйна хазаза йолу, и цIе хезна Тавсолта ойлане вахара. Цунна дагавеара хIинца, къона волуш дIаваьлла, шен ваша, цуьнан иллеш а…

Массо а дитташ кIел охьахевшира. Цу сохьта йукъадевлира цIа дахийтарах лаьцна къамелаш:

— Ac xIopа ламаз тIехь а Деле денна а воьху-кх и Хрущев: и карий-кх дуьххьара вайна орцахвала. Дала ларвойла иза!

— Хьовсийша, шаьш шира ленинхой бу боху — Молотов а, Каганович а хиллийца вай йуха цIа дерзадарна дуьхьал…

— И-м хIун дара, нохчийн лаьтта тIехь ша буьйсанаш а йаьхна, вайн сискалх а кхетта волу, вай веза лору Ворошилов а-м хилла, боху, йуьхьанца дуьхьал…

— Бакъду. Иштта хезна суна а. Ширачу хьаькамех Хрущевца цхьаьна вайгахьа уггаре хьалха куьг айинарг Микоян ву а, боху.

— Буденный?

— И-м цара ишттачохь лоруш а вац… Говрийн верас, — гонахарнаш бийлабелира.

— Калинин а ма вара вайн махка веъна лелла… цо хIун дина-те?

— Хьанна хаьа?.. Шега аьллачунна тIе куьг а теIош, Iийна хир ву-кх…

— Аш хIун дуьйцу? И-х велла дукха хан йу, — гонахарнаш йуха а бийлабелира.

— Миска йаI! Вехаш а, ву-вац ца хаьара, хIинца велча а ца хаьа…

— Цуьнан цахилар, дера, дара иза-м… Сталина шен зуда чуйоьллича а, вистхила ца ваьхьна…

— Делахь а, цо вайн къомана тIе цкъа а нехаш-м ца хьаькхира, Ждановс санна.

— Цул а, Гамзатовс санна, алахь! — йукъагIоьртира, хIинццалц ойлане Iийна, бIаьргех пенснэ-куьзганаш дохку, Фрунзера кхузахьа хьошалгIа веъна, историн хьехархо Тухан Фаргизов.

— И мила ву?.. — корта хьалаайира цхьамма.

Массо а цецхилира.

— Вайн дIегIастанхо ву-кх… Вайца вошалла догIучу суьйлин къомах…

— ХIетте а Москвахь ша арахецначу книжки тIехь цо йаздина имам Шемал «нохчийн борз», «гIалгIайн лаьхьа» хилла бохуш, цуьнца цхьаьна вайн къам а бехдеш, — дуьйцура Тухана.

— И ма тамаше хIума ду…

— Дан-м ду… Делахь а, кху тIехь инштта-м йаздо цо, — шен кисанара схьайаьккхина, жима книжка схьауьйхьира Тухана… — Имам Шемал шайн суьйлех хиллашехь, иза вайн къомах волу сурт a xIoттош.

— Вайна схьалуш ву-кх хIинца!.. — эккхийтира цхьамма.

— Валийта! — элира Тавсолтас. — Вайна къонахий оьшу! Тохара цара и цкъа охьатесча а, вай схьаийцира. ХIинца а вай схьаоьцур ву. Кхин дIалур а вац! — шен дош тIечIагIдира цо.

— Мила ву и ван, цу тайпана йаздийриг? — хаьттира Тавсолтас.

— Шайн — суьйлех… ЖIай ву…

— Эхь а ца хетий хIетте а, имам Шемал а ма хилла жIай! Хьаьж-Мурд а ма хилла жIай! ЖIай вайн ДегIастахь лоруш къонахий ма бу… Эхь ма ду и… Баккъал а вуй-те и йаздийриг жIай? — йуха а хаьттира Тавсолтас.

— Ву… ГIараваьлла жIайн йозанча ву…

— Ма тамашена ду и, жIайн амалехь хIинццалц ду олуш а ма ца хезнера ор чу воьжначунна тIе тIулгаш кхуьйсуш…, мелхо а чу лами кховдош дара-кх ламанхойн Iедал… Ма эхь ду иза! — корта ластийра Тавсолтас.

— Делахь а, цо бехказвуьйлуш, эхь хета шена, бохуш, жоп а даийтина, вайн йаздархоша, Базоркин Идриса, Яндиев Джамалдас, Муталиев Хьаж-Бекара шега, бехк боккхуш, дахьийтинчу кехатна дуьхьал… Цхьадолчу aгIop иза цуьнгара йаьлла къонахалла а, дера, лору аса-м, — элира Тухана.

— Атта лору!.. — корта ластийра Тавсолтас. — Гой хьуна, цо вайна ша аьлларг дуьненна а хозуьйтуш, мохь тоьхнна аьлла, ткъа ша бехказа волуш аьлларг цо, нахана ца хозуьйтуш, вайн лере а таьIна, шабарца вайгга аьлла, мацах: «Диг хьенан дайна шун?» — аьлла, кхайкхийначу моллас санна, — тIетуьйхира Тавсолтас.

ГондIарнаш тIетайра.

— Бакълоь Тавсолта! Бакълоь! — тIечIагIдира Рашида, хIинца иза собаре а, синтеме а вара, амма йуьхьа тIехь ойлане хетара. Эххар белшаш тIехь корта, меттах ца хьовш, богIабелира цуьнан, бIаьргнегIарш охьадийшийра цо, ткъа гоьлана тIедиллинчу цуьнан аьрру куьйган пIелгаш дайн дIасхьа дуьйлира: иза иштта хуьлура, цуьнан дага чохь цхьа мукъам айбелча.

Массарна а лаьара цо цхьа илли олийла, амма и цуьнга хьахор кху сохьта хотIехь ца хетара.

ЦIеххьана Рашида, шен аьрру куьг лере а даьхьна, ша элира:

— Ас цхьа илли алий шуна? Бехк ма биллалаш… Iожаллина дуьхьал…

Массо дIатийра. Рашида дегийра дитташ тIера гаьннаш а, ладоьгIучийн дегнаш а, дукха хенахь дуьйна а хезна доцчу вайнехан иллица:

ХIай, шийла Iожалла, хьо стенна хьоьжу соь,

Iуьйкъенах терачу хьайн бесчу бIаьргашца?

Вуьшта а хаьа суна сол тулур йуйла хьо,

ХIетте а ас хьуна ца туху корта!

Хьо йацара жимачохь сан йалхо хилла,

МостагIий эгабеш, сан луур кхочушдеш,

Сан тоьпан йуьхьиго царна тIе хихкинарг,

Со гахь а йегаеш, хьуо суна йаьцнариг?

ХIай, шийла ва латта, соь буьрса ма хьежа,

Буьйсанах терачу

1 ... 81 82 83 84 85 86 87 88 89 ... 122
Перейти на страницу:
Тут вы можете бесплатно читать книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев.
Комментарии