Категории
Самые читаемые
PochitayKnigi » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 20 21 22 23 24 25 26 27 28 ... 122
Перейти на страницу:
бIаьргаш сийна?

— Эхь доцчийн хуьлу ма олу уьш сийна.

— Хьайниш а… ма бу уьш… сийна! — эккхийтира йоIа, нанна барт а луш.

— Дера, хир бац-кх! ХIинццалц соьга-м ца аьлла цхьамма а… «сийна бIаьргаш!»… Со-м ца хилла эхь доцуш.

— Ой, куьзгана хьаьжча а ца гина хьуна, ва нана?.. Цунах ца хаьа хьуна и бакъ доцийла?

— Шу санна, куьзгана хьежа мукъа мила хилла?.. Ткъех шо хьалха, шун дега йогIуш, хьаьжчахьана кхин суо куьзгана хьаьжна де дага, дера, ца догIу суна… И-м вайнехан Iедалехь осала а лорий… Шу санна, гуттар куьзгана хьалха хьийзар, баккъал, товш ду моьтту хьуна? — аьлла, корта а ластош, дIайахара Нурбика, шен ведар а эцна, Тавсолте гайта четахь сурт а хьош.

И дIайахча, Нурседа, класса чу ца йоьдуш, шен кабинета чохь ойлане Iapa: цо нанна ца доьшуш дитина могIанаш а дара кехата тIехь: «Атаке даханчул тIаьхьа тхо, тIеман аре а йуьтуш, цкъачунна духадовлуш тхоьца хилла Увайс, схьакхетаза висина, хIинца а карош вац. Цунах лаьцна кхечухьахула шайга хаам кхачахь, соьга а йазделаш. Со, чов хилла, госпиталехь кхо бутт а баьккхина (и нене ма хаийта), хIинца, то а велла, йуха фронте дIавоьду».

Нурседас сацийра: «Увайсах дерг, Керимера а кехат доцуш Iачу цомгашчу Кесирега а (цу тIе Селитега а!) кху сохьта дийца эшац, шайна хаъалц».

** *

И шийла Iа ша доькхуш санна, йовха а, йекхна а йеара бIаьсте. КIайчу башлаьмнашна тIехула шершара деши басахь йогу мархаш. Церан дуткъий IиндагIаш лаьмнийн басешкахула, вовшашна тIаьхьа а уьдуш, дIаоьхура сих-сиха шайн аматаш хуьйцуш. ХIаваъ сихха дохлуш догIура, Iаь а гIуьттуш, денлучу бай тIера хьалагIертара заза-буц. БIаьстено кхелина Iалам нускалх делакъежара.

Йурт а айайеллера: фронтера дика хаамаш совбуьйлура. Малгобекера а фашисташ тоххара лаьхкинера, хIинца йоллу Кавказ а дIацIанйеш лаьттара. Волгин йистошкахь вайн эскаро, кхо бIе эзар сов немцойн салтий, шайн коьртехь волчу фельдмаршал Паулюсца цхьаьна, йийсар а веш, толам баьккхинчул тIаьхьа, мостагI сихвинна дIалоьхкуш вара берриге а Советан махкара.

Iамерко, Ингалсо шаьш хуьлуьйтур йу аьлла «шозлагIа фронт», нагахь цара ца хилийтахь а, хIинца цхьанна а даг чохь шеко а йацара xlapa тIом, Советан мохк тулуш, чекхбериг хиларх.

Цу хазахетаран шаьш дакъалоцуш санна, школера бешан дитташ, луьстта сенарш а хецна, зазадаьккхина, нийсачу могIаршца, кечделла дIахIиттинера, дуьххьара ловзарга баьхкина мехкарий санна, и керт къагош…

Денош сиха дIауьдура…

Селхана тIаьххьара экзаменаш а дIайелла, чекхделира йижарийн дешар а. Даудера кехат а кхечира: могуш ву, лейтенант а вина, парте а ваьлла ша, бохуш… Амма цо йуха а хоьттура Увайсах хезнарг. Кесире кхаьчнера Увайс «тIепаза вар» хоуьйту кехат. Амма и хIинца а билгалдерг ца хеташ, даго бакъ ца лоруш, цкъачунна дIатеттина дитира, тезет ца xIoттош. Делахь а, оцо ойла кхолайора, къаьсттина Селитин. Амма Нурседин даг чохь, цхьана а хIуманан а къарйан ницкъ боцуш, къайллах, кхин тайпа эшар йекара: хIинцца школе веана Расул, дешна бовларца йижарий декъал а бина, йуьстах йаьккхина, Нурседица шецца цхьа къамел а дина, дIавахара. Тахана, школа чекхйаккхаран кехаташ кара а кхаьчча, ша тIаьххьара дIайаьхьначу комсомольски собранехь Нурседас керлачу комсорге дIаделира комитетан гIуллакхаш. Цигара цхьаьна цIа йогIура ши йиша. Нурседина лиира, Яссе а хьожуш, хи йистехула йан. ЦIен бердах чу а йоьссина, хин кIажехь сецира и шиъ. Нурседас хи тIехула, «чIепалгаш» деш, сицкъарш шершадора: «цхьаъ… шиъ… пхиъ…» — дагардеш. Шен карарчу акказин гаьн тIера гIаш, цхьацца дохуш, хи чу а кхуьйсуш, чхар тIехь тийна Iapa Селита. Тамаше дара цу шиннан йист ца хуьлуш иштта Iер.

— Ас цхьа хаза хIума дийций хьуна, Селита!

— Дийцахьа, Нурседа.

— Ас Расулна хан йиллина! ШуьйтталгIачу июлехь цуьнга маре йоьду со.

Селитин карара га а, гIаш а хи чу ийгира: цу сохьта хиэ, цкъа йисте а хьовзийна, тIаккха, вовшех а даьхна, даржийна, дIададийра уьш. Йуьхь озайелира Селитин, цецйаьлла. Нурседа дохкойелира, цуьнга ша и хIинца хьахийна.

— Хьо ма цецйели, Селита? Хьуна ца хууш-х йацарий тхойшиннан йукъаметтиг?

— Дауд тIамехь а волуш, цунах хIун хуьлу ца хуучу кху муьрехь, йа сох а, йа цхьаннех дага а ца йолуш… и муха дало хьоьга, ва Нурседа!

— Дало — кх! И… сан сайн гIуллакх долу дела!

Селита кхин а цецйаьлла хьаьжира йишега:

— Хьажахьа! Иштта йу-кх хьо!.. Увайсан тезет а дIадерзаза… Цуьнан нахана хьалха а оьзда ма дац и!..

— Селита! Ас и дарх цхьанна а тIедан йа зулам а, йа эхь а дац! Массарна а санна, халахета суна тIом болуш а, Увайс вайна а, Дауд кхерамехь хилар а… Амма хIинца со сайна везачуьнга маре йахарх, царна хIун вон, йа со ца йахча — хIун дика хуьлу? Ткъа ас хIун дан деза… сайна и везаш хилча?

— Собар дан деза-кх… тIом дIабаллалц! Эхь ма ду: денна тезеташ лаьтташехь шен… синкъераман гIуллакх хьалхадаккхар…

— Синкъераман гIуллакх дац… и сан йахаран гIуллакх ду!.. Ас и кIелдитарх тIамна йала са а йац!..

— Суна-м… хьарамло хета и вайн тIамехь болчарна хьалха…

— Суна-м ца хета! — хьалагIаьттира Нурседа.

Кхин вовшашка йист ца хуьлуш, цигара йухайеара и шиъ. Нурседа библиотеке йахара. Селитас, чу а йеъна, йелха ийзош, нене дийцира, Нурбикас хIусамдега хаийтира. Тавсолта инзарвелира: «Муха, йоккхахйолчу йишел хьалхий!.. Воккхахволу ваша тIеман цIергахь а воллушехь!.. Алаза — хаттаза!» — корта хьийзабора цо. — ХIей, хезий хьуна!.. Хьо йу уьш дIахецнарг! — мохь хьаькхира Тавсолтас. — ДIахаийтал цуьнга: цу суьйличуьнга и гIахь, ас хьан а, цуьнан а кортош дохург хилар!

Расулан да, маццах ДегIастанара схьакхелхина, Iаьнди вара, ткъа нана кхузара нохчо йара. Уьш тIом а эккхале беллачул тIаьхьа, Iаьндара тIаьхьавеанчу девашас дIаийзошшехь, Расул кхузахь, ша кхиийначу ненахошца висира. Тавсолтина лаьара шен нуц ондда тайпа долчу нохчех хуьлийла. Тавсолта аравелира, Нурбикина дов а дина.

Чуеъна Нурседа ша а йаьккхина, Нурбикас шена майрачо дина дов дIадира йоIана:

— Хьай, гаур йаI! Йоккхачу йишел а хьалха!.. Хьайн вешех а хIун хуьлу а ца хуъушшехь… Эхь ца хетий хьуна, нажжаз! Жимма сатоха ца мега… ваша цIаверззалц!

— И-м цIахь долчу вайх а ца хаьа хIун хир ду! — къар ца лора йоI.

КIантах йоьIан дог даккха а гIоьртира Нурбика:

— И суьйли бен кхин ца каравора хьуна кху ломахь?

— Имам Шемал а хилла суьйли! — жоп делира йоIа, Тавсолтин цIа чохь кхозучу суьртехьа корта а ластош.

— Хьажал! Хьо адам делахьара… — Нурбикас, ша гуттар а ишттачохь хIинццалц эриг хIинца ца олуш, эццигахь шен дош хийцира. — Массарел жима хьо, массарел хьалха йала йийзи-кх!.. ШайтIанан ког!

— Дика ду, нана! Дика ду! — аьлла, и тейира йоIа, ша тIетайна моттуьйтуш, дагахь къайллах кхин а сацийна.

Тавсолтас, йоI ца Iахь а аьлла, шега балу

1 ... 20 21 22 23 24 25 26 27 28 ... 122
Перейти на страницу:
Тут вы можете бесплатно читать книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев.
Комментарии