Категории
Самые читаемые
PochitayKnigi » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 22 23 24 25 26 27 28 29 30 ... 122
Перейти на страницу:
бIаьргех, ладар санна, бIаьрхиш охьаоьхура: Iоьхуш, йалан ца лууш, ворта дIасахьийзайора цо шаьлтанна кIелхьара.

— Хьо хIун деш воллу, Тавсолта?

— Цхьанххьа а уьстагI ца карийна, xlapa авст, мукъа, йен воллу-кх…

Хьешаша маларца цхьаьна чомехь йиира къона газа. Далхьада мотт ца туьйхира.

Хьеший дIабахча, Тавсолта йуха а кхоьлина вара: иза реза вацара Нурбикина, — шега геланчо дIааьллашехь, цуьнга урс ца хьокхуьйтуш, газа цо кхоайарна… TIe, Нурседас динарг а ца долура даг чуьра…

Кхин цхьа кIира даьлча хезира: Расул, райцентрехь керла квартира а йелла, шен нускалца ваха хиъна аьлла.

* * *

Тавсолта волчохь доьзалехь цхьамма а Нурседин цIе ца йоккхура.

ЦIентIера гIуллакхаш a, гlap йайина, тийна дора Селитассий, Нурбикассий. «Дауд… Увайс… хIинца… Нурседа!» — шайх къаьстинарш йух-йуха дагахь багарбора Селитас. И хIинца кест-кеста йоьдура Анна Львовна йолчу: селхана хьехархо хиллачух гIайгIано тахана нийсархо йинера.

Анна Львовнас шайн школехь йуьхьанцарчу классийн хьехархочун балха а нисйира иза, тIе, партин историн «Краткий курс» Iамочу кружоке эхар тIе а диллира, рогI-рогIана Лев Толстойн, Тургеневн, Чеховн, Горькийн, кхечийн а книжканаш, йеша а лора, мукъа ца йита гIерташ. Селита чуйуьйлира книжкаш йешарна…

Денош дIаоьхура.

Кху гурахь шайн бешара дуьххьара гулбина стоьмаш, кIезиг белахь а, посылка а йина, фронте бахьийтира дешархоша, йуккъе Селитас йаздина кехат а диллина. Бутт а балале жоп деара, майоран Терентьевн, капитанан Албастовн цхьаьний даьккхина сурт а чохь. Амма Увайсах хаам хIинца а бацара: цунах лаьцна Кесире кхин цкъа а деара, иза «тIепаза вайначех ву» аьлла, кехат. Иза воцург а лерина, селхана тезет а дина, цIерачара хIоллам буьйгIира цунна йуьртан кешнашкахь.

Селитин даг чу ша биллира. Даудера а кехат ца догIура йуха а дукха хенахь дуьйна. Почтехь кехат дуйла хьажа арайелира иза.

Почте дIа а кхачале сельсоветан маьIIехь гулйелла пхьоьха гира, хил дехьарчу гарнизонехьа куьйгаш а туьйсуш, карзахе цхьаъ-м дуьйцуш. ТIейахара:

— Уьш хIунда гулло-те кхуза?..

— Сийсара-м уьш шозза а совбевлла…

— Дера, шек ма ву со, «и» бакъ дуй-те аьлла! — пхьоьхана йуккъера дIавахара цхьа воккха стаг…

— Цо бохург хIун дара? — хаьттира цхьамма цеце.

— Ца хезна хьуна? И доллу эскар вай дерриш а, нохчий а, гIалгIай а, шайн доьзалшца цхьаьна махкахдаха гулдо бохуш?..

— И-м бакъ хир дацара…

— Ткъа хIунда гулдо xlopш сел лерина?..

Селита, йагийча санна, сиха чуйахара: и тайпа хабарш наха цкъа долийнера масех бутт хьалха, и эскар дуьххьара кхуза ма-оьззинехь. Амма хIетахь райцентрехь, туп а тоьхна, Iачу церан полковника, нах гул а бина, хаийтира: эскар кхуза ломан арешкахь Iаморан дуьхьа гулдеш ду. Хабарш севцира.

TIe, кестта эскархоша йуьртахошца цхьаьна, хелха а буьйлуш, синкъерамаш бан болийчахь-м, и хабарш диц а делира. ХIетте а, кхано, цхьа хан йаьлча, эскархоша сихдина ломан некъаш а тадеш, мел оьшучохь тIеш тохкуш, зIенаш йалош, шайна гича, цхьаберш йуха а шекбевлира:

— Стенна тадо некъаш сел лерина? ХIунда йохку зIенаш?

— Хьанна оьшу кхузахь оццул тIеш?.. — адамийн даг чохь йуха карзахйевлира къаьхьа шеконаш.

Амма йуха а и тайпа «провокацин къамелаш» дийраш, ца кхоош, Iедало чубохка болийча, севцира и хабарш: тIехула тIе, шайх цхьа а ца тешшал тIех акха а, даго тIе ца оьцуш инзаре а дара уьш. Амма тахана йуха а уьш карзахдевлира.

Селитас, чу ма-кхеччи, ламаз тIера гIаьттинчу дега хаьттира:

— Дада, и хIун ду цу арахь наха дуьйцурш?

— ХIун дуьйцу? — мохехь кол санна, дусаделира Тавсолтин цIоцкъамаш. Нурбика пешана уллохь тебира.

— И доллу эскарш, вай, нохчий, гIалгIай, — дерриш а махкахдаха гулдина ду боху-кх!

— Муха? Дерришший? Со партизан ву, Революцин тIамехь дакъалаьцна. Сан кIант фронтехь ву!.. Ткъа ишттанаш кхин а шорта бу! Бахахь, махкахбоху берш бандиташший, дезертирашший хир бу-кх!

— Делахь-хIета, сийсара и эскар шозза а сов хIунда даьлла?.. — йелхар иккхира Селитин… Нурбикас «ошшада» дийшира. Тавсолта, йоIе цкъа дIа а хьаьжна, ойлане вахана, сиха аравелира. Сельсоветехьа вахара иза, нахе хатта а, гарнизон йолчухьа ша бIаьргтоха а. Цига дIа а кхачале, новкъахь, говрахь дуьхьалвогIу Сату кхийтира. Цуьнга шен безам бацахь а, Тавсолтас хьалха салам хаьттира, мелла а шел и воккха хиларна:

— Хьо ма вогIу, Сату?

— ГIалара вогIу-кх.

— ХIун ду гIалахь?

Сату, говрара охьа а ца вуссуш, кIон велакъежира:

— Тавсолта! Вайн вежарша гIалгIаша олуш хезний хьуна: котамо, мIараш а хьаькхна, кхеллий йуккъера ша схьадаьккхина урс, кхано хIусамдас шен логах хьокху долу. Изза ду, хьуна, хIинца вай динарг а.

— ХIун хилла? — Тавсолтас говран дирста схьалецира.

— И… ахьа a гlo деш… сел лерина, «мIараш хьоькхуш», вайгара дIагулдина и доллу герз, шаьш вай махкахдоху дела, вайх ларлуш, дIаэцна ду, хьуна!

— Хьуна мичара хаьа?! — Тавсолтин бIаьргашкара, куьркара санна, сийна суйнаш тесира.

— Дера, хаьа массара а и дуьйцу дела. Со хIинцца гIалитIехь базарахь волуш, тIе а хилла, соьга цхьана гIалагIазкхийчо а, мохь тоьхнна, ма элира: «ХIей, чечен, соьгара xlapa кетар оьций ахь? Йораха ло хьуна ас. Сибирехь оьшур йу хьуна!»… гонахарнаш а бийлабелпра… Муха хета, хьуна?.. ГIалахь — м и массара а дуьйцуш ду! Ткъа стенна тадеш ду моьтту хьуна сел сихдина и некъаш а, тIеш а?

— Сату! Схьайтахь говр! Ас доьху хьоь!

— ХIун дан воллу хьо?

— Эцца райцентре а иккхина, схьавогIур вара со… Сахьт далале ас йуха хьан кеттIа дIахIоттайо, хьуна, ма-йарра. — Сатус, кхин вист ца хуьлуш, тIера охьа а воьссина, говр дIайелира Тавсолте…

* * *

Тавсолтина цIеххьана дагадеанарг дара гарнизонан полковникал а лакхара волчу Церетелига хатта. Райцентрехь милицин начальникан Джабраилан хIусамехь Церетели сецна хилар хаьара цунна.

Джабраила хьасене тIеийцира Тавсолта:

— ХIоккхуза охьахаий, жимма собарде, иза луьйчуш воллу эцца чохь, — олуш, Джабраила, велакъежна, корта ластийра аьрру агIорчу цIенгахьа. Тавсолтина йуххехилийра тIе цIен бархат а лаьцна долу кIеда гIант. Тавсолта охьахиира.

Цхьана минотна аьлла, Джабраил араваьллачохь мелла а хьевелча, Iе а ца велла, Тавсолта жимачу корехула чухьаьжира Церетели луьйчуш волчу цIа чу: шурула кIайчу йоккхачу ной чохь хиъна Церетели а волуш, цунна тIе чамешца хиш а дуьттуш, букъах цхьа горгам а хьоькхуш, иза, хи йистехь цхьа дика айгIар санна, леррина лийчош воллура, гIодайуккъелц верзина ваьлла, къона ши салти: гай йоккха хиларна Церетели ша охьа-хьала ца таIалора. Тавсолта шен дагахь: «Тхан санна дац гIуллакх-м» аьлла, шен метте йуха охьахиира. Кехатна йуккъе хьарчийна шишанаш а дахьаш, Джабраил чувеара. Лийчина ваьлла Церетели, лепа йуьхь а йина, дайчу боларца, верриг а векхавелла, схьа чу велира, шен доккха гай хьалхадаьккхина. Цунна цу сохьта вевзира Тавсолта:

— О-о, марша вогIийла, воккха стаг! — элира цо, куьг а кховдош.

Тавсолтас, гIантара гIаьттина, ийза ца луш, нийсаре санна, куьг делира Церетелига.

«Шена хаахьарий-м и мел воккха хьаьким ву, тIаккха-м сов лерина хир

1 ... 22 23 24 25 26 27 28 29 30 ... 122
Перейти на страницу:
Тут вы можете бесплатно читать книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев.
Комментарии