Категории
Самые читаемые
PochitayKnigi » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 32 33 34 35 36 37 38 39 40 ... 122
Перейти на страницу:
боьлху?

— Нохчий, гIалгIай бу… Шайн махках а баьхна, Iедало кхечу махка кхалхош бу берриш а. Мича буьгу — ца хаьа хIинца а, амма, хазарехь, Казахстане буьгучух тера ду.

— Массо а?

— Массо а! Къаной а, зударий а, бераш а…

— ХIунда? Мича бахьаненна?! — цецвелира иза.

— Советан махкана хIокху тIамехь хьанала ца хилла аьлла, бехке бина.

— Ткъа хьо?.. Хьо хIун деш лаьтта кхузахь? — ца кхеташ, хаьттира цо, Кериман некха хьалха а хьаьжна.

— Со а… цаьрца ву-кх! Кху вагона тIера… Со нохчо ву!..

Пассажирски цIерпошт тохайелира.

— Ма инзаре хIума ду xIapa!.. — аьлла, шен вагона тIе вахара воккхастаг.

Пассажирски къайлайаьллачул тIаьхьа КеримгIеран эшелон а кестта меттахйелира…

Керим хьалавелира шен вагона тIе. Йуха а ойлане вахара: «Дешарна тIаьхьависинчу Тавсолтин ойланехь-м xIapa а ма ву… Бакъ ву-те Тавсолта?»… Керимна шен дагахь лаъане ца лаьара дукха хан йоццуш, фронтехь, ша саннарчу эзарнашца цхьаьна, шайн синош а ца кхоош, шаьш лардина долу, берахь дуьйна шайн дагах доьлла долу Советан Iедал а, цунах дIакъасто йиш йоцу Сталин а бехке ван.

«Делахь-хIета… бехк церан бацахь — хьенан бу?» — йух-йуха ойланехь хоьттура цо ша-шега: кху инзаречу харцонна бехке верг цIе йаккха шен дагахь а ца каравора цунна цхьа а. Жоп доцчу оцу хеттаршна базбеллера корта. «Баккъал а бакъ ву-те и?» — Тавсолтехьа дIахьаьжира Керим. Тавсолта хиъна Iapa. Жоп доцу хаттар, Кериман дагах йух-йуха а йу Iуьттуш, карзахдуьйлура. Амма оцу хаттаро синтем байинарш кхин а дукха бара — и дерриге, шайна а гуш хилла даьллашехь а, адамийн даго хIинца а тIе ца оьцура, Советан Iедало дийнна халкъ, доллу къам, берашца цхьаьний, махках даьккхина бохург. Советан Iедалан амалца йа тарлуш а, йа догIуш а ца хетара иза. Цундела хIетахь наха долийра: йамартлонца Iедалан буьххье а бевлла, цуьнан цIарах вайн мостагIаша лелош хIума ду xIapa, йа Сталинна а, йа Iедална а ма-дарра хууш а доцуш. «Кестта дерриге а ма-дарра гучу а даьлла, и мостагIий Iopa а баьхна, вай йуха цIа дерзор ду», бохург йукъадаьллера. Цул тIаьхьа цIерпошт миччахьа а цхьана станцехь хьеелча, вовшашка кхаьънаш дохура наха:

— «ХIинца Сталинна а, Iедална а дIахиъна, бах, кхузара дуьйна вайн цIерпошташ Кавказехьа йухайерзайо боху. Вай йуха цIа доьлху»…

Амма… цIерпошташ хьалхахьа дIаоьхура!.. ДIаоьхура пана арахула, цхьанаэшшарехь чкъургийн тата а деш, шайн чкъургийн татанца и хабарш эрна хилар гойтуш. Оцу хабарша дог а этIадора Кериман, амма, цунна йуххехула, оццу хабарша кхин цхьа доккха бакъдерг а схьаухьура цунна: цара гойтура адамийн дегнашкара Советски Iедалх болу тешам, оццул боккха тешнабехк шайна бича а, дIабовш цахилар! Советан адамаш тешара Советан Iедалх — церан тешам байнарг Сталинан Iедал дара. Царна и хаа а ца хууш, цара буьйцу, йамартлонца Советан Iедалан буьххье а бевлла, цуьнан цIарах, халкъана и тешнабехк бинарш а бара и Сталинний, цуьнан гIоьнчий МолотовгIаррий. Амма уьш Iорабахаза бара…

ЦIерпошташ дIаоьхура йист йоцчу пана арахула, мича оьху ца хууш, цхьана эшшарехь чкъургаша шайн тата а деш…

* * *

КеримгIеран эшелон йуха а сецира цхьана станцехь. Вагонан неIарш схьайоьллушехь, цIеххьана къегина малх чухьаьжира, чутуьйхира, мераIуьргаш а йагош, бIаьстенан xIyo: март-беттан хьалхарчех де дара. Аренашкахь Iуьллу ло кIадделла догIура, схьагарехь цIерпошт къилбехьа оьхура амма хIинца а и аре ма-йу, малхехь суйнаш а туьйсуш, ло дашаза лаьттара, генна дIа шен кIайн шаршуш а йаржийна. Керим цецвоккхуш, схьахезира цIеххьана гена йоццуш йетта, нохчийн жиргIа а, лоькху нохчийн кехат пондар а, нохчийн синкъераман маьхьарий а.

Цкъа Керим ша волччохь, ладугIуш, вогIавелира: «Баккъал а кхочушхили — те наха бохург?.. Духадерзош ду-те тхо?» — дагатесира цунна. ДIахьаьжира: дIо платформин майданахь, го бина, адамаш лаьттара. ТIевахана, хаьттича, кхузахь, КеримагIеран эшелонал а хьалха схьакхаьчна кхин шиъ, нохчех йоьттина, эшелон хиллера лаьтташ, цхьана бахьаница кхузахь хьеелла. Царна тIера кегийрхой хиллера уьш, цхьанхьара-м кехат-пондар а, жиргIа а карийна, сихйинна цаьрга болх а бойтуш, го а бина, хелхарш деш.

Керима тамаш бора: «Къоналла къарлур йац!»… — элира цо шен дагахь.

Цу сохьта цхьа нохчо — къона стаг — галпешца, эткаш йуьйхина, коьртахь чола куй а болуш, цхьаъ-м дагадеанчух, цIеххьашха йуххерчу вагонан лами тIе кхоссавелира. Мохь туьйхира:

— ХIей! Нохчий! Ненах сте йойла таханлерчу дийнахь ша корта оллийна гойтун волчо!

Йуха охьакхоссавелла, гонна йуккъе иккхина, хелхар долийра цо. Мехкаршна йуккъера меллаша схьакъаьстира, коьртахь цIен йовлакх а долуш, куьцехь цхьа йоI. Шен хаза пхьаьрсаш, лечанан тIемаш санна, шуьйрра даржийна, йайн шершина, кIантана дуьхьал йахара иза.

Дуьнен чохь цхьа а бала боцуш санна, цу шимма шайн хелхар дора, вовшашка бIаьцаш а йеш, вовшашна дела а къежаш.

— ХIорс-тох!

— Тох-хIорс! — бохуш, гонахарчу кегийрхоша иракарахIиттабора уьш.

Керим хьоьжура, меттах ца хьовш, бIаьрг тIера ца боккхуш. ТIеххьа лерехь цхьаъ-м вистхилира:

— ХIан-хIа! Довр дац нохчийн къам!.. Довр дац вай нехан доьналла!

Вухахьаьжча, Тавсолта вара лаьтташ, резахилла, шен можах ка а хьоькхуш.

— Хьо хIунда ца волу хелха? — гай тIе муьшка йира цо Керимна. — ЭхI-йаI-кх!.. Со велара-кха цхьа иттех шо къона! — тIетуьйхира Тавсолтас.

И хезна, галпеш йуьйхина жима стаг, шен хелхар чекх а даьккхина, тIевеара цунна:

— Ваши! Йукъавалахь!.. Айдехьа къоначийн дог!.. — хьасене дийхира цо.

Шен гIовталх, и нисйеш, куьг а хьаькхна, Тавсолта, дегI айдина, дайдинчу боларца йукъавелира:

— Же-йама, кIентий! — аьлла, тIараш туьйхира къоначо.

Хиъна мел верг а массо ирахIоьттира, сихдинна тIараш а детташ. Тохарлера, цIен йовлакх коьртахь долу, йоI тохара санна, шен хаза пхьаьрсаш шуьйрра даржош, дуьхьал йеара Тавсолтина.

— Же-йама, кIентий! — тохавелира Тавсолта хелхаргахь.

ТIееъна Селитий, Кесирий лаьттара йух-йуххехь, цецйаьлла, хьоьжуш. Хелхар чекх а даьккхина, Тавсолта, йоIана «баркалла» олуш корта а таIийна, шен метте, Керимана улло дIахIоьттира. РогI-роггIана шишша цхьана йукъадоккхуш, хелхаран бал дIакхоьхьура галпеш йуьйхина волчу кIанта…

Кегийрхоша кест-кеста мохь тухура:

— Тархан!.. Хазбика йаккха! — олий. Массарна а хазахетара цIен йовлакх коьртахь долу йоI. Тархан ша велира хIинца Хазбикица.

Вота йеттара, кехат-пондар бекара…

Эххар а, циггахь, дагахь доццург а хилира: Тархана Хазбикица, йуьстаха хилла, цкъа къамел а дина, нах бахийтира и йоьхуш, Тавсолта а коьртехь. Цу шимма бартбира, шаьш дIа ма-кхаьччи, цхьа доьзал беш, вовшахкхета. И хезна кегийрхойн синкъераме гIyгl делира.

— Же-йама, кIентий! ДIахьор вай xlapa бал!.. — мохь туьйхира Тархана.

Ши автоматчик тIевеара цунна.

— Валол тхоьца!

— Мича?

— Вагон-карцер чу!

— ХIунда?

— Низам лар ца дарна!

Иза цара дIавигира. Вуха а вирзина, Тархана мохь туьйхира, йоIана а хазийта:

— Суна са ма гатделаш: со вухавогIур ву, шуна!..

— И кIант вуй, и вуьззина къонах ву-кх, хьуна! — элира Тавсолтас Кериме…

— И санна берш мел бу духур дац-кх, хьуна, вайн къам!..

Цу хенахь оццу станце схьакхаьчна, паргIатчу платформе дIахIоьттира кхин

1 ... 32 33 34 35 36 37 38 39 40 ... 122
Перейти на страницу:
Тут вы можете бесплатно читать книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев.
Комментарии