Категории
Самые читаемые
PochitayKnigi » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 36 37 38 39 40 41 42 43 44 ... 122
Перейти на страницу:
дуьнен чохь уггар а шен гергарчех уггар а къаьхьа кхаъ шена беана кехаташ.

— Делха эшац!.. — йуха а элира цо, къонахаллин озаца. Делахь а, шенаш а йуха дагадаьхкина, цуьнан дуткъа-шерачу лога тIера горга корта ойлане разбахара, мохехь зезаг санна, жимма разховшийна долу Iаьржа бIаьргаш, чу марха хIуьттуш, севцира цхьана метте хьаьвссинчохь. Йелхаран чIикъ ца бахь а, цуьнан беснеш тIехула, ладар санна, меллаша охьадуьйладелира бIаьрхиш.

Къахеташ, эхь хеташ хьоьжура цуьнга, хIинца paгI шега кхаьчна Селита, муьлхачу дешнашца и муха хьостур йара ца хууш. Дош ца олуш, къевлина и марайоьллира цо: цу сохьта гергара а, шел тоьлаш а хийтира и цунна.

Селита кхийтира шена Джейрана йеллачу уроках, кху дуьнен чохь шегарчу балех наха бан тамаш боцийла хиира цунна. Массарна а кхаьчна шен-шен дакъа. ХIинца массарна а диснарг — вовшийн дог эцар ду. Шен коьртачу Iаьржачу йовлакхан маьIигца бIаьргаш а дакъийна, Джейрана дийцира шех лаьцна а. Хьалха, ша марехь йолуш, доьзалца иза Семипалатинскехь йаьхнера, шен марзойн махкахь. Майрий, кхо кIанттий тIамехь вийначул тIаьхьа иза стохка схьакхелхинера кхуза, шен гергарчарна тIе, цаьрца гIоле хеташ, цигахь ша ца Iархьама. Шакен-агIа кхуьнан ден ваша вара.

— Суо йисина… Делахь а, гергарнаш а, нах а дика бу, — чекхдаьккхира цо шен дийцар.

Тавсолта уьйтIахь лаьттара, лохачу дувалан шина маьIига тIехула, кевнан метта биллинчу гIуркха тIе а тевжина, кхаьргахьа букъ а берзийна. Шена хьалха генна дIахьоьжура иза. БIаьрг кхоче мел йу шуьйра дIасайаьржинера гарманан аре. Селита йолчуьра йуха шайн чуйоьдучу Джейрана, ша Тавсолтега нисйелча, гIиллакхна хаьттира:

— Муха хета хьуна тхан мохк, акхсакхал?6

— Вон бац… Хаза бу… дIа мел хьаьжа а, шера аренаш йу… делахь а… лаьмнаш дац кхузахь…

— ХIан-хIа! Лаьмнаш а ду… Хьуьлла, генахь… Тянь- Шань го…

Леррина хьаьжча, халла къасталора дуьненан йисттехь, марханийн IиндагIех тера, цхьа лекха гIаларташ.

— ДIора Iам «Казах-июль» бу… Цул тIехьа, генна дIавахча, йу Семипалатинск.

Малхехь таьIно лепаш, цхьа йехий аьлханаш санна, Iоман шина а йистера дIасайоьлхура кхин а хин асанаш.

— Иза Асса-хи ду… цу Iомах чекхдолу и. Цигахь йу тхан колхозан мазлагIанаш а… Тхан колхозан арыкаш а цигара даладо.

— Тхан цIахь а дара оцунах тера цIе йолуш хи! — элира Тавсолтас, малхбузехьа а хьоьжуш.

— Са ма гатде, акхсакхал… Кхузахь кхин а ду, шу санна схьадалийна, къаьмнаш: немцой… кхарачой… гIалмакхой… Немцоша тIом муха болийна а хаац суна-м: кхузарнаш-м сов эсала бу… тIе, кхарачойшна тхан мотт а хаьа шера… Уьш-м гуттар эсала бу… Шу кIеззиг аьрхо дуьйцу… Делахь а… Шу а дIанислур ду. Тхан колхоз йоккха йу. Тхан долахь йу и схьа мел гун аренаш! Даьхни, йалта, свеклаш — дерриг леладо!

— Бошмаш йуй шун?

— Йу… хьуьлла хин тогIехь… со ма йу бошмийн бригадехь… хидиллархо… мирабан гIоьнча… шортта Iежаш, хьорматаш, гIаммагIанаш… кемсаш а хуьлу йаккхий хорханашца.

— Со а ву бешлелорхо, — элира Тавсолтас.

— Ма дика ду и! Тхуна оьшу, хьуна, бешлелорхо! Ас кханнехь бригадире эр ду! — чуйахара Джейран.

Цуьнан шера когаш а, болар а, йоьIан санна, дайн дара. Шена хьалхахула доьдучу арыкан гIовгIане ладоьгIуш, ойлане лаьттара Тавсолта. Шена тIехьа йуха а Джейранан аз хезира:

— Акхсакхал, дуьло тхоьга…

Тавсолтега а, Селитега а чай мала чукхойкхура лулахоша. ЦIенкъа тесначу истанга тIехь йаржийнера клеенка. Цу тIехь самовар гора, самукъане гIap йеш, шена йуххехь, аттана уллохь эса санна, жима чайник а лаьтташ. Куьйга дохийна дуткъий хьокхамаш Iохкура хьалха. Цхьана бошхепахь гора кхерзина можачу хьаьжкIан буьртигаш: шекаран метта чай молуш багатосура уьш.

— ТIом дIабаьлчхьана, дахар а толур ду! — элира Джейрана, шун къен хиларна хьешашна хьалха бехказа йолуш.

Чохь цхьана пенаца лаьттара боккха аьчга-маьнга. Цу тIехь, сал йеш, хьаладоьттинера дерриг мотт-гIайбеш: къорза йургIанаш, гоьнаш, назбарш. Пенах цхьа куьзга кхозура. Чохь кхин мебель йацара. Сонехь цхьаъ вукхунна тIехь, бес-бесара аьчгаш летийна, къорза тIорказаш лаьттара жим-жиманиг тIехула а долуш. Царна буьххьехь йара, тIе киса а тесна, схьагарехь, дукха хенахь дуьйна хьайанза патефон. Цунна а тIехула пенах кхозура къоначу, хазачу лейтенантан сурт.

— Ахат. Сан кIант! ТIамехь ву, — элира Шакен-агIас цуьнгахьа дIахьаьжначу Тавсолтега.

Джейрана, талмажалла а деш, тадира:

— Зенитчик ву!

— Сайниг… вийна, — элира Тавсолтас.

— Вай-б-ой! — инзарвелира Шакен-агIа. Хьокхаман коржамаш хьешана хьалхахилийра цо. ХIинццалц цкъа а деца хIума йаа охьахиъна йоцу Селита, хIинца ша цуьнца хиъна Iаш, къийлалора. Кестта балхара чукхечира, йуьхьа тIехь буьрсо хета, свеклашлелорхо йолу Шакен-агIан йоккхаха йоI — Айгерим а, детъяслехь няня йолу, даима йекхна, йелакъажа кийча Кульджан а.

Цара оьзда маршаллаш хаьттира, цец а ца бовлуш: царна хезнера шайга биссийначу хьешийн хьокъехь… Ший а, маре ца йоьдуш, цIахь Iаш йара и шиъ, шайн да Iалашвеш, тIамера Ахат цIаваллалц. Нана тIом а болабалале кхелхинера. Шинне а оьрсийн мотт хаьара шера.

Айгерим шен дена улло хиира, цунна чай а дуттуш. Кульджан, шен кегий цIен доьлаш гучудохуш, дог цIена йелакъежна, Селитина йуххе охьалахйелира. Джейрана, йист ца хуьлуш, чай дуттура кхеран, сих-сиха дассалучу пиалаш чу. Селитас тидам бора: уьш цкъа а берттех ца дузура цо. Басар алсамо а тухуш, йуккъе кхоччуш цIийдина хи а дуттий, тIе кIеззиг шура а тухий, сих-сиха хьешана хьалха шаршабора пиала. Селитина эхь хетара дена хьалха иштта дукха чай мийла. ШозлагIниг меллачул тIаьхьа йухахилира иза. Амма Кульджана, йела а къежна:

— И хир дац! — аьлла, пхьарс а лаьцна, йуха тIеозийра хьаша. «Цкъа, мукъна, и буьззина доттахьара ахь», — дагатесира Селитина: иза иштта сих-сиха шел ца далийта дуттийла ца хаьара цунна.

— Даьхни дуй шун? — хаьттира Тавсолтас.

— Масех уьстагI а, ши йетт а бара… Ткъа тIом иккхичхьана, жим-жимма дIадоьхкина оха уьстагIий а, цхьа йетт а, кхин цхьацца совнаха партал а… ХIинца цхьа йетт бисина… И бохка йиш йац.

«Шайн махкахь болу xlopш а кху хьолехь хилча, тхуна ма хин дай кхузахь!» — дагатесира Тавсолтина. Делахь а, шаьшшиъ цаьргара чудеъча, Тавсолтас дог тешшош элира Селите:

— ЙоI, шек ма йаьллахь! Довр дац вай кхузахь! Дика долчух тера ду кхузара адамаш!

Учарчу гIанта охьалахвелира и малхе жимма дегI дохдайта. ДIахьаьжча мел гун и йист йоцу аре хIинца йерриг лепара малхехь. БIаьстенан дуьххьарлера денош кхузахь, Эскинойхьчух тера доцуш, малх дегIах булуш, хIинцале а дикка довха дара. Кхузара xIyo а аьхна хийтира Тавсолтина. Ойла йеш Iapa иза.

— ЙоI, — хаьттира цо, корта хьала а ца ойуш, — цIе хIун йу кху мехкан?

— Казахстан йу-кх!

— ХIан-хIа!.. и-м хаьий суна… и ца бах ас… И кху казахийн шайн мехкан цIе йу… Цхьа кхин цIе йоккху а хезнера-кх суна…

Селита ца кхетара.

— Ткъа кхузарчу берриге а махках хIун олу?.. Масала, вайн мохк — Кавказ бу.

— А-а, — кхийтира Селита: —

1 ... 36 37 38 39 40 41 42 43 44 ... 122
Перейти на страницу:
Тут вы можете бесплатно читать книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев.
Комментарии