Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Гродековона чувуллучохь некъаца лаьттачу, жимачу хьерана тIехилира, хи мала дагахь. Цунна тIехьа, уьшал чуьра цхьаьне бертахь хи муьйлуш кхокхий а, ши тиша бер а, кхо жIаьла а гира гергавахана хьаьжча. Кериман тидам хилира: уьшалахь дуккха а дуьйраш йара хьера чуьра хица схьайеъна. Шина берах цхьаъ Каташах тера хийтира. Болар сихдира Керима больницехьа. Дехьарчу некъан йистехула хьош кхин шиъ барма гира. Кхин а сихдира Керима больницехьа болар. Больницан учахь хьасене йелакъежна, дуьхьалйеара ши цIоцкъам шина басехь долу медсестра Юля:
— Дагар дац. Наб а дика йо. ГIоле хилла. Ловза а ваьлла.
— Баркалла. Гайтахьа.
— ХIинцц!.. — Каташ а валош схьайеара Юля.
Каташ маракхийтира дена.
Керима шиъ печени кховдийра: кхин йала хIума йацара. Каташа стоьл тIе охьайехкира уьш.
— Йуург хIинца а ледаро йоу. Делахь а, хала а, атта а кхача-м йойту оха.
— Воьлхий?
— ХIан-хIа: лоьро денна а гойту кхунна шен «пхьагал».
— Папа, хьуна хаьий тхан лоьрана санна, ши лерг ирахдахийта?
— Ца хаьа. И цунний бен цхьанна а ца хаьа, сан кIант… Мичахь ву лор?
— Кха тIехь воллу!.. Вало хIинца! — Юляс йуха палати чу вигира Каташ.
Керим больницан керта тIехьарчу кха тIе вахара. Лор тIетаьIIина латта самсадоккхуш воллура. Йуьхьа тIехь кIеззиг азвеллера. Керима маршалла а хаьттина, бел схьаозийра цуьнгара:
— Бехк ма биллалахь, жимма соьга а ахкийтахьа, лор.
— Баркалла. И-м мегар ду. Ас садоIур ду кIеззиг, — гуьйриг тIе охьахиира.
Лаьттах бел а Iуьттуш, Керима дийцира лоьре шена тахана схьавогIуш мел дайнарг: Ниязбих лаьцна а, мацалла велла кхо стаг барамахь кешнашка вахьар а, уьшал чуьра цхьаний бертахь хи муьйлуш кхокхий, бераш, жIаьлеш гар а.
— Иза… йуьхьиг йу. Тахана кешнашка кхехьа а кхуьу… TIe хиндерг кхин а доккха ду.
— Къахета-кх царех…
— Суна-м дукхаха къахета, хьуна, оцу кхокхех, берех, жIаьлех. Адамийн-м шайн бехк бара.
— Вайшиннан-м ма бац.
— Вайшиннан а бу, кIорге хьаьжча: уггаре хьалха, вовшех цатешар, барт цахилар. ТIаккха — лакхарчех кхерар. И ши хIума адамашца дацахьара, массо оьздачара цхьа барт а бина, и зуламе болу лакхарнаш эшийна хир бара.
Керим цецвелира немцочо и аларах, и шега ала и вахьарх а, ша мила ву шена ца хуъушшехь.
— Суна нийса ца хета ахь бохург: цхьадерг вайн стешхаллица а доцуш, вай атта тешарца а, хьекъал цатоарца а ду.
— ХIан-хIа! Бакълец хьо, нохчо. Шен йина а ца Iаш, массеран а ойла йеш стаг хилча, мел жима хьекъал а лакхадолу. Ткъа хьекъалдоцу стаг хьакъ а вац ирсе хила.
Керим йуха а цецвелира цуьнан хьесапан шатайпаллех.
— Дика ду, делахь, оцу хьесапе диллича, бераш а ирсе хила хьакъ ма дац?
— ЭхIей! Делара вай хIетте а церан хьекъалехь! Мел доккхачу а Бисмаркан хьекъалал а тоьлу, нана гича, делакъежначу беран жима хьекъал: ас дуьйцург син хьекъал ду. Хаарш дац… Хаарш-м, ахча санна, гулдича, хуьлуш хIума йара… Гой хьуна, ас хIинца сайн доллУ хьекъал а, доллу хаарш а, ца кхоош, дIалур дара, жимачохь айса Волги йистехь дIакхехьначу денойх, хIетахь сайн коьртехь хиллачу ойланех…
— Хьо Волгин йистехь кхиъна? — къамелан апари хийцира Керима.
Эзаус дийцира шен къоналлех а, йуха, лоьрийн институт чекх а йаьккхина, ша сихха кандидат а, доктор а хиларх.
— Амма суна институтехь профессоран меттиг кховдийнчу муьрехь Волгин йистошкара немцой махкахбехира, хIинца шу санна. Сан ирс дуьйхира. Массо а, сайн мел хилларг, мацалла а велла, хIинца суо Iаш ву… Схьайа сан бел… Баркалла… — хьалагIаьттира лор.
Эзаун Iодика а йина, Керим йуха Жал-тюбехьа новкъа велира… Шайн чукхаьчча, неI йиллина карийра, кехат Iуьллура стоьла тIехь: «СелитагIаьрга йахана. ХIинцца йухайогIур йу. Кесира». ЦIенкъахь божарийн мачийн ларш гира. ДIасахьаьжира: шекар, даьттий чохь долу банканаш а, тIаьххьара йисна Iаьржачу баьпкан ах а, ахьаран тIоьрмиг а баьхьнера.
Кесира чуйелира:
— A-а!.. Дийцал: муха ву вайн Каташ?
Керима дийцира.
— Со Селита йолчу йаханера. Жимма цаьргахь хIума а кхаьллина йогIу… Хьо меца хир ву…
Йуха цIеххьашха:
— Xlapa хIун ларш йу? — цIенкъах бIаьрг кхийтира цуьнан.
— ХIумма а дацара и-м. Доьхна хир дац вай… Цхьа орца кхочур ду вайна, — элира Керима, и кхета а йина.
— Дика ду Каташ больницехь волуш!.. Кхана базарде ду. Вайна ца оьшу хIуманаш йохка Джамбул-гIала гlyp йу со, ахь бакъо йаккхахь… Сохьтехь дIакхочу бах…
— Мегар ду… Хьо цига йахханчуьра, лоьраш тIе а гIолахь: хьан йовхаршна реза вац со…
Вукху Iуьйранна, лоьрера направлени а, комендантера бакъо а карахь Кесира Джамбул-гIала йахара гIаш, базарахь йохка шен Iай йуху кофта а, Кериман Iай лелон эткаш а, кхин цхьацца кега-мерса хIума а эцна.
Малх дIабуззуш йухакхечира Кесира.
ГIалахь эцна хIуманаш Керимна хьалха стоьла тIе а йохкуш, Кесирас каде, хIумма а ша гIел а ца йелча санна, дуьйцура:
— Вай деха хIинца: шина банки чохь даьтта, джем. XIapa йакъийна паста… туьркаш — кхо килограмм. XIapa Iаьржа бепиг — пхи «кибарчиг»… XIop а ах кийла узу. Кхарах кибарчигаш олу, хIорш баккъал а шайн кепаца кибарчигех тера хиларна. Ткъа туьканахь бепиг духкург мила йара хаьий хьуна? Махнон йоI йу бахара-кх! Тера-м яра: шуьйра бат а, йуькъа кхесс а, йаккхийра кIайн цергаш а йолуш… Ткъа хьан эткаш соьгара хьан ийцирий?.. Чубаран кIант ву ша бохура… Базарахь белшах тесначу жимачу боьчки чуьра мала шийла хи духкуш леларг мила вара? Нальчикера — гIебарто! Цо дуьйцура ша правительственни санаторехь хехо волчу хенахь, цига садаIа Сталин веъна волуш, цо ной чохь ца хууш ког багабар, хи тIех довха а хилла. Берияс цу дийнахь цигахь балхахь мел хилларг, лаца а лаьцна, вийнера: цара массара а дарий динера. Ткъа со, итт шо хан а тоьхна витира, цу дийнахь цомгуш сайн цIахь Iуьллуш а хилла, балхахь хилла цахиларна. Ткъа сан пехашка ладоьгIна лор мила йара?.. Ягода!.. ХIаъанний — «оцуьнан» йиша. Сан даге ладоьгIна къена лор? Антаки — ах грек, ах турок. Мел дика стаг вара хаьий хьуна, шурула кIайн цIена куьйгаш а долуш!.. Со шайн чохь йуза а йира… Мах боцуш, шен чоьтах молханаш а делира. I9I3-чу шарахь, ГIизларехь ша болх беш волуш, хIеттахь вийначу вайн гIараваьллачу обарган Зелимханан дакъа теллинарг ву ша бохура… Цхьанхьа — Троцкийн хилла секретарь… Вукхузхьа — Косиоран ваша… Цигахь воцуш стаг вацара. Массо а уьш спецпереселенцийн хьолехь а бара… И гIала йаьккхина-кх, хьуна, лецна хиллачу а, маьрша доцчу а адамех… Суна хетарехь, вайн Политбюрон членаш боцурш, Советан махкахь цхьа а вац-кх, хьуна, маьрша, кхерамехь воцуш…
Керим велакъежира:
— Делахь а… Политбюрон членаш а-м бу, хьуна… кест-кеста хийцалуш.
Кесира