Категории
Самые читаемые
PochitayKnigi » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 44 45 46 47 48 49 50 51 52 ... 122
Перейти на страницу:
шен мера кIелхьара вайн цхьаъ бен йоцу говр йигийтинийца кху йовсаро… Доннер веттер!

Керим ша лаьттачохь вогIавелира: «Говр!.. Кхин ма хир йац и кху больницина»…

— Со йовсар дац!.. Со Изидор Карлович Штольц ву!.. — дуьхьало йора, къаьркъанан хьожа а йетталуш, лесташ лаьттачу Штольца.

— ТIехула тIе, — тIетуьйхира цо, — со хьан хехо а вац! Со — ворданча ву! Говрах жоп лург а со вац, завхоз ву! — Керимехьа корта ластийра Штольца.

ЦIеххьашха дегIах зуз деара Керимна: «Массо хIума а хIинца нохчашна тIедохуьйтучу кху муьрехь там бара…» — ойла чекх а ца йоккхуш, иза Эзаун йуьхь тIе хьаьжира: цуьнан йуьхь тIехь шех шеко ца хаайелира. «Делахь а, ма дика дар-кха и схьакарийча», — бохург дагатесна, Эзауга вистхилира Керим:

— Ахь пурба лахь, кхидерг буха а дитина, сихха, хIинццехь и лаха гlyp вара со йуьртахула… Хьанна хаьа… Хан а дукха ца йаьлла.

— Дика ду, гlo, — шен буьйсийнчу цIечу мерах йовлакх хьаькхира Эзаус.

***

Керим, цу-сохьта больницера араваьлла, ураман аьтту aгlopхьа вахара, хьалха, вухавогIуш, дехьахула схьаван дагахь. Кху йуьртахь болу нохчий дукхахберш цу aгlop Iаш бара цхьацца лаппагIанаш чохь. «Хьанна хаьа… царах цхьамма, мацалло са кхачийча, йигна хила а тарло», — бохург дагахь дара Керимна. — Урс хьакхале тIе мукъна а кхачахьара»…

Ша чу вах-вахана керт блокнота тIехь билгалйора Керима. Дукха хьолахь неIарш йиллина хуьлура. Цхьанхьа а ца хаалора говран лар а. ХIинца xIapa тIеваханчу цIенойн неI тIечIаьгIна йара. Схьа а йиллина, чувахара. Нара тIехь шиъ дакъа дара. Бецаш йиъна, сийна балдаш а, дистина хьаладахна геш а долуш. КхоалгIаниг лаьттахь эрзан черта тIехь Iуьллура. Кхин цхьа а чохь йа схьагуш а, йа схьахезаш а вацара.

— Чохь мила ву? — хаьттира Керима, цхьа а вуй-техьа, шена ца гуш а, кху даьссачу чохь, бохург дагатесна.

— Бехк ма биллалахь, со хьала ца гIаттало, хьуна… — Черта тIехь Iуьллург, охьахаа гIоьртира, амма ницкъ ца кхаьчна, йуха а охьавахара. — Хьуна охьахаа хIума а йац… кху чохь, — элира цо гIийлачу озаца.

Амма цо хIумма а ца доьхура шена чувеанчуьнга.

— Iодика йойла! Дала маршалла дойла! — аьлла, цу чуьра а сиха аравелира Керим, ша-шега корта а лестош. Йуххерчу цIенош чу вахара. Кхарачайн доьзал хиллера. Цхьана кедара дечиг чаданашца чорпа санна цхьа хIума йууш доллура, пхиппа шо хир долуш, ши беррий, церан наний.

— Да мичахь ву? — хаьттира, уьш ца кхийтира, йуха хаьттира и оьрсийн маттахь.

— Белла… KIиpa хьалха, — охьахьаьжира зуда. Жимачу кIанта чада хьалакховдийра Кериме: «Охьахаа, йаа!» — бохучу маьIанехь.

Церан кеда чу хьоьжура Керим: йаккхий кIайн даьIахкашший, цхьацца даьттанан тIадамашший хаалора кедахь. Пешана йуххехь Iохкура кхин а царех тера йаккхий даьIахкаш а, йохоза, йолоза йолу цхьа йоккха виран коьртан кIайн туьта а. Керим кхийтира: говр йацара и.

Кхин шина кертахула а чекхвелира — цхьанххьа а говран лар а ца хаалора. Эххар а, цу aгIop долчу тIаьххьарчу цIеношна тIе кхечира. Массо а корашна, уьш дика дIадукъуш, дуьхьал цхьацца хIуманаш оьхкинера чоьхьара. Тиша ков а, ринжа а тIечIагIдина дара. Царна хьалхахула, ураман некъаца говран лараш а гора, амма уьш цу кертахьа ца йоьрзура… Ков кхин цкъа а дIатеттира Керима — дIа ца деллалора. Нуьцкъала схьадиллира тиша ринжа. Чувахара. Бодане дара. Цхьана корера шаршу дIайаьккхина хьаьжча: цIенкъа йуккъехь, истанга тIехь, гIорийча санна, меттах ца хьовш, корта а оллийна Iapa цхьа зуда, шена тIехула, коьртана а тIехь, цхьа тIелхигйаьлла шаршу а кхоьллина. Зудчунна йуххехь, тIехула тиша галеш а тесна, цхьа сал хаалора. ДIо нара тIехь ша Iуьллура боьрша стаг, тIе тиша йургIа а тесна: цуьнан йаьшна тIуьска гуш йара.

— Де дика хуьлда хьан, — вистхилира Керим, зудчунна йуххе а хилла.

— Де дика хуьлда… — гIийлла корта айбира зудчо.

— И мила ву? — нара тIе пIелг хьажийра Керима.

— Мар.

— Наб кхетта ву?

— Велла… КхозлагIа де а ду…

— Ой-й!.. — Керима, тIе а хилла, йургIа хьалаайира стагна тIера: йуьхь йаьлла, балдаш сийна, ге дистина дара. Са ца доьIура.

— ДIа хIунда ца воьллина?..

— Хьан вуллур ву?..

— Ткъа кху кIел хIун йу? — зудчунна йуххерчу сал тIе пIелг хьажийра Керима.

— Бераш ду.

— Муха?.. Бераш?..

— Сан бераш… Делла ду… Ши де хьалха…

Керим тIера галеш дIатесна, хьаьжча: йух-йуххехь, доккхаллица дIанисдина, Iуьллура диъ бер. Сийна балдаш. Лаккха тIееъна геш. Йуткъий настарш.

— Ткъа хьо хIун деш Iа кху чохь, цIенкъа йуккъе а хиъна?

— Кхин хIун дийр дара аса?

— CaгIa доьхур дар-кха, ара а йаьлла!

— Цо дихкина ша валале. CaгIa ца доьхуш, ле аьлла… Корашна дуьхьал хIумнаш а охкий… Кху чохь… ле! — нар йолчухьа байн корта ластийра зудчо.

— ЦIе хIун йу хьан?

— МаригIаз… ЖугIуртан йоI.

— Фамили?

— Ца хаьа.

— ГIазакхийн мотт хаьий хьуна?

— Цхьа дош а ца хаьа… Тхо маьлхий ду… — элира МаригIаза куро.

— ХIинца хIун дан ойла йу хьан?

— Кху чохь йала… Сайн берашна уллохь… И воллучохь, — йуха а корта ластийра цо нар йолчухьа.

Керим кхийтира, цо ков, ринжий дIа хIунда къевлина а, корашна дуьхьал хIумнаш хIунда оьхкина хилла а: и цIа церан йукъара каш дара, цо хьалххехь кечдина, шаьш дIабохка стаг хир воцийла хууш.

Ураман дехьахула ша вухавогIуш, цхьадолу цIа дуьтуш, вукхунна чувоьдуш, белларш, балабохкурш блокнота тIе дIайазбеш, сихха чекхвелира Керим. Цхьанхьа а говран лар йацара, воггIушехь Эзаун кабинета чу веъна, дIауьйхьира цуьнга блокнотан кехат:

— Кху тIехь, хIокху адресашца, вала герггавахна, амма хIинца а валаза, исс стаг ву. Царех шиъ геш дистина а ву. Уьш кху сохьта вайн больнице схьабало беза, Рудольф Рудольфович! Лечуьра бахахьа уьш!..

— Вало сихха, колхозера хIургон а йаккхий, ворхI схьавалаве. Геш йистина шиъ вита.

— Доктор! И шиъ вукхарел а эшна ма ву! — цецвелира Керим.

— Геш дистинарш ирх-пурх а ле. Тхоьга лечуьра ца бахало уьш. Цара эрна меттиг дIалоцу.

Эзаун аьчгачу хьесапо ойлане вожийна, Керим корехьа велира: цIеххьашха гира, йуьртан некъо голатуххучохь, чIарх-аьлла больницехьа а йирзина, нисса кхарна тIейогIу «виллис». Хетарехь, областера хьаькамаш хила безара — райцентрехь цхьана а куьйгалхочун йацара машен.

«Виллис» хецца больницан керта йеара. TIepa охьавоьссира кхо стаг: цхьаъ стоммачу дегIахь НКВД-н капитан, важа шиъ — штатски. НеI ца тухуш, кхоь а Эзаун кабинета чоьхьаваьлла, маршалла ца хоттуш, гIанташ тIе охьахевшира. Эзау, дегI нисдеш, хьалагIаьттира:

— Диканца догIийла шу! — пенаца дIахIоьттира и.

Капитан, ша Iачуьра гIаьттина, корехь лаьттачу Керимна йуххе хилира.

Макинтош йуьйхина верг Эзауна йуххехь охьахиира. Хьалха чуваьллачу, нисса Эзауна дуьхьал гIантахь Iачу, тIаьрсиган курткица волчо къамел долийра, Эзауна тIе бIаьргаш а доьгIна.

— ХIа! Дийцал! ХIун ду кхузахь?

— Гой шуна, — тийсалуш, дийца волавелира Эзау, «мацалла» боху дош ма-хуьллу йукъа ца дало а гIерташ. — Нах дукха ле кху муьрехь.

— Стенах?

— Дистрофиях.

1 ... 44 45 46 47 48 49 50 51 52 ... 122
Перейти на страницу:
Тут вы можете бесплатно читать книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев.
Комментарии