Категории
Самые читаемые
PochitayKnigi » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 49 50 51 52 53 54 55 56 57 ... 122
Перейти на страницу:
хелха, амма и ца гора йа Ахатна а, йа кхечарна а цуьнан куьцехь хиларна. Ахатна, шен дагахь, цул хьалха цкъа а ца йайнера иштта цIена кIайн йуьхь, цу тайпана нисйелла чIабанаш, иштта тайна айделла дегI, иштта ойлане богу бIаьргаш.

Баккхий нах Тавсолта а тIехь, хIума йаа чубигира. Ахат тIевеара шен йижаршца лаьттачу Селитина.

— Шу нохчий ду? — хаьттира цо, цхьана хелхадаьллачул тIаьхьа шаьшшиъ девзаш а лерина.

— Ду-те, — жимма ийзалора Селита, амма шайн къамел дIахедийла а ца лаьара цунна: шена хьалха, ша дечу къамелан ойла а йеш, лаьтта кIант, Селитина а кхечарех тера воцуш, башхачу аматехь хийтира. Цуьнан стаммий цIен балдаш, дош кхачочохь шатайпа къовллий, ваьштадоьлхура. Боьмашчу бIаьргийн кIоргехь гора деган цIеналла а, амалан къоналла а. Сен санна, чукхетта гай, гIеххьа хьалхатаьIна некхан ваз, дуткъий деха маргIала пIелгаш — тера ца хетара тIамна кхоьллинчех. Ткъа цуьнан аз тамашена, дукха хенахь дуьйна и вевзаш хилча санна, декара.

— Хьуна мичахь Iемина тхан хелхар? — хаьттира йоIа.

— Тхоьца эскарехь нислора кавказхой а, нохчий а. Майра бIаьхой хуьлура уьш… Массарна а вевза шун Нурадилов Ханпаша, Маташ Мазаев, — Ахата, шена нохчий бовзар гайтира.

— Хьуна-м тхан къам девзаш хилла! — элира Селитас.

— КIеззиг… Хьан йуй шайн халкъах лаьцна книжканаш? Ас йоьшур йара уьш?

— Цхьаерш йу, — къамел исбаьхьаллин литературехьа дирзира. Селитина йевзара оьрсийн литература, къаьсттина Лермонтовн, Пушкинан, Лев Толстойн, Тургеневн произведенеш. Цахуург хаьа моттийта гIерташ а, йа хуург гайта сиха а йацара йоI: хаттарна дуьхьал, ийза ца луш, шен хьессапехь жоп лора. Тавсолта чуваханчу неIарехьа наггахь бIаьрг а тухуш, эпсаре лерана ладоьгIура йоIа. Цунна цкъа а хIетталц ца гинера оццул дукха мехкашкахула чекхваьлла стаг. Жима воллушехь, Ахатна дуккха а къаьмнийн дахар дайнера. Цунах а дуьйцура цо, делахь а литературах кхин а дог догIуш дуьйцура. И шен корматаллех а доццушехь, цунна литература сов дика йовзарх Ceлитас дагахь тамаш бора. ЙоIана цIеххьана дагатесира шайна йуккъера йоккха башхалла: дешна а йалаза, кхин цхьа а меттиг ганза, кхузара меттахйала бакъо а йоцу шай, ткъа шена хьалха, Европехула а чекхваьлла, орденаша лепош лаьтта и къона эпсар — физиккий! Селитина шен ваша Дауддий, Увайссий дагавеара: «Дийна бисинехь, уьш а хир бара-кх xIapa санна», — аьлла, дагатесна, цуьнан бIаьргашна тIе йай марха хьаьдира.

— Казахийн йаздархойн книжканаш йешний ахь? — хаьттира Ахата.

— Ца йешна… Йоккха йуй шун литература?

— Дера йу! Революци а хилале дуьйна схьайогIу: Абай, Алтынсарын, Чокан, ткъа вайн заманахьлера: Мухтар Ауэзов, Джамбул, Сабит Муканов… Уьш-м берриг а Союзехь бевза… Ца хезна хьуна? — дозалла дора Ахата. — Сабит Муканов шен дахарца вайн Максим Горький саннарг лору. Ас, хьуна лаахь, цуьнан «Ботагоз» роман лур йу хьоь, — йоьIан бIаьра хьаьжира иза.

ЛадугIуш, ша йукъа а ца гIерташ, йуххехь лаьттара Кульджан. Айгерим хьешашка хьажа чуйаханера.

— Дика ду, — корта таIийра Селитас.

— И-м ас фронтехула чекхйаьккхина йеъна цIа. Цкъа соьца полкехь хиллачу шина нохчочо а йийшира… Цхьадолу гIиллакхаш шайчух тера ду бохура…

— Муьлш бара уьш?

Шен горга, шера хьаж а хабийна, дагалоьцура Ахата:

— Дага ца богIу… Цул тIаьхьа хийцаделира тхо… Ас… хIинца!.. Тхан сурташ ма ду! — аьлла, жима кIант санна, каде чуведира Ахат.

Кульжана хаьттира Селитега:

— Муха хета хьуна сан ваша? — шен кегий цергаш гучу а йохуш, йелакъежира иза.

— Хьекъале… оьзда ву.

— Ткъа хаза вуй? — йуха ца йолура Кульджан.

— Божарийн хазалла ца къастало соьга.

— Кульджан! — учара схьа мохь туьйхира Джейрана: хьешийн гIуллакхна эшнера иза а.

Ойланашка даханчу бIаьргашца, шен кхиэле ладоьгIучух тера, сихделла детталу дог а хезаш, лаьттара Селита… Книжка а, цу йуккъе диллина сурт а дахьаш вухавеара Ахат. Сурте ма-хьаьжжи, бос баьхьира Селитин. Коран бIаьрга тIехула догIанан тIадамаш санна, тийса а луш, цкъа соцуш, тIаккха хецалуш, беснешна тIехула охьахьаьвдира бIаьрхиш.

— Бевза хьуна уьш?

— Сан ваша… Дауд… цуьнан доттагI… Увайс! — сурта тIехь тIехьарчу могIарехь лаьттачу шинна тIе пIелг хьажийра йоIа.

КIантаца цхьаъ-ша латтар бегIийла а ца хетта, Селита, книжкий, сурттий эцна, цуьнан Iодика а йина, чуйахара. Дукха хан йалале, самовар, шун а дахьаш, йекаш, кхеран чуйеара самукъадаьлла Ахатан ши йиша, шайн чохь сов дуькъа хиларна, кхаьргахь, Селитица цхьаьна, хIума йаа. Селита тахти тIехь йоьлхуш карийра царна.

— ХIун хилла… ХIунда йоьлху хьо? — цецйелира и шиъ.

— ХIуммаъ дац… иштта… цIа дагадеанера, — церан хаза де ца кхоло, шен сингаттам буха а теттина, хьалагIаьттира Селита. Истанга тIехь, цIенкъа клеенка а йаржийна, зевне йоьлуш, охьахиира ши йиша, пхьарс лаьцна, озийна шайца Селита а хаош.

Клеенки тIехь шортта Iохкура: цIийеш, даьттанца йеттина боурсакхаш (локъмаш), кегийчу кедаш чохь буькъа тIо, шекар, шура. Цкъа хьалха чай меллачул тIаьхьа, Кульджана жимачу тесахь, гIумгIи чуьра хи а дуттуш, куьйгаш дилийтира Селитей, Айгеримей. Селитина йуьхьанца моьттира уьш хIума йиъна довларна дуьлуьйту. Текх санна, доккхачу хедар чохь чуйеара бешбармакх: кIеззиг хи а тухуш, кхехкийна, даьIахкех цIена цIандина жижиггий, цуьнца цхьаьна эйина, вайнехан деман галнийн тайпа, йоцца йина гарзанашший. Йижарша, куьйгашца атта схьа а оьцуш, нана-пIелгашца гIo а деш, чомахь йоура и, амма Селитин пIелгаш дагадора. Кульджана, йела а йелла, Iайг кховдийра цуьнга.

— Дийцахьа, муха хета хьуна тхан ваша?

— Хьекъал долуш хета… Оьзда кIант ву!

— Хьо а йу элира, хьуна, цо коьрто болх беш, — шен хьажах Кульджана беламе пIелг хьовзийра.

Айгерим, Селитий йелакъежира.

— Тхуна йуьхьанца шу муха хийтирий? — йолайелира, цхьаъ дийцаза ца Iалуш йолу дог цIена хабарча Кульджан. — Кортош дехий, бIаьргаш сов йух-йуххехь, марош даккхий. Цу тIе, кIайн, беса хеталора шу массо а… ХIинца-м ца хета ишта: хазанаш а къастало… масала, хьо… ма хаза йу! — саццанза йекара Кульджан.

Селита йела а къежна, IадIийра, тохара шена кхарах хеттарг а дагадеана. ХIинца цунна a, xIopш йуххера бевзича, дика къаьстара кхеран оьздангалла а, хазалла а.

Тавсолта чувеара. ХIума йиъна бевлла йижарий, Iодика а йина, дIабахара, самукъане бекаш. Чувеанчу Тавсолтин бIаьрг кхийтира стоьла тIехь Iуьллучу суртах. Селитас дийцира. Куьйга корта а лаьцна, вехха хьийжира Тавсолта сурте:

— Кху тIера духа сурт даккхийталахь вайна! — элира цо.

Даудца цхьаьна лелла хиларна Ахат хIинца Тавсолтина кхин а безам хийтира. Ойла кхоьлина дIавижира иза. Чуьра гIуллакхаш а дина, книжка йеша хиъначу Селитин коьрте ца кхочура цуьнан могIанаш: дуьне а доккхадедечу кху толаман дийнахь, дог-ойла серлайолуш, кхарна а хьаам хиллехь а, амма шайга деанарг тахана кхин а йоккхачу къахьонца дуьхьалтуьйсура.

Стоьла тIехь Iуьллучу сурта тIехь бIаьрг сецира цуьнан: «Схьавелахьара, Ахат санна, хир вара-кх xIapa и шиъ!» — дагаоьхура йуха а. Йеха Iийра иза дIайахана зама дагалоьцуш, цу шиннан аматаш дуьхьалхIуьттуш. Цкъа шен ваша Дауд дагаоьхура: тIаьххьара а, машен тIе а ваьлла, куьг ластийна, тIаме дIавоьдуш… Цуьнца цхьаьна

1 ... 49 50 51 52 53 54 55 56 57 ... 122
Перейти на страницу:
Тут вы можете бесплатно читать книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев.
Комментарии