Категории
Самые читаемые
PochitayKnigi » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 52 53 54 55 56 57 58 59 60 ... 122
Перейти на страницу:
корта.

Могашалла эшна йогIура: кест-кеста, гаррехь вегавора, хоршин чорпахь санна, хьажа тIе шийла хьацар а детташ. Бес-бесара ойланаш оьхура лозучу коьрте. Цкъа шен тIамехь лелар дагадогIура, ша цигахь ца вуьйш висарх хIинца тамаш а беш. ТIаккха, хIинца вала там бара ша, олий, шекволура. «ХIинца валар, ма хатI доцуш а хир дара», — дагатесна, кхоьлира и. ТIамехь, цхьа йуьхь дIаиккхичхьана, вола а вулий, валарх ца кхоьрура, и хьовха, ойла толамехьа а йолий, валар-висар тергал ца дора, xIop сохьтехь а гонаха дукха гора шел тоьлла накъостий оьгуш. Цигахь даима массеран а коьртехь цхьаъ дара: толам баккхар! Ша валарх хIумма а ца хетара биснарш толаме кхаьччахьана. «Ткъа хIинца лахь?» Кхеравелира и — дукха йара кхочушйанза, хьайаза а йисина хьоме ойланаш: атоман ницкъаца мотораш лелийтар, Эйнштейнан цхьадолчу терахьех кхиар, важадерш йухаталлар! Цкъацца цуьнан коьрте, кхечуьнга и хьахо а ца хIоттал, йаккхий, аьрха ойланаш хьаьвзара. И ваьхьар а вацара хьаьнг-хьаьнга а уьш йийца, нах инзар а бевлла, шех къахкарна кхоьруш. Амма шен кхетаман кIоргехь уьш кхобучуьрий, цаьрга сатуьйсучуьрий ца соцура и цкъа а.

«Вуьззинчу Iилманчин некъ шина декъехь бу: хьалха — шен Iилманан устазана кортабеттар, тIаккха — иза ластавар, цуьнан гIалаташ дIадохуш», — дагадеара цунна тоххара институтехь шайна хьехначу профессоран дешнаш. «Иштта ца дира, Ткъа къоначу Эйнштейна цу къеначу Ньютонна? Гуттар и цуьнан йийсарехь висинехь, хилла а хир варий цунах Эйнштейн?» — ойла йора цо.

Доьшуш а, тIамехь а даим кисанахь лелош блокнот йара Ахатан, цхьацца хьесапаш тIейаздеш. ТIорказ чохь ткъех сов Iохкура уьш, тIехьажа paгI ца кхочуш. Царна тIехь а дара хIинца а цунна мехала хета хьесапаш… Ткъа цIеххьана ша лахь, — уьш кхоам хетара. ТIаккха йуха а, ойла хийцалора: «ХIуммаъ дац сан сайн цIе Iилманехь ца йисарх а, суна дагадаьхкинарш цхьана кхечунна а дагадахказа дуьсур дац… Ткъа нагахь со сайн цIе иштта чIогIа йуьйцийла лууш велахь, «Эйнштейн» йа «Ландау» сайн псевдонимаш леричхьана ца волу со?» — ша-шех велакъежара иза. «ХIун башхо йу? Велча, дIа ма долу шадерг а цIенна! ХIетте а дахаран марзонах а Iабаза, шен декхар кхочушдаза валар новкъа-м хета…» — цу тайпана ойланаш оьхура йух-йуха коьрте. Цамгар а йахйеллера.

Денна йогIура Асеткуль, собаречу бIаьргаш чохь безаман йовхо а йохьуш… Там хуьлура и йуххехь гуш. ХIетте а даго къайллах цхьана кхечу хIумане а сатуьйсура, шена а ца хууш. Ма-дарра ца къаьстара и. Амма…

Цамгаро цкъацца, маларо санна, къонахчалла малйой, кхетамо хIинццалц нуьцкъаша дагна тIейожийна ойла дIа а тоттий, деган буххера хьалайоккху, хIетталц хьулйина латтийна деган бакъйолу ойла…

Тахана, Асеткуль йанза йисинчу кху сарахь, къаьсттина ойланашка вахана, сагатдеш Iapa Ахат. Кест-кеста корах арахьоьжура: цхьа а ца гора… «Асеткуле кхайкхийта а хала ма дацара»… Ткъа ойла йича, ша Асеткульна сагатдеш а ца каравора Ахатна. Селхана дуьйна сихха гIоли хилла йогIура цунна, хIетте, дагна луург хIун ду а ца хууш, йочанечу дийнахь санна, гуш бахьана доцуш, сахьийзара! ЦIеххьана цецвелира иза: Селита… хIаъ, Селита йара цуьнан даго йоьхург! Цу ойланна тIекхаьчча, дерриг шашаха къаьстира. Корта серлабелира, мархаш дIасахилча санна, даг чу нур летира. Амма, йуха, Асеткуль шеца дика хилар а, шаьшшиннан чIагIйелла йаьлла йукъаметтиг а дагайеъна, цIийвелира Ахат, ша оьзда ца хетта. Ша-шена бехк а биллира цо, амма хIетте а Селитин амат, набарх дуьхьалтуьйсу гIаларт санна, йух-йуха а лаамаза хьалха хIуьттура. Асеткуль йуха нуьцкъаша дагалаьцна, ша-шен човхийра Ахата, шен ма-хуьллу Селитин амат даг чуьра дIатоттуш… Амма… ницкъ ца кхочура — бIаьра хьалхахь суй хилла сегара Селита. И суй, севсаш, сихха боккха хилира… Цунах яьлла цIе цIеххьана яьржира, берриг а кийра дIалоцуш. Кхин цкъа а, кхин цкъа а, и цIе мел йайа и гIортарх дош ца хилла, тIаьххьара а, ша шен лаамехь, кхин цхьа а дуьхьло ца йеш, йа йан а ца гIуртуш, дуьнен чохь массо а хIуманел а и цIе мерза хетта, хецца ша цуьнан маравахара цомгушниг. Селитех йоьзна самайевллачу ойланаша верриг а йукъахьарчийра иза.

«ХIун ду-те xIapa? Нахана а хуьлий-техьа xIapa санна дерг?.. «Мила йу а ца хуу нохчи»… — дагадеара цунна. Цкъа ойла хуьлура кху сохьта, кхин тIаьхьа ца тоттуш, Кульджанах безаман геланча йина, эхь-бехк а дитина, Селите схьакхайкха, дог паргIатдоккхуш, шадерг а цуьнга дIадийца. Амма, ша тоххара, шина а йишина хьалха йина чIагIой, шена сел хьанала йолу Асеткуллий дагалоций, эхь тулий, IадIара и, чухула хьийзачу Кульджане а вист ца хуьлуш. Вешин кхоларан тидам хиллачу Кульджана хаьттира:

— Ваши! Хьо ма таьIна ву? Корта-м ца лозу хьан?

— ХIан-хIа… Ца лозу… иштта дIа ойланаш йо-кх…

ТIаккха а бохура Ахата дагахь: «ГIиллакхехь а ма дац иза, лулахь Iашшехь, ша а соьга хьажа цайар… со цомгуш хилар хазаза-х йаций и… Тавсолта а ма веанера».

Селитас-м хоттура йижаршка цуьнгара хьал-де, цкъацца чухIотта ойла а хуьлура, амма, цуьнан йижарий шеца шийло а гой, бIо ца булуш, IадIара.

* * *

Вукху дийнахь йеанчу Асеткула хаьттира Ахате:

— Муха йаьккхи ахь буьйса?

— Дика йаьккхи.

Ахат кхоьлина а хетта, цуьнан дог айа Асеткула забар йира:

— Са-м ца гатдира ахь? — ша селхана цайарна бохург дара цуьнан и.

БIаьрганегIарш дIа а дийшийна, йуьхь яй-й цIийлуш, гIийлла велакъежна, мукIарло дира кIанта:

— Сагатдира…

И тайна, сарралц а, цуьнца къамеле йаьлла, дIа ца йоьдуш Iийра Асеткуль…

И дIайахча йуха а кхоьлира Ахат. Чухула тийна, шен йимаш деш, хьийзачу Кульджане бен доцчуха хаьттира цо:

— ХIун деш бу вайн лулахой? Гучу а ма ца вели тахана… Тавсолта а?

— Дика Iаш бу уьш-м…

ТIаккха цIеххьана, Ахат цецвоккхуш, догцIена:

— Селитина сагатдо хир ду ахь, ваши? Кхайкха ас цуьнга? — эккхийтира Кульджана.

СоцунгIа а хилла, шовда санна, шен цIена лепачу бIаьргашца вешига хьоьжура и, ладоьгIуш.

— Ма кхайкха-те!.. И мичара даьккхи ахь… газа! — оьгIазвахара Ахат.

— Со кхийтира, ваши… — элира йуха а йелхаийзочу Кульджана, — ахь Асеткуле «сагатдира» ма-элли, и хьанах дара.

— ГIалатйаьлла хьо, сан йиша, — хьастарца и тейира Ахата, амма шена а эхь-м хийтира ша бакъ ца луьйш. ТIаккха шен дагахь цецвелира: «Суна сайна а ца хууш, со-м верриг а гуш ма хилла суо ма-варра… ХIан-хIа… кхин дIа ишта дита йиш йац xIapa… къасто деза… цхьа йист йаккха йеза»…

«Бакъду, дуккха а хуьлу дуьнен чохь кхин а баккхий бохамаш: бIарзвалар, хьервалар… валар. Делахь а, мел баккхийчех бала бу-кх йезачунна цавезар!» — дагатесира цунна.

Шех кIеззиг къахетта йуха а ойла кхоьлира Ахатан. ТIаккха, и осалалла хетта, ша шен дагахь човхийра цо. Цуьнан йуьхь йусайелира. ТIаккха йуха а карара йаьлла, генна дIайахара Ахатан ойланийн зIе.

«Суна-м ца хаьий-ца ма-дарра цуьнан дагахь

1 ... 52 53 54 55 56 57 58 59 60 ... 122
Перейти на страницу:
Тут вы можете бесплатно читать книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев.
Комментарии