Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
— Дийцинехь тоьллера хьуна! — элира лейтенанта.
— Сан дийца хIума дац, — йуха а дIахадийра Керима…
Спецкарцеран йаккхий аьчган неIарш а, стаммий чуччадахна гIopаш а, тIехула кхозу даккхий догIанаш а, инзаре хийтира. ГIовгIанца неIарш схьайиллира.
— ДIайаха… когара мачаш а, пазаташ а! — аьлла, когашIуьйра ваьккхира и. ТIаккха, букъ тIехьахула теттина иза чу а кхоьссина, дIабахара. Керим бертал вуьйжира. Цу сохьта куьйгех а, когех цхьа ира хIуманаш Iиттайелча санна хийтира, лазийра, цIийш гучудевлира. Ша Iуьллучохь дIасахьаьжира Керим: и готта, жима цIа сов лекха дара, хьалакхочур воцуш, тхевнах тесна, тIехула аьчган бой а лаьцна, тIех сирла электролампа а йогура. Цементан цIенкъа хьахаза, хьостамий санна ирахйерзийна, ира йаккхий зуьгалгаш а йохкура луьста. НеIарехь лаьттачу парашина уллохь цIенкъа хьаьхна а, шера а хийтира. Хала а атта а, вол — волуш, текхна, цигахьа а ваьлла, доккха са даьккхина, цкъа ирахIотта хьаьжира Керим, тIаккха гIорадайна дегI, даржош, йуха а цIенкъа охьадиллира. ЦIийш оьхура, ца соцуш, меллаша, хIинца гай тIера, гIогIашкара а… дуккха а меттигашкара. Соц — соцуш, цIийш оьхучуьра севцира эххар. Наб озийра: набарха дуьхьалхIоьттира Кесира… КIант… ЙоI.. ТIаккха… тIом… тIом: «Ура-а!.. Сталинехьа!.. Даймахкехьа чухахка!» — хезара лерехь… Йоккха ирча немцойн танк йара хIинца Керимна нисса тIейогIуш. Цунна граната кхуссучу кепехь набарха ластийна буй цементан цIенкъах а кхетта, цIеххьана йуха самаваьлла Керим дIасатохавелира ша волччохь. ГIовгIанца неI йиллина, чукъедира лейтенант:
— Майора хоьтту хьоьга: хIинца резахиллий хьо ма-дарра дийца?
— Сан шуьга дийца кхин хIума дац!..
НеI тIе а чIаьгIна, лейтенант дIавахара. ЦIийш хIинца йуха а охьаоьхура ца соцуш, уьш сацо гIерташ, Керима цхьаццанхьа тIе пIелгаш Iуьттура, амма пIелгаш йуха а дIадоххушехь, цIийш йуха а охьаоьхура. «Велча хIун дара-те, сецо а ца гIерташ, xIapa бала ловчул?»… — дагадеара цунна, амма йуха а цу сохьта Кесирий, берашший, доьлхуш, дуьхьалтесна: «ХIан-хIа!.. Ма-хуьллу ца вала хьажа веза!» — сацийра Керима. Йуха а пIелгаш, багарчу туьйнаца даша а деш, чевнашна тIеIитта вуьйлира и. ТIаьххьара а цIийш оьхучуьра севцира.
ХIинца дагадеара цунна, тоххара дуьйцуш хезна долу I937–38–чу шерашкахь бериянцаша лецначу коммунисташна кху тайпана ницкъ беш хилла бохург, тIаккха царех цхьаболчара, боцу бехкаш а шайна тIе а лоьцуш, тIе, шайн накъосташна а харц тешалла деш. Керим кхаьрдира хIетахь ишттачарех: «Ас хIинца-м дийр дац харц даре, амма царех башха кхаьрдийла-м ца хилла» — хийтира цунна: «Цул тIаьхьа царех цхьаберш шайн коммунисталлин ойланах йухабовлар а, церан шайн ледарлонна хилла ца Iаш, xIapa санначийн бехкболуш-м ду», — сацийра цо ойланехь.
Корта хьийза буьйлура, чуьра пенаш а хьийза моттуьйтуш. Тохара ша колхозан арахь мацалла охьавожар дагадеъна: «ХIинца… шолгIа а…», — аьлла, ша-шех велакъежира Керим. Кортахьийзар совдуьйлуш догIура. Лерехь зов гIаьттира.
Керим хIинца ша, кхетамчуьра а ваьлла, охьавожале аьлла, ша волччохь агIорвелира, коьрта кIел куьг а диллина. Набаран тар тесча санна, иза цу секундехь кхетамчуьра велира…
…Самаваьлча, Керимна ша набахтин больницехь Iуьллуш карийра, дегIан массо а маьIIехь хьаькхна йодан а, синькин а тIадамаш а долуш. Дагар хаалора. Хьацар деттара сих-сиха хьаьж тIе а, дегIах а. Лор тIевеара:
— Муха хета хьуна дегI? — эсала бIаьра хьаьжира лор — иза а лаьцначех вара.
— Тоьур ду… ГIоле хета…
— Са ма гатде. Талур ву, — дIавахара и…
Талламчийн кабинете а вигна, Кериме дIахаийтира: цунна НКВД-хойн сацамца итт шо хан тохар, «бандашца уьйр хиларна, дежурничух латарна»…
Керима доккха са даьккхира, дог паргIатдолуш:
«ХIуъа хилла а, цхьаъ хилла чекхдалар тоьлу-кх, гуттар а Iазапехь воллучул» — аьлла. Цу дийннахь иза набахтин камере ваьккхира.
Набахтин камерехь староста волчу гIирм-гIезалочо Гумера элира:
— Хьо-м дика а витна, итт шо бен хан ца тухуш, иза-м цхьа а бехк боцчунна а туху цара.
— Ткъа ас хIун динера? — вухахьаьжира Керим.
— Кхин хIумма а ца хилча а, цу дежурничуьнан шайн кабинетехь бат-х йохийнерий ахь?.. Дика а йохош, — тIетуьйхира Гумера. — Суна-м, иза а ца диннеашехь, Сталине, тхан бехк бацара-кх, тхо паргIатдахахь аьлла, кехат йаздарна тIе ма йуьсти цара пхийтта шо!..
— И хIунда витна хаьий хьуна иштта? — йукъагIоьртира кхаьрца камерехь волу уголовник «Рыжий».
— ХIунда? Дийцал, Рыжий, — элира Гумера, вела а къежна.
— XIoкxo хIуманна а даре ца дина дела!.. Хуур дара даре динехь! Лягавишца гIуллакх тасаделчахь, уггаре а коьртаниг хIун ду хаьий шуна? Цхьана а хIуманна тIехь даре цадар! — куьг хьалатесира Рыжис.
— Рыжийна дерриг а хаьа, — велавелира Гумер.
«Рыжий» нохчо вара, шен бакъйолу цIе Хасболат а йолуш. И цуьнан цIе цхьамма а ца йоккхура — баккъал а тIех хьаьрса а вара иза, цундела и цIе тIехь йиснера цунна, цо ша и тIе а лаьцна. Шен шийтта шо кхаьчначахьана, да-нана доцуш а висна, Грозный-гIалахь дуьйна, къу лелаш, схьавогIуш вара xIapa, шен ткъе итт шо кхачале доьазза лаьцна чохь а ваьллина, лагершкахула а лелла, Сибирехь а шозза хан а йаьккхина, даим оьрсашна йуккъехь леларна, оьрсийн мотт нохчийн маттал шера а буьйцуш. Нохчий махках а бахале лаьцна хилла xIapa, муха кхочу а ца хууш, кхеран камере нисвеллера. Самукъане а, каде а, гIуллакхдан кийча а хиларна, кхуьнан амална резахилла, тIеэцнера иза камерехь, амма делахь a, xIapa къу вуйла хууш, къайллах лар а лора хIокхунах чохь берш.
Керимна тIехилира иза:
— Ловзий хьо? — хаьттира цо.
Керим ца кхийтира:
— Стенах?
«Рыжийс» сонехьа дIаозийра Керим. Сонехь йолу шера цIенкъа, киран йуьхьиг хьекхна, шахматийн уьн хормехь кечйина йара. Кхуззахь шахматийн кепаш а Iохкура.
— Ас уьш айса баьпкан буьйдигах йо…
— Со вон ловзу.
— ХIума дац. Кхин дика со а ца ловзу. Ший а Iемар ву.
Чуьрнаш, цуьнга а хьоьжуш, буьйлура.
«Рыжийс» кхузза а эшийра Керим.
— ХIинца хьоьгара суна хьан баьпкан пай йогIу.
— ХIунда?.. Вайша дийцина-м ма дацара? — цецвелира Керим.
— ХIан — хIа!.. Ишта Iедал ду!.. Массарна а хаьа! — элира Рыжийс.
Чуьрнаш гIадбахна бийлабелира:
— «Рыжийс» шен «ваша» Iехий! — элира камерехь цхьамма, Керим а хьаьрса хилар гина.
— Ахь хIун до оццул баьпках?
— ХIун до?.. Шахматаш йо-кх! Чкъуьйриг йоу. ХIорш йеха ма ца лаьтта. Йакъа а лой, кегло… ТIаккха xIopш а йоу.
Керим а гIадвахна велавелира:
— Дика ду. Хьо тоьлла. ДIалур йу хьуна, — резахилира иза.
Оццу сарахь Керима, Москва, Генеральни прокуроре дахьийта кехат йаздира, шена тIехь лелийна харцо йуьйцуш.
— Xlapa йаз-м динера ас. ХIинца новкъа муха доккхур ду xlapa? — хаьттира цо Гумере.
— XIapa почтан яьшки чутаса-м цхьаъ тIехьожург кхузарчех ву, мелла а вайх къахеташ… Шена кIеззиг совгIат дахь… Амма дIакхочурий-те? ДIакхаьчча, а жоп а хирий-те? Оцуьнан теш-м вац! Ас дукха кхехьийтина… Схьада. Кхана новкъа доккхур ду… — кехат дIаийцира Гумера.
* * *
Iуьйранна кхеран камера чуваьккхира тIехьожурго цхьа керла лаьцна верг: