Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
— И-м вешан каношкара схьадоккхур дара!.. Хала а ца доккхуш!.. Ас ойла йинарг-м: Чукоткехула, Камчаткехула Аляске дIакхачар ду… Цига кхаьчча, довлур вай — Америко тIеоьцур ду, — элира Леонида.
— ДIакхачалахь! Амма цига дIакхача масех эзар километр йу! — корта ластийра Керима. — Вайл хьалха зIенаш а йахийтина, некъаш а дихкина, атта схьалоьцур ду…
— И билггал аьттонца чекхдер ду аьлла-м, со а ца воллу хьуна? Делахь а цкъа-шозза маршонехь доккха са а даьккхина, леташ валар гIоле хеташ воллу-кх, кху чохь вахкалучул!.. TIe… хIун хаьа!.. Къонахий тохабелча-м, Америке, хьовха, Аргентине а кхача тарло…
— Туьйра! — велакъежира Керим.
— Хьо реза вац?
— Вац, — корта ластийра Керима.
— Делахь-хIета, вайшиннен xlapa къамел хилла а дац хьуна!.. Сан и цхьа дехар ду хьоьга, фронтан вешега санна!
— Цу тIехь шек ма хилалахь!.. Со — тIулг бу. Со — чIара бу! Со — дакъа ду! — чIагIдира Керима шен дош. — Дала аьтто бойла хьан тола а, лечу дийнахь хаза вала а!
Цул тIаьхьа цхьа-ши кIира даьлча, цIеххьашха, буьйсанан йуккъехь, электрофонараш хьалха а лоьцуш, лар толлу жIаьлеш йуххе а даьхна, зони кертахула, массо а баракехула чекхбовлуш, буьйлабелира лагеран хьаькамаш. Массо метте хьаьвсира… ДIабахара… Массо баракана а тIехула догIа тухуш, зонел арахьа шалха ха хIоттийра. Хилларг хIун ду цхьанна а ца хаьара.
Вукху Iуьйренца зекаш, хIинццалц санна, хьун хьакха а ца буьгуш, чохь совцийра. Цхьаберш зонин керта бехира — кертара гIуллакхаш дан. Сарахь кертара йуха барак чу веъначу, цIахь вехха цIейойучун бIаьн хьаькам леллачу, цIаро йагийначу йуьхь тIехь даккхий ирча моьнаш дисначу хIирийчо Реваза, шен ирча йуьхь серла а йохуш, дийцира Кериме:
— Хьажахь! Ма тамаше хIума ду и! Луларчу баракера пхиъ ведда-кх, шайн каношкара герзаш а даьхна. Шайн коьртехь — суна а вевзира и — Леонид цIе йолуш, фронтехь майор лелла, зек а волуш. ХIинцале пхи кано а охьавиллина. Йуха шаьш совцо гIоьртина кхин йалх а охьавиллина. Ма чIогIа кайаьлла церан! — дарехь воккхавера Реваз.
Керим лерг таIIийна IадIийра: «Ма дика ду, и хIетахь xIoкхунна соьца ца гина», — дагатесира цунна. ШозлагIчу дийнахь бевддачарна тIаьхьайаьккхинчу отрядах кхозлагIчу дийнахь цхьаъ вухавеънера.
Цо лагеран хьаькамна доклад йечохь ца хууш нисвеллачу, дежурничуьнгахула арадаьлла, зекашка а дIакхечира и хабар: шайна тIаьхьайаьлла йогIу кхеран отряд, шаьш дIа а тебна, шайл хьалха а йалийтина, тIехьашха тIейиттина, йерриг а хIаллакйинера Леонидан гIерано. XIapa цхьаъ, ведда, ваьллера, накъостийн декъий шайгарчу герзашца «церан» карахь а дуьсуш. Вукху дийнахь xIapa кхузарчара чувоьллира, кхуьнан гIуллакх талламхойн каралуш. Массо а баракехь зекийн дезде дара: цкъа мукъна, шайна йечу халонна дуьхьал бекхам бан шайна йуккъера къонах ваьлла хазахетара царна. Леонид вазвора цара: массеран багахь йара цуьнан цIе. ХIинца дуьйна массо а баракехь, шех тидам бийриг а, ша йуьйцург а, цунах хIун хилла-те бохуш, цара диллина сема ладоьгIург а «Леонидан рейд» йара — и цIе тиллинера зекаша оцу гIуллакхна цу сохьта.
Миччахула хезий а, зекашка дIакхочура Леонидан рейдах лаьцна долу керла дерг, тIе, иза цара, шайна тамехь хетачу агIор та а дой, даржадора массо баракашкахула — иштта кхоллалора зекийн фольклор. Леонидан тоба, схьахазарехь, тайгин хьаннашкахула ма-хуьллу хьалхахьа дIаоьхура.
Лагеран хьаькамаша хIинца а Москва хаам ца бора, йа орца а ца доьхура: царна луург дара, уьш хьалха шаьш схьа а лецна, тIаккха дIахаийтар. Амма и ойла кхочуш ца хилира церан — Леонидан тоба дIаоьхура, шозлагIа тIаьхьайаьккхина отряд а йоха йина. ХIинца а, Москвага орца ца деха, Леонидан некъашца йолчу лагерийн хьаькамашка зIенаш йахьийтира, Леонидан некъаш а дехкий, схьалацахьара уьш аьлла. Амма ЛеонидангIepa тоба, цигаша шайна дуьхьалйаьккхина дошлойн дивизион а хIаллакйина, дIаоьхура кхин а, цхьаьнгге а саца ца луш. ТIаьххьара а, хаийтаза а ца бевлла, лагеран хьаькамаша дIахаийтира и Москвага:
— Сталинна а хIинца дIахиъна бах! Дукха оьгIазвахна, мекхаш дегадо, бохура, — вовшашка цу тайпана дуьйцуш, зекаша самукъадоккхура шайн.
Баттахь а дIаихира ЛеонидгIеран туьйра. Эххар а царна тIаьхьа, Москвара хиллачу омранца, вертолеташ тIаьхьадаьхна бохуш, а делира:
— Шиъ-м чудаийтина, бах, царех хIинцале, тIехь иттех лягавый а волуш, — кхаьънаш дохура вовшашка зекаша, шайна хезнарш а, луурш а цхьаьна иэдеш.
Эххар а, зекашна хазарехь, Байкал-Iомана а геннахь, цхьана акхачу хиэ йистехьа таIийнера уьш, довла меттиг ца йуьтуш, шина вертолетой, тIаьхьаоьхучу дошлоший, цигахь лохха охьатаьIначу вертолетера чу мохь а тухуш:
— Дийна дуьтур ду шу, карадуьйла, — аьлла.
Лахара хьала куьйга пулемет тоьхна, цIе йаьлла вертолет, хьаьвзина, хьаьвзина, хи чу а доьжна, бухадахара, бохура. Важа леккха хьийзира, тов, хIинца лакхара чу пулемет а йетташ… Леонидан накъостех, цхьацца вуьйш, виъ вийнера. ХIинца хьуьн чуьра схьалилхина богIу дошлой а гучубевлча, кхин дан хIума ца хилла, Леонида, царна а гуш, шен накъостийн декъий, цаьрга ца кхачийта, лекхачу берда тIера, уьш хи чу а кхиссина, тIаккха, ша берда йистте а хIоьттина, шена, йолуьйтуш, тапча тоьхна, хи чу а вахана, вайра, — бохуш, дуьйцура, ша а цигахь хилча санна, и дерриге «ма-дарра» хезна волчу Реваза, шена го а бина лаьттачу зекашка, ладоьгIуш йуккъехь Керим а волуш:
«Турпал ву Леонид!.. Грекийн Леониде кхоччуш турпал ву»! — дIайерзийра Реваза и зекийн исбаьхьаллин легенда. Керим ойлане вахна лаьттара: цо дагалоьцура Леонидца шен хилла къамел. Амма шен дагахь хIумма а ша-шех воккха ца вера Керим, шен хьекъал хIетахь совдаьлларг а лерина, мелхо а, халахийтира цуьнан бакъйолу турпала къонахалла, цIе йоцуш эрна йар. «Иза тIамехь вуьззина шен Даймехкан кIант а, бIаьхо а хилла, амма кхузахь кху кIиллойн карахь лай хилла ваха а, лай хилла вала а ца лиъна-кх цунна — и бу — кх цуьнан боллу бехк, Iедалхоша хIинца уггаре а боьхучу агIорхьа туьду болу… Къа йаI хьан, Леонид! ЦIе а йовр йу-кх хьан тIаьххьара а», — къахийтира цунах Керимна.
* * *
Леонидан гIуллакх толлуш, Москвара йаийтина талламчийн тобаа, массо а баракашкахула чекхйелира хоьттуш, хьанна вевза и, хьенан хIун къамелаш хуьлура цуьнца, и вадале хьалхарчу буса хьанна йуххехь вайнера иза, ишта дIа кхин а — царех теранаш а, тера доцурш а — дукха дара хиттинарш. Амма кхин схьалаца корта болуш хIума гучу а ца даьлла, цу талламан жамIаца Iедалхоша сацам бира, кхузарчу лагеран цхьаболу хьаькамаш чубохка а, Леонид Iийначу баракера а, иза чуихначу КеримгIеран баракера а бухабисна зекаш берриш а кхечу, кхин а генарчу лагершка дIасабекъа а.
* * *
…Керлачу лагерехь Керим а, Реваз а цхьана бараке нисвелира, амма бес — бесарчу бригаде.