Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
— Суна хIун хезна хаьий хьуна? Луларчу рецидивистийн зоне дохур ду, боху-кх вай кестта.
— И хIун зона ю?
— Рецидивистийн!.. Уггаре а луьрчу рецидивистийн! Уьш цкъа а балха а ца буьгу — шаьш дайъича а, уьш ца боьлху дела!.. Боьха буьйцу… Массо а цхьацца-шишша стаг а вийна… Дукха хьолахь гомосексуалисташ… Хетарехь, цаьрга дайийта дагахь доху вай цига.
— Ца даха а мега… Дахахь а, вай эшор бу уьш! — элира ондда Керима.
КхозлагIчу дийнахь, балхара йухайогIу кхеран бригада оцу зонина йуххехула йала дезаш хилира. Лекхачу йеакIов керта йеа а маьIIехь кхин а лекха диъ чардакх ирахдахнера, схьакъедаш пулеметаш а йолуш, хIоранна а тIехь шишша салти а гуш. Зонин арахьа кхин цхьа керт а йара. ХIорш цу йуххе дIакхочуш, кхарна а гуш, зонин арахьарчу кертахь, куьйгалхой чохь болчу шозза тIекIелйинчу гIишлонна хьалхха, йеъана, виллис сецира. Виллис тIера охьавоьссира цхьа инарла, цхьа майор, цхьа капитан, сов тайначу дегIахь, сирла-цIен йайн плащ а йуьйхина, сийна берет а тиллина, вуьрхIитта шо хир долуш тайна, хаза йоI. Инарлий, цуьнан ши накъостий гIишлонехьа волавелира. ЙоI инарлина тIехилира:
— Папа! Шу йухадахккалц со кхузахь Iайтахь! Кхузахь хаза ду.
Луьстта заза а даьккхина, бIаьсте мIакйаьлла хан йара. Дитташ тIехь олхазарш декара.
— Дика ду… Гена дIаса ма йаьллахь! — аьлла, иза чувахара шен накъосташца. Керим, Реваз, кхеран жима бригада, кхаа каноца кхуззахь арахь севцира, керта а хьоьжуш, цхьа барт хилча санна: оццул лакхара хьаькамаш кху генарчу Iуьрге хIунда баьхкина-те хаан лаарна тIе, цкъа а кхузахьа гина а йоцчу исбаьхьачу йоIана тIехь шайн бIаьрг а сецнера церан.
ЙоI йолайелла, кертарчу банин гIишлонна тIехьа йелира. Цигахь дитташ сов дара, олхазарш а дукха декара. Банина ремонт йеш ткъех сов, зони чуьра керта ваьккхина, зек хиллера. Царах цхьамма, неIарах ара а къедина, элира, Ревазан тидам хуьлуш:
— ЙоI, къахетахь тхох! Хьайн йелахь, жимма кхалла хIума лохьа!
ЙоIа, безаме сирла йелакъежна, шегара дикадерг гайта меттиг йаларх а йоккхаеш, жима ридикуль схьайиллина, чуьра схьаэцна, шеколадан цастар дIакховдийра цуьнга. ЦIеххьана, пхьарс лаьцна, барзо буьхьиг санна, маса неIарх чутакхийра цо йоI. Цхьа доьхнарг хIинца хиллий хууш, Реваз цу гIишлон арахьа долчу корехьа дIахьаьдира. И кIеззиг дIатеттина чухьаьжча, цунна гинарг инзаре дара: рецидивисташ йоIана ницкъ беш бохкура.
Ревазе мохь белира: «Шу хIун деш дохку?!» Бел эцна тIеволавелира цхьаъ, вуон велакъежна:
— «Йахитта кхузара!» — тIечевхира и. Вухахьаьдира Реваз, шайн каношка дийцира. Амма уьш меттах ца хьайра. Ревазна моьттура, цара, сихха тIебахна, шайн автоматаш тIейустур йу рецидивисташна. И ца хилира, амма лакхара кано сихха хьаькамийн гIишло чу вахара. Минот йалале инарла а, цуьнца майор, капитанний, шайца кхузара зонин хьаькам а, цуьнан ши-кхо накъост а волуш, аралилхира.
Зонин хьаькаман омранца банина ремонт йеш хилла рецидивисташ сихонца цкъа йуха зонин керта дIабигийтира берриш а. Банин гIишлон чоьхьа бевлла, хьаьвсича, цIенкъахь Iуьллура йоI. СадоьIуш йацара иза. БIаьргаш къарззийнчахь диснера. Ший а пхьарс, саттийна, букъа тIехьа дIабихкинера. ЙоI йелла йара. ЙоьIан сийна берет а, плащан сирла цIен кескаш а дIасакхиссина Iохкура. ЙоьIан докъе хьоьжуш, гIорийча санна, меттах а ца хьовш, лаьттара инарла а, цуьнан накъостий а. Керимна генара гира инарлин бIаьргашкара схьатоьхна сийна алу.
— Шаршун йуккъе а хьарчайай, «виллис» тIе йаккха йоI! Цуьнан… хIуманаш а… — элира инарлас майоре. Сихха кхочушдира. Инарла лаьттара, бос баьхьна, цуьнан бIаьргаш ткъесах догура. ХIинца цо, фронтехь эскарна хьалха санна, дегI нисдина, лагеран хьаькаме омра дира луьрачу озаца:
— Йеа а чардакха тIера массо а пулеметаш цхьаьний тIейетташ, байий дIабаха массо а! Минот йалале!
— Мегар дац, накъост инарла! Инструкцино ца могуьйту! Пхи бIе а сов ву уьш, — дуьхьало йан гIоьртира лагеран хьаькам.
ТIаккха инарлас ша йаздина, кIел куьг а таIийна, кехат дIакховдийра цуьнга:
— ХIа… ХIара сан куьйга йаздина омра ду хьуна! Кхочушде! Хьо бехке хир вац! Ца дахь, ас вуьйр ву хьо! «Бовда гIоьртинчохь байа»! — элира инарлас.
— Кхочушхир, накъост инарла! — аьлла, зонин хьаькам дIавахара.
Кестта, арахьа лаьттинчу КеримгIарна а хезаш, йеа а чардакх тIера массо а пулеметаш цхьаьне йетта йолийра. Церан татанийн йуккъехула маьхьарий, цIогIанаш схьахезира. Кестта севцира уьш массо а. Пхи минот а йалале вухавеанчу зонин хьаькамо рапорт дира:
— Хьан омра кхочушдина, накъост инарла!
«Виллис» тIе а вахна, шаршун йуккъе хьарчийна Iуьллучу, йоIан докъе хьаьжна, инарла вилхира:
— Ас хIун эр ду хьан нене? Ас хIун эр ду хIинца хьан нене?.. — шозза йухахаьттира цо ша-шега. Шена йуххерчу майоре:
— Со хIинцц… — аьлла, массарна а гуш, дитташ долчухьа велира иза, хьоткъана волучух тера.
Амма Керимна гира: маьлхан зIаьнаршлахь дешин басахь йехха къегара цо дитта тIехьа а ваьлла шен бIаьштиг тIе йаьхьначу тапчанан биргIа… эххар йелира. Иза охьавуьйжира. Майор а, бисина накъостий а, тIехьаьвдира: тIаьхьа дара — инарла хIинца хIумманна а кху дуьнен чохь жоп лучохь вацара…
* * *
Цигара шайн лагерехьа шаьш бухабогIуш, Керима элира Ревазе:
— Дагара ца йолу-кх и йоI… цуьнан сийна берет… сирла-цIен плащ… БIаьстено Iехийнера иза… Ма кхоам бара цуьнан!..
Йуха тIетуьйхира:
— Делахь а оцу цхьана йоIана тIехула и пхи бIе сов рецидивист цхьаьний байа бакъо-м йацара инарлин!..
— Уьш — м байа хьакъдолуш, нийса байира цо!.. Дика байира!.. ХIинца цара вай… дойур дац-кх, хьуна! — цIаро йагийначу шен йуьхьа тIера ирча моьнаш дIасадаржош, сирла велакъежира Реваз. ТIаккха тIетуьйхира:
— ХIун хаьа, и инарла а вайна диканна ца веънийла а!.. ХIинца вай кхечу зоне а дохур дац! — Инарлех а къа ца хийтира Ревазна. — Бакъду, и йоI-м йицлур йац суна!.. — дIадерзийра цо.
* * *
«Ма ца оьшуш, ма совнах хIума йу адам кху дуьнен чохь», — аьлла, хийтира йуха а Керимана: дехьарчу терхи тIехь Iуьллура велла зек, цхьамма а хьаха а ца веш. И дIаволларан гIайгIа дагалоцуш а вацара цхьа а: «Бакъду, буса хIун шапаIат дан тарло цунна? Иштта а, вуьшта а сахиллалц собар дан дезаш хилча»… Амма Керимна наб ца кхетара — ойланаша хьийзавора: баракера денна цхьацца-шишша дакъа, ткъа лагерера-м денна уьш иттех а сов дIахьора. Йуха, оцо цхьа а йа цец а ца воккхура, йа ойлане а ца вожавора. И гуш, Кериман цкъацца ойла хуьлура: «Ма тоьлар-кха суна а, уьш санна, кху дуьнен чуьра сихха дIаваьлча», — олий. Амма, кIоргге шен даг чу хьаьжча, вала а ца лаьара. «Кхуьур ву… Валар карара дер дац… Цкъа хьалха Кесирий, Каташший, Заретий а гина… тIаккха», — олий, даго дIатоттура кхераме ойла. Керима тахана кхозлагIа а дахьийтира цIа — Кесире кехат а, Москва — СССР-н Прокуроре арз а…
Ойла йеш,