Категории
Самые читаемые
PochitayKnigi » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 68 69 70 71 72 73 74 75 76 ... 122
Перейти на страницу:
тайпа белхаш а бацара. Эххар а бакъо йелира спецпереселенцашна а шахташкахь болх бан. Массо а цига дIахьаьлхира: алапаш а дара даккхийра, тIе, наггахь Iен хIусам а лора…

— Ткъа… меттигернаш хIунда ца боьлху цига балха?

— Уьш шайн цIахь бу: уьш мичча а дIа ма оьцу, ткъа шахташкахь, маьIда доккхучохь, силикоз боху вон цамгар хуьлу.

— ХIун тайпа маьIданаш ду кхузахь.

— Дукха хьолахь — даш. ЦIаста а, цинк а хуьлу. Наггахь деши а… Кхузара маьIданаш тIеман гIирсашна оьшучех лору.

— Ткъа хьо ца кхоьру… силикозах?

— Кхерахь а, дан хIума дац… Цхьаъ ца лелийча ца волу… Ларвалан хаа а деза: коьртаниг вахош долу малар цамалар, цигаьрка цаозар, ма-хуьллу хьена йууш хилар, шен рожехь шура мийлар ду. Сан луларчу оьрсичун, — цо болх бен пхи шо а даьллашехь, хIинцца рентгенехь хьаьвсича а, пехаш цIена карийнера. Цул совнаха, цо, ша шахти чуволуш, шина а мераIуьрга башийначу бамбин цуьргаш а йухку.

— Керим! Вайша а ваха ма везара цига балха! Цхьана баттахь цIа ваххал ахча а доккхур дара!.. Кхин цхьа бутт хьан доьзало хьоьга хьоьжуш баккхарх, доха хIума а дацара, — элира Ширванис.

Махьмуд йукъагIоьртира:

— Делахь а, хIинца вайнах хецца дIа ца оьцуш долийна цара йуха а.

— ХIунда? — цецвелира Керим.

— Гой хьуна, амнисти хиллачул тIаьхьа, кхузахьа даккхий алапаш а ду, баракаш чохь Iан меттигаш а ло, аьлла, шортта схьахьаьлхина, лецначуьра паргIатбаьхна урканаш. Дукха хьолахь оьрсий. Уьш болх боцуш бисар кхераме долу дела, хьалхарчу рогIехь уьш дIанисбо шахташкахь болх бан. Цара шахташкара меттигаш дIалаьцна. Тохар хилла белхалой цатоар а хIинца дац: хIинца царех йоьттина шахтанаш a, xIapa гIала а! Шахте балха дIанислург хIинца кхаъ бала а беза цигарчу хьаькамна а, комендантана а.

Керим а, Ширвани а вовшашка хьаьжира:

— Вайша кхуза кхаьчча, доха дисина хилла xIapa гIуллакх, — эккхийтира Ширванис.

— Амма шахтанийн урхаллехь берш реза бац тIаьхь-тIаьхьа урканаша бечу балхана: болх ледара бо цара. Церан метта, уьш дIа а бохуш, цаьргара цхьаъ ма — даьлла, йуха а нохчий дIаэца болийна. Цу тIехула вайнаханий, урканашний йуккъехь хIинца эмгаралла а кхолладелла, цабезам а баьлла. TIe, кхузарчу коменданта, Мехачевс а, шена аьттонна, и урканаш къайлаха вайнахана дуьхьал иракарахIиттабо а боху. Тахана вокзалехь нохчех леттарш а уьш бара.

— Комендантна хIун аьтто хуьлу цунах?

— Спецпереселенцашна тIехь кхерам а латтабо, урканийн ойла кхечухьа а йерзайо… Гой шуна, хIинца а, марха досту де кхана-лама тIекхочуш, долийнарг: «Нохчаша марха достуш гIурбанна оьрсийн бер диэн тIелаьцна. Массара а ларделаш шайн бераш», — аьлла, хабар арадаьккхина. Гой шуна, ца хууш а хIокху деношкахь оьрсех цхьаннен бер дахь, и стенна тIедогIу?.. ЧIогIа вайна кхераме хабар ма ду и цхьана йовссаро арахецнарг!..

Iуьйрана, Ширванина лаарца, хьалха кхузарчу нохчийн кешнашка бахара уьш. Махьмудан зудчунна Селисатна тIе а диллина Ширванин зуда Ламара йолу меттиг хаттар.

Кешнашка дIакхаьчча, Махьмуд цецвелира: аннех йина кешнийн керт йохийнера цхьаццанхьа. Махьмудан гIоьнца халла карийра Ширванин ден а, ненан а, берийн а кешнаш: церан цIерш тIехь йолу чарташ а дара йуххехь, цхьамма-м охьатоьхна, Iохкуш. Ширванис бIаьргех йовлакх хьаькхира. ДоIанаш дира кхааммо а. Халла йуха дIанисдира охьатоьхна чарташ. Кешнаш- кара арабовлуш, вукху маьIIехь, керта тIехь кираца йаздина гира: «Нохчий, аша тхан стаг вехь, оха xIapa кешнаш шух дузур ду!»

Вовшашка хьаьвсира. Бист ца хуьлуш богIура.

— Гена воцуш Iаш сан ваша Хьамзат ву. Оцу урканашца цхьаьна шахтехь балхахь ву иза. Цо хIун олу хьовса вай…

Хьамзат йуьхьа тIехь мелла а цецваьлла хийтира:

— Шахтехь соьца балхахь болу урканаш цIеххьана херабевлла селхана дуьйна. Ца хаьа, царна хIун дагадеъна… Тахана тхан шахтерачу цхьана уркано, Сопла, чукхайкхина соьга а, соьца волчу Хьамаде а. Вахана хьожур ву…

— Цигара тхоьга дIавоьллахь! — аьлла, Махьмуд вукхушинца дIавахара. Йоьхна, дуьхьалйеара Махьмудан зуда Селисат.

— Цхьа урканийн жIуга вайн керта а йеъна, цхьа оьрси жима кIант вайна шайн, и лоьхуш ду шаьш бохуш, кертах а хьаьвсина, дIайахара…

НеI ца тухуш, чувелира лулахо Родион…

— Махьмуд! Лардала деза шу. Урканаша билггал цхьа зулам дагалаьцна. Нохчийн массо цIенош ду хIинца кираца жIараш тIейехкина, къаьсттина Новостройкехь. Комендантана дIахиъна. Цо нах арабаьхна мел йолчуьра и жIараш дIайайа. Цара «лоьху» и бер а, йа цIе йолуш а, йа хьенан ду хууш а дац, бохура коменданта. Гарехь, урканаша шаьш кхоьллина хабар ду иза.

— Комендант-м тхоьгахьа волчух тера ма ду хIинца.

— Муха дац! Цхьа боккха гIучIа хилахь, цунах ма кхета и! — элира Родиона.

— ХIа… Ширвани!.. Ламара шен шичошца кхузара бутт хьалха цхьанхьа — м кхелхина бохура… Тахана со йуха a гIyp йу хатта.

— Дийна хилар хиъна а дика ду… — Ширванин йуьхь къегира…

Садайча, сингаттаме хабарш хезна, веъна Махьмудан шича Эласий а волуш, кехат санна кIайвелла, чуиккхира Хьамзат:

— Хьамад вийна!..

Массо хьалагIаьттира:

— Муха? Маца?

— Тхо Сопла волчохь Iаш, чувеара «Беха мара» цIе йолу, тхоьца балхахь волу кхин урка, дикка вехна а волуш, шеца кхин цхьа накъост а валош. Соплина тIевогIавелира иза:

«Кху чагIалкхаша вайн оьрсийн цIий муьйлу! Хьо кхарна мийлош Iа!..» «Оха мийриг-м къаьркъа дара… Охьаховшийша, хабар ца дуьйцуш»… — элира маслаIате Соплас. «Беха мара» цунна чукхоссавелира:

— Хьо вохкавелла кху акхарошна! Хаьий хьуна, хIай къутIа, цара хIинцале, кхана марха достуш, шайна гIурбанна диэн вайн оьрсийн бер лачкъинийла! — аьлла, цо Хьамадна тIе урс хьошшехь, Соплас цуьнан куьг дIалецира. Вукхо, Соплина тIехьашха урс тоьхна, и охьавожийра. ТIаккха Хьамада, хьалаиккхина, цунна тухушшехь, «Бехачу маро» Хьамадна а букъа тIехьахула финка дахийтира. Ас и ший а урка тIаккха вийра. Милици а тIекхачале со схьавеа…

— Ой-й!.. Хьо доьхна гIуллакх! — корта ластийра Махьмуда. — Эласий! Ахьа, гIой, лулахой кечбе! ДIахаийта! Ледара ма хила! — Эласий дIавахара.

— Вай хIинццехь кечдала деза! — элира Керима. Кораш, неIарш, ков, ринжа дика тIечIагIдира. Дагарш, аьчка вабанаш, белаш караийцира. Корехула урамехьа хьийса охьахаийра Селисат, Хьамзат.

— Хьуьлла гулбелла!.. — элира Селисата.

Керим, Махьмуд дIахьаьжча, урам баьсса хийтира, амма ураман дехьарчу маьIIехь, Новостройкин майда йолчухьа, гуллуш йоккха адамийн оьла хаалора, «Сокольни шахтехьара» а, Сталинан урамехьара а схьатIеоьхура. Адамийн оьла, керчаш, кегара. Кор диллина хьаьвсича, схьахезира маьхьарий, узарш, аьчган татанаш…

— Леташ бу! — элира Махьмуда. Ведда, керта вахана, шен цIахь дIахIоттош йолу, цIейойу йоккха машен лато хIоьттира.

— ХIан-хIа! Хьо гIyp вац цига! — тасайелира цунах Селисат. — Со берашца байлахь йита воллу хьо! Хьо вуьйр ву, гIахь!

— Вехь a, гIyp ву!..

— Селисат, хьо чохь Ie, гIopaш дика дIадохкий, тхо цига ца дахча ца довлу! — аьлла, Хьамзат а, Керим а, Ширвани а, Махьмудца машенахь дIабахара.

ХIорш дIакхаьчча, Новостройкин майданахь, беттан серлонгахь сих-сиха лепара белаш, дагарш, вабанаш, цхьацца аьчкаш. Оьрсийн а, нохчийн а маттахь детташ маьхьарий хезара: леккха хIаваэхула, батто серла а

1 ... 68 69 70 71 72 73 74 75 76 ... 122
Перейти на страницу:
Тут вы можете бесплатно читать книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев.
Комментарии