Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
ТIом чекхбаьллачул тIаьхьа, Сталина а, Берияс а, арайаьккхина амнисти, йа пачхьалкхана а, йа халкъана а пайдехь йолчу aгIop йоцуш, мелхо а, урканийн, уголовникийн аьтто боккхуш нисйинера: уьш эзарнашца лецначуьра схьа а хецна, баьржира гIаланашкахула къоланаш, зуламаш карладохуш, Ткъа цхьа а бехк а боцу, йийсарехь хиллий, политически нийса баций, бохуш, лецнарш Iазапехь бахка битира, махкана а зен деш.
Цул сов, тIехула къаьмнашлахь барт а кхайкхош, чухула ма-хуьллу и барт буху aгIo а дIакхоьхьура Сталина а, Берияс а, массо сталинхоша а: цкъа-делахь, советан къаьмнаш, чинехь доькъуш санна, дийкъира цара бес-бесарчу дарже дерзош, цхьа къам — «воккхаха волу ваша», важа къам — «жимаха ваша», аьлла, цIерш а техкина. ТIаккха иза а ца тоьуш, Советан Iедална йамарт хилла аьлла, тIе цIерш а кхоьллина, Советан кхечу къаьмнийн царах безам а бойуш, къиза махкахдехира дуккха а къаьмнаш. Оцу махкахдаьхначу къаьмнашна дуьхьал, уьш тIеттIа сийсаздеш, шайн агитаци саццанза дIа а кхоьхьура сталинхоша. Цара тесначу оцу xIyx даьлла дIовш дара тахана Лениногорскехь, Новостройкин майданахь, кхехкарг:
— ТIетоха! Ма кхоае и нохчийн чагIалкхаш! — мохь беттара цхьамма.
— ТIетоха, дIайаха оьрсийн хьакхарчий! — мохь беттара вукхо!
Лакхарчу кхетамехь болчеран ницкъ кхаьчнехь а, сталинхойн питанан дуьхье кхиан, цуьнан дIаьвшах лардала, амма кхетам лахарчу тIегIанехь бисинчеран, къаьсттина утоловникийн а, кетаркочийн а — шайн къомах тасаделларг деган лазамца тIеэцан бен, — и нийсачу aгIop тидан йа хьекъал а, йа собар а ца кхочура. Уьш бара тахана, шайна цхьамма а тIедиллина а доцу гIуллакх — къомаллин йахь а къевсина, вовшахлетарш, йа вовшашна хIинццалц дина зулам а доцуш, йа вовшийн цIерш а ца йевзаш, йа ур — атталла, вовшийн муьлш бу а ца хууш, вовшийн къиза бойурш, акхароша санна, хьере маьхьарий а детташ:
— ХIаллакье чагIалкхаш!
— ДIайаха хьакхарчий!..
Маьхьарий… цIогIанаш… Узарш…
Махьмудана гира майданан дехьа йистехь урканийн тоба, нохчий йуккъе а боьхкина, царна тIейетташ. Шен машен, цкъа йуха а йаьккхина, тIаккха хаьхкина, царна тIехьашха тIетуьйхира Махьмуда. Урканаш йуха ца бовлура. Махьмуда йуха а тIехаьхкира. Махьмудна йуххехь, кабинехь, гIодайуккъелц ара а кхевдина, леккха дIаса карара диг а лестош, цунна некъ боккхуш, и ларвеш цуьнан ваша Хьамзат а вара. Ширвани, сиха машен тIера охьа а иккхина, шен ваба а лестош, летачийн оьлана йукъахь вайра. Цунна тIаьхьа кхиъна йоьдура, карахь аьчган чIу а лестош, логах цIен шарф а хьарчийна, тайначу дегIахь цхьа къона зуда:
— Йайа и чагIалкхаш! — мохь беттара цо. Керим нохчочух тера а ца хетта, цунна йуххехула тIехйелира иза.
Керимна тIеIоттавелира:
— Махьмуддий, Хьамзаттий гирий хьуна? — аьлла, церан шича Эласий!
— ДIогахь! — машен гайтира Керима…
Цу aгIopa шен ма-хуьллу хьийзаш, логах цIен шарф а йихкина, и къона зуда а йара. Кест-кеста: «Же йама, Маруся!» — олий, накъосташа иракарахIоттайора иза…
Майданна дехьа маьIIе хIинца схьакхаьчна лаьтташ милицин хормехь цхьа жимо тоба а йайна, йистошкахула царна тIевахара Керим.
— Со а ву тIемало, майор хилла, шуна оьшучунна тIехь гIo дан кийча. Ма латта вай? — элира цо, ша нохчо хилар билгал ца доккхуш.
— Дан хIума дац… Вай верриг а пхиъ бен вац… Долу герз йукъадаккха бакъо ца йелла…
— Ткъа иштта лаьттар ду вай?
— Эскархошка кхайкха вахийтина. Профсоюз, комсомол — бийшина Iохку, тахана пайденна а бац.
Керимна кхузара а гора Махьмуда, йуха а йохуш, йух-йуха тIейетта машен, кабинин чуьра гIодайуккъалц ара а кхевдина, ткъес санна, карахь диг дIасалестош, Хьамзат а волуш. ХIаваэхь леккха ваба дIасалестош, Ширвани а хьийзара дIогахь. Кериман бIаьрг кхуьуш, кхин берш дIаса а теттина, Ширванина тIекхечира, логах цIен шарф йихкина, тайна дегI долу къона зуда. ТIехьашха ластийна Ширванин коьртах чIу туьйхира цо, Ширвани вожош:
— Лаббайк, Маруся! — и къобалйеш, цIогIа делира цуьнан накъосте. Керим дIахьаьдира: Ширвани Iуьллура, сихха садоьIуш, багах чопа а оьхуш, го бина и ларвеш, кхо-виъ нохчо а лаьтташ. Керим дарвелла, оцу зудчунна тIаьхьавелира. Шен чIу а лестош, Маруся хIинца сихйелла Махьмудан машенехьа дIатеIара. ТIекхаьчна, чIу тоьхна, диг лесточуьра Хьамзат а вожийна, иза Махьмудан пхьаьрсах тасайелира. ТIекхиъначу Керима охьа ийзайора иза.
Мичара волу ца хууш схьаиккхинчу Эласис оцу сохьта:
— ОхьатаIлахь, Керим! — олу хезира цунна, амма оццу секундехь шен коьртах чхар кхетта, кхетам чуьра волуш, охьавуьйжира Керим циггахь. Эласий, кхоьссина и зуда дIа а йахийтина, Махьмудана улло хIоьттира… Йуьхьанца урканаш сов хиллехь а, ткъа хIинца нохчий, тIеттIа тIеоьхуш, совбуьйлуш лаьттара. Цигара йухайаьлла, урканийн цхьа тоба вокзалехьа таьIира, важа — Сталинан урамехула дIатекхира. Комендантан цIеношна тIехь, забарийна, йа хIуьттаренна цхьамма йиллина жIар а йайна, иза нохчийн цIа ду моьттуш, тIелетира уьш кевнах, иза чуьрадаккха а гIуртуш. Кор а диллина, чуьра йолуьйтуш, схьатоьхначу тапчано хаийтира кхузахь бегаш хир боцийла. Сихха дIабевдира цигара. Дуккха а эскархой, отрядашца, аьчган некъахула схьакхечира хьалха вокзале, тIаккха, тIемалойн низамехь бекъабелла уьш, дов дол-доллучу меттиге дIахIиттира. Майданахь а, урамехь а, вокзална йуххехь а леташ мел хилларг дIалецира. Лазийнарш больницашка а хьовсийна, декъий кхочучаьрга дIадахьийтира. Майда а, урамаш а дIацIанделира цу сохьта.
Iуьйранна эскархойн векалша таллам болийра. Хьалха — «Iедална а йамарт хилла болу нохчий» бехке хетта, царна тIебирзира уьш. Амма нохчошкахьа, церан бехкбацар хоуьйтуш, дагахь а доцуш, доггах гIодаьккхира меттигерчу бахархоша а, казахаша а, шахтин урхалло а, тIехула тIе — коменданта а. Бехк болу уркаш берриш а схьа а къастийна, суьдан кхелаца йухалаьхкира шаьш хиллачу лагершка. Нохчашна йуккъера а лецира цхьацца «барамал тIехбевлларш».
Больницехь йух — йуххерчу маьнганаш тIехь нисвелира цхьатайпа чов хилла Ширвани а, Керим а. Цхьаьний йуха кхетам чувеъна и шиъ, и дов чекх муха даьлла ца хууш, саготта вара. Кестта оццу палати чу виллира, аппендицит хилла, гIалин прокуроран гIоьнча.
— Дийцахьа, хьуна хаа там бара, муха дIадирзира и дов? — хаьттира Керима.
— Урканех 27–нна хенаш туьйхира. Биснарш, байн бехкаш берш, кхечу меттигашка дIасахьовсийра, цигахь низаман тергоне а лоцуш. Нохчех цхьанна диъ шо хан туьйхира.
— ХIунда?
— Цигахь цхьа зуда йерна.
— Логах цIен шарф а йолуш? — хаьттира Керима.
— ХIаъане!
— Тайначу дегIахь?.. Маруся?.. — элира Ширванис.
— Шуна-м и йевзаш ма-хилла! — велакъежира прокуроран гIоьнча.
— Ас йуьйр йацара иза… Цо сайна тоьхнехь а!.. Массарел майра леташ йара и!.. TIe хаза а йара! И хIунда ца йитира-те цо?.. Зуда ма йара и, — элира Ширванис.
— Цуьнан ваша вийнера цу зудчо.
— Iедалхой озийрий жоьпе?
— Комендант а, кхузарчу милицин хьаькам а дIаваьккхира балхара. Шахтин урхаллехь белхалой кхетош Iаморна жоьпе верг партера а вохийра.
— Мел хир бара-те шаберш цигахь леттарш?
— Хаац. Дийцарехь, урканаш пхи