Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
— Горкомехь ца хаьа-те? — хаьттира ас.
— Айсса, вахана, ма-дарра и хьал цаьрга хьалххехь дIа-м дийцира, сайн декхар хеташ: «Дика ду… Са ма гатде», — аьлла, вухаверзийра-кх со… и гIуллакх дIадижо кхин хIумма а ца деш.
— Делахь-хIета, царна и хууш хилла ца Iаш, xIapa кегаре оьшуш а хилла-кх царна, — хийтира суна.
— Тера ду! — корта таIийра Базоркина.
Веана, тхойшинна тIехьа схьахIоьттира, тхойша вевзаш а воцу, оцу районан райкомера ши куьйгалхо, схьагарехь, цу пхьоьханахь гIуллакх дIа муха доьду хьажа. Базоркина, церан тидам а ца беш, ша дийцина волуш, оьрсийн маттахь оьгIазе эккхийтира:
— Настоящая вакханалия!
— Нет, это не вакханалия, а Грозненский пролетариат выражает свою волю! — элира цу шиннах лекхачо. Iаьржачу аматахь волчу цуьнан накъосто и тIечIагIдира:
— Она направлена как раз против их вакханалии и бесчинств.
Тхойшиъ цигара кхечухьа велира. ХIинца трибуна тIера мохь бетташ гора, охьадаьхкина сирделла мекхаш а долуш, Iаьржа фуражка а коьртахь, Iаьржа дуьйхина, цхьа стоммо стаг:
— Накъостий! ХIинцца кхоллайеллачу гIалин революционни комитето сацам бина правительствега деха нохчий цIа балочуьра совцабай, йуха дIабахийта аьлла!..
Пхьоьхана йуккъехула тийна цхьа кегийрхой а лелара, бист а ца хуьлуш, хетарехь, къайлаха суьрташ дохуш…
Обком партин корехула рупор чухула кхайкхира цхьамма нахе, «совца» бохуш. Пхьоьханара дIа мохь туьйхира: «Секретарь схьатIеваийта! Кхузахь трибунера жоп далийта тхан хеттаршна!» Обкоман кор тIечIегIира. Пхьоьхана йуккъера чхараш туьйхира хьала, обкоман корийн ангалеш чудоуьйтуш. Кхин а тIе карзахйаьлла пхьоьха хIинца майрайелира: царна йуккъера цхьа гIepa, хьаьдда, тIулгаш а карахь, тIелетира обкоман неIарех. Чулилхира. Шаьш коридорехь тIекхаьчначу цхьана-шина обкомхочунна, секретарна а тIехь, коьртах хIума а тоьхнера. Обкоман кехаташ, этIа а деш, кхуьссуш корехула аратуьйсура… Амма чухулара орца а кхаьчна, и гIepa сихха йуха арайаьккхира, хIинца обкоман неIаре гIарол дан эскарера автоматчикаш а хIиттош. Карзахйаьлла гIepa йуха а, IаддIан ца туьгуш, цигара Коьртачу почте хьаьддера, хIинца шайна хьалха ваьлла, и сира мекхаш долу, стоммо стаг а волуш, цигара ООН-е а, Москох а зIе йала дагахь шайн лаамах лаьцна. Амма цигарчу шина гIароло, шозза а шаьш аьллачул тIаьхьа ца соцуш, чугIоьртина волу церан хьалхарниг, циггахь топ тоьхна, массарна а гуш, охьавиллича, гIepa, сиха кхетаме йеъна, цигара йухахьаьдда, пхьоьханахь йаьржира, орца дохуш… Цул тIаьхьа хIун хир дара а ца хаьа, и гIуллакх иштта дахделлехь, амма кестта орца кхечира: ХIирийчуьра инарла Плиев а коьртехь эскар а кхаьчна, йохийра и пхьоьха. Коьрта бехкенаш, хала а ца карош, схьа а карийна, оцу дийннахь чубоьхкира. Шайн дагахь нохчашна дуьхьал аьлла, цхьаболчара кIелдIахула нисйина и «митинг» Советан Iедална дуьхьал хилар цу сохьта Iopaдолуш, царна ца моьттучу агIорхьа дIайирзира…
— ХХ-гIа съезд хиллачул тIаьхьа а, МолотовгIеран антипартийни группа йохийначул тIаьхьа а, гIерта-кх уьш, — элира Селитас.
— ГIерта-м гIерта, амма церан зама йуха а йогIур йоцуш дIа-м йаьлла… Къаьмнаш декъарх, уьш вовшашца эгIарх пайда паччахьна а хуьлура, Сталина а оьцура… Со оьрси йу… Суна дукхадеза сайн халкъ, ас куралла а йо цуьнан исторех, культурех… Амма оьшурий-те оьрсашна а, оьрсийн халкъана а, цунах «воккхахволу ваша» а аьлла, иза ша къастийначу дарже айар? Делахь а, иза иштта Сталина дира-кх, ша цунна дика даран сурт a xIoттош, амма иза кхидолчу къаьмнех мелла а херадоккхуш, Iедал шен карахь чIагIдархьама. Къоман культ цхьана стеган культал а зуламе йу. ХIинца Грозный-гIалахь хилла и митинг а оцуьнан цинц бу.
— ГIалахь цхьа нохчо а лаьцна, Ермоловн памятник эккхийта гIоьртинера аьлла, — кхин а хаийтира Керима.
— Иза а, дера, йац цигахь оьшуш, вайн ши къам вовшашна дуьхь-дуьхьал даккха дагахь воцчунна… Ермолов мичахь хилла Грозный-гIалин йуьхь йолорхо? Цо дуьххьара дIа эццигахь йинарг эскархойн гIaп хилла-кх… Ткъа уьш масаний хилла? Уьш массо а лорий-те иштта? Йа хиллий-те Ермолов Наполеонна дуьхьал бинчу тIамехь иштта ша ма-вуьйццу воккха турпал а?.. Масала, Багратион, Раевский, Давыдов, Барклай а санна?.. Мелхо а вон тешалла дитна цунах, цуьнан оьздацахиларх Пушкина а, Грибоедовс а, — Анна Львовнин йуьхь йай-й цIийеллера.
— ГIаларчу цуьнан памятникна тIехь йаздина Грибоедовн дика дешнаш ма ду, — элира Керима.
— Цо йуьхьанца аьлла… Амма Грибоедовс, и шена вевзина ваьлча, тIаьхьо аьлларш?.. Уьш-м ца йаздина!.. «Ермоловн къизалло эхь дина оьрсийн цIарна»… Кхин хIумма а ца хилча а, дера тоьур ду цуьнан, шу цIадерззалц, цу тIе а йаздина, латтийна долу нохчех лаьцна маьттаза дешнаш… Уьш цуьнан шен оьздацахилар гойтуш дара…
— Уьш дIадайина, амма у хIинца а латтош ду: «ХIун хаьа — йуха а зама хийцалой а» бохучу дагахь, — эккхийтира Керима.
— Зама йогIур йу: у а дIадоккхуш… Ермоловн сибат а цигара дIадоккхур ду, — чIагIдира Анна Львовнас. — И дерриг а сталинхоша шун къоман хIуьттаренна Ермолов а айи, имам Шемалх «туркойн агент» а ви. Им чекх са а гуш дара…
— Оввай-кх!.. Цкъа чекх, мукъна а, далахьара-кх массо а къаьмнех цхьа къам а хилла, тIаккха Iийр дара-кх, цхьа а къийсамаш а боцуш, — йукъагIоьртира хIинццалц тийна Iийна Селита. — Ас цунах лаьцна сайна хазахета цхьа стих йеша шуна?.. ЛадогIийша!.. йоцца йу шуна, — дийхира Селитас.
Века все смелют. Дни пройдут.
Людская речь в один язык сольется.
Историк, сочиняя труд,
Над нашей рознью улыбнется!
— Дика стихаш йу, Есенина йазйина… Амма, массо а къаьмнех а цхьа къам а хуьлуш, массо а адамийн меттанех цхьа мотт а хуьлуш йолу зама, хаалахь, оьшуш йац, хьуна: къаьмнаш бертахь хила деза, амма вовшашлахь иэ а делла, дан ца деза. Бешан хьал а, хазалла а зезагаш шортта бес-бесара хиларца йу… Адамаш эгIориг къаьмнаш бес-бесара хилар дац — вуон адамаш ду. Цундела, сан хьесапехь, тахана коьртаниг ду: бес-бесара долчу дуккха а тайпанех, умматех, тобанех мел болу а оьзданаш, цхьабарт хилла, цхьанакхетар: цара тIаккха вуон эшор дара.
— Лев Толстойс а и ма-аллара, бохий ахь, — тIетуьйхира Керима.
— ХIаъанний! — резахилира Анна Львовна. — Суна хетарехь тахана: «Дуьненан массо а мехкан пролетареш цхьаьнакхета» а ца бохуш, «Дуьненан массо а мехкан оьздаберш цхьаьнакхетта!» аьлла, кхайкхо дезар-кх! TIe… пролетареш цхьана а кхетта, баьккхина толам а ма ца гой вайна, йа Америкехь а, йа Малхбузе Европехь а!.. Тахана оьшурш Робеспьеран, Маратан масалш доцуш, кхин масалш дара-кх: Лев Толстой!.. Махатма Ганди!.. Альберт Швейцер!.. Ян Корчак!.. Куьг чIогIачарел а дуьненна тахана дог диканаш, дог цIенанаш оьшу!..
БIаьрг цунна тIебоьггIана, ладоьгIура шина а йишас.
— Ма дика ду вай йуха