Категории
Самые читаемые
PochitayKnigi » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 95 96 97 98 99 100 101 102 103 ... 122
Перейти на страницу:
нисйечуха, цо, лаца ца богIучу кепара, цуьнан пхьарс лецира. ЦIеххьана тата оьккхуьйтуш, тIара делира. Цициговн коьртара шляпа а, мера тIера куьзганаш а генна дIадахара, багара цигаьрка йоьжна Iуьллура, кIур а оьхуш.

— ХIай! Iадатийн тIуьйлиг! Хьайн Iадаташ гойтуш хир йу хьо! Ас хоуьйтур ду хьуна! — карзахвелира иза.

Даьлла тата а хезна, важа накъост тIевеара. Хьелиозархой а тIегулбелира.

— Хьовсийша, сурт доккхуш пхьаьрсах куьг хьакхаделча, туьйхи-кх! — оьшучул а чIогIа мохь беттара цо, кху йуьхьIаржонах, ша хIун дича, хьалхавер вара ца хууш.

Керим а, учетчик а тIевеара.

— Ас хIинцца акт а хIоттийна, суьде лур йу! Ас… чуйуллуьйтур йу хьо! Пачхьалкхо ца могуьйту шен корреспондентан сий дайар! Iадатийн къуьрдиг!

— ХIан-хIа! Суна гира ахь цуьнан пхьарс муха лецира, — элира Алпатус.

— Суна и цуьнан лере таьIаш а, дера, гира! — тIечIагIдира вукху дояркас.

— Суна… тIара долуш а, дера, хезира! — Зурас а аьлла, массо а дояркаш гIадбахана белабелира.

— Делан дуьхьа! Ма нийса тоьхна тIара ду-кх и, Нурседа, да-м! Оцу куьйга ахь шура алсам йаккхарх хIинца хIумма а тамаш ца бо-кх оха! — хастийра и Алпатус.

— Сий доцу йамартхой! — Хьоза карзахвуьйлура.

— Тхан а, хьайн а сий дойу йамартхо хьо ву-кх! Хьан кассета чохь пленкаш а йацара новкъахь дуьйна!.. Валол! — аьлла, иза вукхо хьалха а ваьккхина, дIабахара уьш.

— Дера, ца хаьа, Нурседа, Баккъал, хьуна хьан йелла и бакъо нахана тIара детта! Хьо-х партехь йу! ЧIоггIа дIааьлча а, тоьар дац ишттачохь?.. Хьо йезаелла хила а мегарий иза-м, — забаре бехк баьккхира Керима, амма цунах шен дагахь воккхавера иза.

— Суо партехь хиларна лардо ас сайн сий! И тайпа эвхьазло суна ца оьшу! И санначарна и хьалххе дуьйна а хууш хила деза!

— Дера, и лерган потт эккхийтичий бен Iадда ма ца Iа цхьаверг! — гIодаьккхира Алпатус.

— Цо хIун дора, цкъа Сиржа-эвлара хьаьмц кхаьллича санна, цIоцкъам саттош, тIаккха, гIалара кампет йиъча санна, балдаш цIубдеш? ДIахьовсал дIо: хIинца а кIур оьхуш, лаьттахь богуш бу, шуна, цуьнан безам, — аьлла, лаьттахь Iуьллучу цигаьркана тIе пIелг а хьажийна, берриш йуха а белийра Зураа.

— Бакълоь, бакълоь Нурседа! — массара къобалйира иза.

Цигара райцентрехьа вахара Керим, новкъахь Нурседин ойла а йеш: «Ийна йу, амма эвхьазло йезаш йац! Оьзда а йу, къонаха а йу!» — сацийра цо.

ТIаккха Кериман ойла шен цIентIерачу хьолехьа йирзира: «Дикачохь, райцентрехь пачхьалкхо йелла хаза хIусам лаьтта, амма чохь дог тIеузу синкъераме нур дагац… Кесира дIайаьлчахьана. Хьалакхиъна Каташ а кестта зуда а йалийна, шена вер ву… Жимачу Заретаца суо цхьалха муха Iийр ву со? — цу ойлано хьалха а кест-кеста хьовзавора Керим. Оцу ойланна тIе мосазза кхечи, лаамаза, йа лааме, Нурседа дагайогIура цунна, иза шеца бакъахьа а, хьакъ а хеташ. Амма кхетамо цу сохьта дIатоттура и, йуккъера лелийна гергарло а, Тавсолта а дагалоций. Делахь а, и ойла цуьнан коьртехь эвхьазайаьллера: «Цуьнан а ду, сан санна, бераш… со царна хьанал да а хир вара»… Амма Тавсолта йуха а дуьхьаллоций: «Йуккъехь иштта лелла гергарло хилча, наха а и харцахьа тидахь», — олий, йуха а дагара дIатоттура цо иза.

Делахь а… цхьа хан йаьлча, хьаьвззий, йуха а цу тIе йогIура ойла. Тахана а и ойла керлачу нуьцкъаца йехха сецира Кериман даг чохь, хIинцца хиллачо самайаьккхина. ХIинца дуьйна Кериман коьрта гIайгIа, хIун дина, оьзда хиндолчу aгIop, кхочушйийр йара-те и ойла аьлла, йара. Нурседас и магадахь, Тавсолтега ца хьоьжуш а, и йало сацам бира цо шен дагахь… Цо цу гIуллакхан сихо йан дагалецира, амма оццу гурахь Нурседа цIеххьана Эскинойн сельсоветан председатель хаьржира.

— Божарийн балха йахан-ц! — реза ца хилира Тавсолта.

ЙУЬРТДЕН ДЕЗАРШ

Сельсовет а, колхозан правлени а цхьана тхов кIел йара, тIе шифер йиллинчу йеттинчу кибарчигийн цIенош чохь. Йуьртден кабинета чохь, стоьла тIехь кехаташ а даржийна, шина куьйга корта а лаьцна Iан Нурседа, доккха са а даьккхина, арахьаьжира: маьлхан зIаьнаршлахь коре кхевдина гаьннийн гIаш, буьйран басахь къегара, мох а боццушехь, меллаша охьаоьгура, дитта кIел можа палс баржош.

Кехаташна тIелахйелира Нурседа: xIoкху деношкахь сельсоветан сессехь а, тIе хIинцца райсоветехь а чIагIйинчу плано некъаш тадарал, пачхьалкхан заготовка кхочушйарал совнаха, тIедиллинера йуьрта сихха электросерло йалор, школин кертахь мехкарийн интернат йар, ширачу Iадаташца къовсам марсабаккхар…

НеI ца тухуш, чувелира, боккха месала куй а коьртахь, къено йуьртахо. Нурседа, коьртара йовлакх тодеш, хьалагIаьттира:

— Охьахаа, Абубакар… хIунда веанера хьо?

— ЦIеношна тхов тIеберзоза биси-кх сан, Нурседа. ХIинца ахь гIo ца дахь, догIанаш ма-дилххи, берриг болх бов-кх сан… шифер оьшу… Колхозо йац эли…

Нурседас йаздина кехат делира:

— Вало, райсовете а гIой, цигахь председателе, йа цуьнан заместитель волчу, вайн йуьртахочуьнга Кериме xIapa дIало… КIеззиг йу хьуна церан… Йерриш ца лахь а, ах, мукъа, лур йу хьуна.

— ХIай баркалла! — кехат кисана а таIийна, йуьртахо дIавахара…

«Амма… массарел халаниг интернат йар ду… Бакъду»…

— Мегар дуй? — схьахезира оьрсийн маттахь.

— Мегар ду!

Чуйелира оьрсийн къона ши йоI.

— Де дика хуьлда хьан, Нурседа Тавсултановна! Тхойша керла йаийтина ши хьехархо йу. Тхан хIусамна, догIанаш ма-дилххи, чу ладар догIу…

— Цул сов, — элира вукхо, — кхузарчу туькана деана бепиг, шекар, даьттий… тхо балхахь дохккушехь, кхача а дой, тхо дуьсу… Тхуна буха дита алийша!..

— Дика ду. И шозлагIниг — кхана дуьйна а кхочушхир ду… ХIусаман гIуллакх ду халаниг. Сихха тайойтур йу вай!..

— Баркалла… Iодика йойла!.. — дIабахара уьш.

Цу сохьта телефон йийкира.

— ХIа-а! Де дика хуьлда хьан, Анна Львовна!.. Маса де ду цIахь сацийна? Фамили… дIайазйи ас: Хайдарова Эсила, пхийтта шо… Маре йала а дагахь бу? Тахханехь къастор ду… Эсила школе йуха хьажайойтур йу, хьуна, ас, Анна Львовна! Гур ду хьуна… Iодика йойла, Анна Львовна…

Йуха а шен ойланашна чуйуьйлира Нурседа:

«Бакъду, хала делахь а, уггар оьшург ду хIинца интернат йар: и ЭсилагIар, шайнна мехкарийн интернат а йина, божарех дIакъастийча, мукъна, дешна бовллалц йукъах ца баха мегара-кх болчара!..

— Мегар дуй? — схьахезира оьрсийчун аз.

— Мегар ду.

Чоьхьавелира лекхочу дегIахь, оьгIазваханчу сибатехь къона стаг:

— Накъост Берсанова! ХIокху тайпана гIуллакхаш дIадолхахь, со кхузара дIагIур ву… Стохка а милла лара со медпунктехь, хIинца а, кханий-кханий бохуш, дечиг даза ду… Iа мера кIел лаьтта.

— Олег! ОьгIаз ма эха! Дечиг хуьлуьйтур ду хьуна… Кхана суьйранна колхозан правлени хуьлу… дIавола. Со а хир йу. Цигахь дуьйцур ду вай.

И дIавахара. НеI ца тухуш, жимо йоI чуйелира.

— Дийцал, йоI, хIинца айхьа деанарг.

— Со лахахьара, хьер йолчуьрчу Iалвин йоI Миспаъ йу. Ас кху шарахь ворхI класс чекхйаьккхинера… суна кхин а дIа деша лаьара… амма тхан дас цIахь сацийна со, йуьртах а йаьлла, божаршца цхьаьна деша йохуьйтур йац ша аьлла… суна хезнера гIалитIахь нохчийн мехкарийн интернат йу, бохуш… дешна йаьлча, цхьацца

1 ... 95 96 97 98 99 100 101 102 103 ... 122
Перейти на страницу:
Тут вы можете бесплатно читать книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев.
Комментарии