Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
«Дуьне доха герга дахана-те?» — йуха а дагатесира Тавсолтина. ТIаккха цIеххьана кхоьлира иза. «XIapa дара и: хьо кхаьрддинарг хьуна тIедогIу бохург! XIapa йара и… кино!» — цIеххьана хIинца кхиира и ша селхана йоIа кино хьажоран бахьанах: «Кхунна со кечвеш хилла-кх цо!» Нурседега кхин цкъа а дIахьаьжира да, амма йоьIан йуьхь тIулг санна, чIагIйеллий, ондий хьоьжура схьа: Тавсолта кхийтира, ша тIе а вахана и шиъ човхораххий, аларххий бала пайда цахиларх. «Кхузахь сайх адам а ца делош, IадIар тоьлу. Схьагарехь, хIокхара барт бина. Кхаьрга кхузахь эрна лийна, нахала волучул, цIахь ойла йича бакъахьа ду ас кху белхан. ДIаваха веза — и тоьлу!» — уккал таIийна, кхин вист а ца хуьлуш, меллаша цIехьа волавелира Тавсолта, астагI а теIаш. Цунна тIаьххье дIабуьйлабелира, лаьтта туйнаш а детташ, хьовса баьхкинчех кхо-виъ воккха стаггий, полша йуьйхина къена зудий, кхин цхьа — ши церан гергарчех верггий:
— XIapa дара и «комсомольски ловзар!» — бохуш, арабуьйлура уьш. Цаьрца Тавсолтина тIаьххье дIахьаьдира Зама а.
— Ма дан а ду… «комсомольски ловзар»… ЦIенна оьрсийн ловзар ду-кх!.. Иштта кечдича-м вайниг кхин а дика хир дара! — кхоьссира дIавоьдуш цхьамма оьгIазе.
— Латаел лампанаш! — элира Нурседас дежурнешка. Йоккха стол йуьзнера «Дада-бIара» тIера охьаэгначу, лимонан чкъоьргах тера, можачу гIаша. Школин йерриг а беш бес-бесара къарзйинера дашочу гуьйрено. КIеззиг кеп хиллачу Егорыча корта лестабора.
— ХIан-хIа, суна ца моьттура Тавсултан иштта хир ву. Хьовсийша!.. Дог майра партизан!..
Ловзар хIинца хьалхачул а синкъераме дIадоьдий хIинца гиначух:
— Нурседа йуьззина къонах йу! Тоххара динехь бакъахьа а дара! Тхан цигахь тIом а хилале чекхдаьккхира xIapa!
— Хьаша ваккха! Хьаша ваккха! — дийхира цхьамма. Ша-шен ларамаза дагаваийтина Ахат, цIийвелла, вухагIертара. Амма Нурседас, тIе а йахана, куьг лаьцна йукъаозийра иза а, цунна тIаьххье Селита а.
Мехкарий а, кегийрхой а, уьш хелхабовлуш, хьалагIевттира, мехкан воцу хьаша — Ахат а, мехкарийн тхьамда — Селита а лерина. Керим шен дагахь бIаьрг буьзна хьоьжура Нурседега: цо чекхдаьккхинчу кепара и гIуллакх кхочушдан шен а къонахалла ца тоа мегара аьлла, хийтира цунна.
Нурседас ма-хуьллу ловзар дахдора. Халаниг кхиамца чекх а даьлла, хIинца массеран а са чIогIа къералуш, мерза дIадоьдура ловзар. Йоккхайера Нурседа: «Кхул тIаьхьа а дер ду Iадатхошца дов, амма девнан архаш хIинца дуьйна тхан карахь йу!» — ойла йора цо.
Йелакъажарца уьйтIа хьаьжира иза, кIеззиг бIаьргаш а хабийна: массо цецвоккхуш, хьешо дика дора вайнехан хелхар. Ахатца хелхайуьйлу Селита цIийелла йуьстахйелира. Йоккхачу стоьла тIе а веъна, Нурседина, ша йукъаозаварна бекхам беш, бохь боьгIна, голатуьйхира Ахата. Берриш бийлабелира. Анна Львовнас хIинца йукъаозийра Нурседий, Кериммий. Уьш хелхабевлла бовллалц а ирахь лаьттира кегийрхой…
* * *
Тавсолтина а ца гуш, цунна йуххехь йогIура Зама: «Хьан йина-техьа дадина вас?» — дагатуьйсура цунна. ОьгIазе ойла йеш вогIура Тавсолта: «Билггал бакълуьй-те уьш?.. Йа баккъал а дуьне доха гергадахана-те?.. XIapa йуьхьIаьржо! ХIун ду-те хилларг?» — ца кхетара и:
— Зама, йаI, хьо зама! — хозуьйтуш, латкъийра цо шен деган лазам.
— Дада! Ахь хIун боху? — хаьттира Замас.
Тавсолта схьахьаьжира. СоцунгIа а хилла, йоьIан коьртах куьг а хьаькхна, цуьнан цIечу галстуке а хьаьжна, йуха а элира:
— Йан а йу шун зама… Сайниг дIайаьлла.
Зама ца кхийтира. Чукхаьчча, Джейране а вист ца хуьлуш, дехьа чу а вахана, тийнна шен гIуллакхаш дина, дIатевжира воккха стаг. Бодане цIа чохь, бIаьргаш а биллина, вехха Iиллира и: «Зама тIекIелйаьлла… доьзалш а тIебевлла… архаш а карара дIашершина… Йа къар а велла, кхеран сискалш йууш, кIелсацар, йа сайн сий а ца дойуш, кхарех дIакъастар ду суна хIинца диснарг. ХIан-хIа! Ас сайн сий ишта атта дойуьйтур дац цхьаьнгге а: йа нахе а, йа кхаьрга а!»… Цу тIехь хедира цуьнан ойланийн зIе. Коьртехь цхьацца дагалецамаш иэбелира, хьесапан лаамера бовлуш. ТIаьххьара а, хелхавуьйлучу Джамбулан сурт дуьхьал а хIуттуш, гIийла велакъежар йуьхьа тIе а додуш, тхьевсира Тавсолта.
ТIаьхьо чубаьхкира: Нурседий, Селитий, Джамбуллий, Ахаттий. Цхьаьна пхьор а диъна, дIабийшира массо. Нурседина, шен Замий, Джамбуллий мара а доьллина, сихха наб кхийтира нара тIехь. Цунна тIаьххье набаро Iехийра вукху маьIIе йижина Селита а.
Ахаттий, Джейранний, учахь дехха къамелаш деш цхьаьна а Iийна, чудахана, дIадижира. Массеран а лерехь, уьш набарх боллалц, ца соцуш йекара ловзаргара вотий, пондаран гIовгIий.
* * *
Вукху дийнахь Егорыче кIантера телеграмма кхечира: «Квартира схьайелла, болх бу кийчча, сихха схьавола», — бохуш.
Воккхачу стеган дог ловзалелхара: хьоме кIант! Исбаьхьа Киев! Беза болх! — дерриг а йуха гур ду! Тахханехь новкъа вала лиира цунна. Делахь а, кхин кхаа денна тIаьхьатеттира цо шен дIавахар: цкъа-делахь, Селитас аьлла кхо дитт дехьа догIар, дуола а дина, чекхдалаза дара. Цул совнаха, оццу агIорхьа цхьаьний новкъа бовлуш бара Казахстане боьлху Анна Львовний, Ниночкий, Каташший, цаьрца ваха тIаьхьасецна Ахаттий.
Егорычан дехарца колхозера бригадица гIo дан Тавсолта а веъна, дитташ вукхузахьа дийгIира. Накъостий дIабахча, Тавсолтега шегга, бехк боккхуш, элира Егорыча:
— Партизан а майраниг вара хьо, Тавсултан, белхахо а диканиг ву… Амма, сел Iадаташна тIевирзина хIунда ву-те хьо? Ца го хьуна керла зама?
— Шун шайн гIиллакхаш ду, тхан — тхешан ду… Цул хIун оьшу тхан нохчийн ловзар? — къамел ца дахдойтуш, Iодика а йина, чувахара Тавсолта…
Чукхаьчча, гIийлачу йаххьашца шена хьалагIевттинчу Селитей, Нурседей вист ца хуьлуш, шен чу вахара иза. Цаьрца дан деза къамел а, цуьнан меттиг а хIинца а шен дагахь къастоза вара и. Амма церан йаххьаш хIинца гIийло гаро: «Шаьш селхана динчунна дохкобевлла-те?» — аьлла, догйовхо йира цунна.
XIapa волчу а йеъна, эсала кхунна хьалхахIоьттира Джейран:
— Воккха стаг! Суна Ахатца дIайаха лаьа. Цигара хьал хьуна а хезна. Шина йоIе а ас и хIинцца аьлла. ДIа ца йахча ца йолу со.
— Муха? ХIинццалц схьа хьахийна хIума а доцуш! Мича бахьанина? — цецвелира Тавсолта. Дагахь къовзийра иза: «Массо а къаьхкаш лаьтта»…
— Со реза вац! — элира Тавсолтас.
— Ткъа хьан дош… ма лиъа, йухайохуьйтур йу, цкъа хьажахIотта, мукъна, дIайолахьа, ахь а аьлла, ца йеара со?.. Со-м сайн дагахь, цига а хьажахIотта йоьду… цхьаъ ца хилахь… Дуьхьал ма валахь, воккха стаг… ас йаздийр ду хьоьга сайн хIуттург, — таьIначу озаца тIетуьйхира Джейрана.
— Дика ду, делахь! Ас-м сецор йац хьо нуьцкъала… гIyo хIета… «хьажахIотта», — элира Тавсолтас, амма xIapa ша а, дехьа чохь кхеран къамел хеза йижарий а шайн дагахь дика кхетара Джейран йухайогIург цахиларх…
Вокзалехь вовшахкхетта, цхьаьна новкъа бовлучийн тоба йоккха йара: Акмолинске кхаччалц боьлху Каташ, Ниночкий, цаьрца Анна Львовний. Алма-Ата воьду Ахаттий, цуьнца Джейранний. Киеве воьду Егорыч а…
ГIийло лаьттара