Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
— Ца догIу! Цул а, айхьа боданехь йалло хьайн зуда Алпату йига ахь хьайца кино а, ловзарга а… И тоьлу хьуна!
Вист а ца хуьлуш, аравелира Баштиров.
— «БаштагIеран кIант!» — цайашарца дагадеара Нурседина цуьнан Тавсолтица кинохь Iер а. Шина цIоцкъамна йуккъе къоламан бух а гIортийна, ойла йеш, йуха а кехаташна тIелахйелира Нурседа. ГIалитIарчу СМУ-с тIелаьцнера интернатан гIишло январь кхачале чекхйаккха. Бух а боьттина, ах метр пенаш хьаладаханчул тIаьхьа, йеттина кибарчигаш а ца тоьъна, белхаш севццера. Ткъа хьалхара май тIекхачале пенаш ца девлча, гIишлойар планера дикка дужура. Грознерчу йеттинчу кибарчигийн заводехь заказ йинера цо ннтернатана тIеоьшу шовзткъа эзар кибарчиг а. Тахана телефона чухула хаьттича, уьш а йовлаза хилира.
Нурседас кхечу заводе а кехат дахьийтира…
Амма цигара жоп дале, Нурседа цIеххьана, райцентре, райкоме балха йаьккхира, зударийн отделан заведующи йина. «Интернатана гIo дан аьтто а совбаьр!» — аьлла, резахилира Нурседа.
Iуьйранна нисйеллачу машенахь йа гIаш дIайоьдура райцентре, сарахь цIа йoгIypa… Деца йолу йукъаметтиг хийцайалаза лаьттара… Керлачу балхахь халла ницкъ кхечира цуьнан и кибаргичаш июнехь шайн метте схьакхачо. Пенаш августехь доьттина девлира. Йуха а цIеххьана, интернат чекхйаккхаза а йуьсуш, Нурседа сентябрехь Москва партийни лакхарчу школин йалх беттан курсашка деша йахийтира.
Кхоьлинчу дийнахь Селитин Iодика а йина, амма дена гучуйала ца хIуттуш, новкъа йелира иза. Селитина сингаттаме бахбелира и йалх бутт…
* * *
Самукъане чекхбелира и йалх бутт Нурседина. Декхна дара таханлера и цIа кхаьчна бIаьстенан дуьххьарчех долу де а. Делккъехь, школин кертан маьIIехь охьайоьссира Нурседа, шен чамдица киракхоьхьучу машенан кабини чуьра. XIapa а ца гуш, керта йуххехь, аккази тIехьа къамел деш хезира шиммо:
— XIapa-м хIинца лаьттар йеца, мохо а лоькхуш, пенаш чуэггалц…
— Чекх а ца йоккхуш йахана важа а… шен гIуллакхе.
— Цунна-м хIинца хIун бала бара кхуьнан. ХIокхуьнан сихо йеш-м цхьа а ваций-ц…
— Хуур дара xIapa чайни йелахьара…
Нурседа кхийтира: йуьйцург интернат йара. Диттал дехьа а йаьлла, кертах чекхьхьаьжча, тохар санна, пенаш лаьттара, тIехь ло а Iуьллуш, тхов а тиллаза. XIapa, чамда а карахь кел чоьхьа йаьлча, шен кабинета чуьра, тIе пальто а кхоьллина, Селита схьахьаьдира. Маракхетта, маршаллаш хаьттира:
— Интернат-м лаьтта…
— Кхин ницкъ ца кхечира йа сан а, йа керлачу йуьртден а… ша хьо йуха а хIинца тIе ца таIахь.
— Бераш?
— Шимма а дика доьшу… Урокехь бу.
— Дада? Гуш ма вац кертахь.
— Калмыкера цхьа вовхатар а веъна, цуьнан гIуллакхна селхана кIотара вахана шина-кхаа денна, цхьанхьа-м када а хIуттуш. Дада хIинца тайна соьца. Амма хьуна луьйра: хаттаза белхаш а хуьйцу, хьашт доцуш Москох а йахана, хиънехь, ша йохуьйтур а йацара, дукха хецайелла, бохура. Вайшинна арз а дира цо веанчуьнга а, ткъа цо и, мелхо а, бакъ ца вира, заманца ван веза аьлла. Амма ша волчу ваха дIа-м кхайкхира цуьнга.
— Ас-м цхьацца совгIаташ а деъна цунна. КIадлур вацара-техьа…
— Хьовсур вай… Ас дIалур ду.
— Кхин хIун ду керла?
— ХIума дац. Анна Львовнера кехат ду. Хьоьга мерза маршаллаш ло массара а. Шаьш дика Iа, боху.
Селитас чамда а лаьцна, ший а чоьхьа йолайелира. Чукхаьчча, чамда схьа а йаьстина, ша деана совгIаташ стоьл тIе даржийра Нурседас: берашна — портфелаш, пеналаш, авторучканаш; йишина — чилланан пазаташ, хаза косынка, кIархаш; дена — шиъ сорочка, бастонан цхьа отрез.
— Нурседа, ахь садаIа хIинца. Школера йаьлчахьана со йуха чуйогIу хьуна берашца, — аьлла, арайелира Селита.
Iуьйрре райцентре йахара Нурседа. Шен дешарх лаьцна райкоман секретарна отчет ша йинчул тIаьхьа, интернатан гIуллакх хаьттира цо.
— Хьоьга хьаьжна диси-кх и: виллина цунна тIехь валло белхахо а ца хилла. Вай муха хьийза ца хаьа хьуна: оханаш, асарш, шура, тракторш, жижиг… ХIинца ас йуха а хьуна тIе дуьллу-кх и чекхдаккхар! — секретаро стоьл тIерачу англех туьйхира стомма цIен къолам.
— Дика ду!..
КхозлагIчу дийнахь обкомера телефон туьйхира Нурседега:
— Интернатан хьокъехь дан дезарг СМУ-га дIааьлла. ГIуллакх муха доьду хьажа шун цига кестта накъост а кхочур ву…
Кабинетан корах чуIенара бIаьстенан мела малх. Башлаьмнийн баххьаш сирла лепара. Керлачу хIуонаца арара чукхоьхьура хIинцца лайх дерзина девллачу аьрцнийн а, комаьрша хьалагIоьртинчу бIаьстенан зезагийн а хьожа.
Сихха дешна догIучу лайн Iовраш, маьлхан зIаьнаршкахь лепаш, охьауьдура басешкара.
«БIаьстенан йуьхь! Уггар гIуллакх дIадоло мур!.. — бохура Нурседас дагахь. — ХIинццехь Минпрос а, Минфин а йукъаозо йеза. Цаьргара ахча доккхуш а йер йу цхьа хан. ТIаккха гIишлонна тIеоьшу гIирсаш лоьхуш а зама йер йу! Сихо йан йеза!» — Нурседас корах ара бIаьрг туьйхира… Цунна тIехь йара боьмашчу коверкотан костюм, логехь, божарийнчух тера, дIасабиллина кач а болуш. Чухулара схьагора кIайчу дарин коч. Коьртара, шина aгIop хьаькхначу, хьаьрсачу месех бина кур кIесара тIехь мIерашца лаьцнера. Косынка гIентан гIовлех кхозура. Hvpceдин кIайн йуьхь, басарш хьакхаза, йогура шен даимлерчу могашчу алунца.
Шена хьалхха стоьла тIехь даржийнчу календарах бIаьрг кхийтира цуьнан: «Лама зударийн денна гIалара йан йезаш концерт йу… Кечам бан беза», — дагадеара цунна. НеI йиллина чувелира, Нурседина балхаца вевза, гIалара кхуза командировке веъна йаздархо а волу, культурин министран заместитель Усманов Хьасан. Иза лекхочу дегIахь, маьIан куьзганаш а доьхкина, сира шляпа тиллина, макинтош йуьйхина вара. Маршаллаш хаьттира, охьахевшира.
— Хьасан Ахтаевич! Хьо-хьуо тIе драматург а ма вара… Йазйехьа вайн зударех цхьа пьеса. Ма оьшу-кх иза хIинца!..
— Тхан цхьа къона йаздархо ву и йазйеш… Со кху сохьта кхечу теми тIехь болх беш ву.
— Маца вер ву и?
— ДоьалгIа шо-м ду цо и йазйо боху.
— Ма йеха а йазйо цо… И ваьлча, иза-м йуха а ширачу заманах лаьцнарг хир йу. Зама сиха ма йоьду!..
— Маса шо ду цуьнан? — хаьттира Нурседас.
— Шовзткъа.
— Башха къона а вац.
— Казахстанехь даьккхина кхойтта шо ша йукъа а ца лору, — олу цо.
— Ас-м лору! — элира Нурседас. — Кхетамна эрна ца йайна хан!
НеI тоьхна, чуйелира Селита.
— Хьо хIунда йеанера, Селита? — хаьттира Нурседас, хьала а айалуш.
— Лама кхузахь хуьлучу концерте тхешан мехкарий бало дагахь цхьа ткъех билет дезар-кх. Со новкъа-м йац шуна?
— Йац, хьаха! Охьахаал хьо! — элира Усмановс.
Селита охьахиира. Нурседас царна вовшийн довзийтира.
Цу хенахь, йелха а ийзош, чуйелира коьртах цхардоьлла кортали а кхоьллина, басмин кучаца, тиша кIархаш а буьйхина Алпату.
— ХIун хилла? Хьо хIунда йоьлху? — хаьттира Нурседас, хьалагIаьттина, тIе а хилла. Алпату, къурдаш а деш, йоьлхура, цIийбеллачу бIаьргех корталин тIам а хьоькхуш:
— Майрачо йита хьийзайо… Берех ца йалало… Къахета… Соьга цIенош а дайтина, суна тIе кхин йало гIерта. Соьга, лаахь, тишачу цIенош чохь Iе боху, ша напгIа латтор ду. Цунна со реза ца хилахь, йита воллу.
Селитин дог Iовжийра. Йаздархо кхоьлира.
— Мича