Категории
Самые читаемые
PochitayKnigi » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 101 102 103 104 105 106 107 108 109 ... 122
Перейти на страницу:
новкъа баха баьхкинарш: Кериммий, Селитий, Нурседий, кхин а… Тавсолта ца веънера. ЦIерпошт схьакхачаре хьоьжуш перронехь, тIаьххьара къамелаш деш, бекъабелла лаьттара доттагIий: Егорычций, Ахатций — Керим; Джейранца — Нурседа; Анна Львовница — Селита; вуьш — къоначаьрца…

Джейранан ойланах дика кхетта йолу Нурседа цуьнан догъэца гIертара, и йухайогIу aгIo лоьхуш:

— Дада а кхин кIоршаме хир вац хьоьца, оха а эр ду хьуна цуьнга и доггах. Цкъацца ша сиха хилахь а, догдика а, хьо йезаш а ву хьуна иза. Тхуна а тхайн нана санна хета хьо… Варале, йухайоьллахь, Джейран! — хьоьстура цо и.

Амма Джейран, цуьнга ла а доьгIуш, йуьхьца ца хийцалуш, кхоьлина йара:

— И хIун ду: цигахь — «Джейран», кхузахь — «Зуда»? Цигахь гуттар цхьаьна хила лууш вара, кхузахь даима къаьстина лела! Пайдабоцчу хIуманна тIехула дов оьккхуьйту. TIe, оьгIазвахча, ши-кхо де а доккхий-ца вист ца хуьлуш цхьаьна чохь! Со хIунда йеана кхуза, цу дуьненан йисттера, цунна тIаьхьа а йаьлла, xIapa вистхуьлуш а ца хилча? Сайн цIахь йа Iен хIусам, йа йуург йоцуш-х ца йеаний со? — соцунгIа а хилла, нисса Нурседе хьаьжира Джейран.

Цуьнан кIеззиг раз доьгIначу, хазачу, хIинца сингаттаме севцначу, Iаьржачу бIаьргаш чуьра хи даланцара: уьш декъа, амма ойлане хьоьжура шайна хьалха. Корта а, сакхбаьллачу кхокханан санна, кIеззиг раз таIIийнчохь сецнера цуьнан. Нурседа, чухула пхьарс а баьккхина, меллаша дIасалелара цуьнца, дагна оьш-оьшу дешнаш лоьхуш.

Схьакхечира цIерпошт. Керима церан билеташ цхьана вагона тIе а нисдина, цхьаьний тIебевлира уьш. Селитас мара а къевлина, хаьттира, вагон тIера йуха а охьайоьссинчу, йуьхь йекхаеллачу Анна Львовне:

— Алахьа, хала ца хета хьуна, айхьа ткъех шарахь болх бина меттиггий, тхой дитина дIайоьдуш?

— Дера, хета! Делахь а, диканна йоьдий со-м… Целинехь со кхузахьчул а чIогIа оьшу хIинца… сайн берашца а хир… Йукъ-кара вай вовшашна тIекхача а мега! Вовшийн дагахь мел ду, къаьстина а даций вай-м! Йуххехь а боллушехь, вовшах къаьстинарш а дукха ма бу. Вай мел гена довлахь а, даим вовшашна гергахь ду! — бIаьргаш чу хи доьссира цунна. Йуха а мар-мара лилхира…

ЦIерпошт дIайолайелира…

Селита лешначу бIаьргашца тIаьхьахьоьжура цIерпоштна: цуьнан даго хьоьхура — хIинца гуттаренна а дIайуьгура цо, кху дуьнентIехь цуьнан уггаре а хьоме доттагIа — Анна Львовна!

* * *

Уьш дIабаханчул тIаьхьа Эскинойхь школин директор Селита хIоттийра. Тавсолта а школин хехо вахара, беш лелор тIе а диллина: воккха хилла вогIучу Тавсолтина шен лула балха ван лиира. TIe Джамбулний, Заминий ша йуххе а хир, — бохура цуьнан даго. И бераш хIинца кхин а хьоме хетара: вистхила, тIеозо кхин цхьа а ца виснера цуьнан. Тийна лелара и школин бешахула, шен гIуллакх деш.

Масех кIира а делира. Селитига ца ваьлла, балха тIехь а, чохь а, цхьа-ши дош олура цо, амма Нурседига-м вист ца хуьлура, йа дIа а ца хьожура.

Эскинойхь комсомольски ловзаргахь хилларг массанхьахула гIаределира — цхьаболчара гIийбат деш, вукхара чIогIа хастош. Вовшашлахь доггах къобалдора и дукхахболчу кегийрхоша.

Тавсолтегахьа узуш, и ловзар аьшнаш деш, цунна йаппарш йийриш а гора. Амма хIинца дукханне дагахь кхин дара: муьлхачу aгIop доьрзур ду-те Тавсолтиний, цуьнан мехкаршний йуккъера дов? ХIун дер-те хIинца Тавсолтас?

Нахана йовзара Тавсолтин мокхазан амал, хаьара иза, къарвелла, Iийр воцийла, делахь а кхин а гора: заманан хийцам цуьнгахьа бацара! Амма цунна йух-йха Iеткъара къанвеллачу хенахь шена тIедеъна и «доккха эхь». ХIинца а, бешара гIуллакхаш дина а ваьлла, «Дада-бIара» кIел гоьрга тIе охьалахвелира и, ойлане вахана. Шен ши йоI саннарш йуьртахь кхин а шорта хиларо цуьрриг йай ца йора, цунна гергахь, цуьнан йуьхьIаьржо. Селхана Ахьмас а кхунна тIех а туьйхира, берриш карзахбаьхнарш кхуьнан ши йоI йу аьлла. ХIинца xIapa новкъахула дIасавогIуш, нах а, тохара санна, лараме ца хьоьжура кхуьнга, хьала а дегаза гIовттура.

«ХIан-хIа! — йуха а ойла оьгIазе гулйелира цуьнан. — Церан сискалш а йууш, сайн сий а доьхкина, царна кIел со соцур вац!» — шен дагахь ондда ойла йира цо.

Тавсолтин бIаьргаш чохь, кIегийн суйнаш гулделира. Баккъалла а аьлча, шина а йоIа xIapa волчохь хIинца коьрта йовлакхаш тохкура, кхуьнан йуьхь лоруш: «Вай Iадаташца къуьйсу, деца — ца къуьйсу» — дара дагахь. Бакъду, Селита, цуьнца кIеда-мерза хиларца, шеца и таван гIертара, ткъа Нурседас а шен ма-торру лорура иза: и вист шега ца хилахь а, эрна халахетар цунна ца долуьйтуш а, алапа дIалуш а, оьций, дена цхьацца хIума йахьаш а. Амма мехкарий вовшах а бетташ, хIинца кино а, клубе а кхуьйлура цо, гина фильмаш а, йешна книжкаш а цаьрца йийцаре а йохкуш. Иза дIакхачадора Тавсолтега:

«Iайт, гаур йаI! Хьох жима йолуш дуьйна а сан вагар эрна ца хиллера!» — цергаш хьакхийра дас, генарнаш а дагадаьхкина.

Перерывна бераш уьйтIа хьаьлхира. «Дада-бIарана» кIел дада а гина, тIейера Зама. Урамехьара схьаведира Джамбул а, карахь цхьа конверт а лестош:

— ТIехволучу почтальоно схьадели.

— Дешал.

Кехат Казахстанера дара: «Шакен-агIа велла… Со кхузахь ца Iийча ца йолу. Бехк ма билла. Йухаяре ма хьежа. Шу лоруш йолу Джейран»…

Тавсолтин бIаьргаш чуьра ондда догу кIегий, тIе чим тесча санна, дайра. И йуха цайарах бан тамаш-м бацара: Тавсолтина хьалххе дуьйна а ма хетара, иза иштта хир ду аьлла. Делахь а, хIинца, баккъал а и хилла даьлча, дог къовзийра цуьнан — тIаьххьара а ша виси! Шена йуххера Джамбуллий, Замий тIе а озийна, церан кортойх дехха куьг хьийкхира Тавсолтас, ойлане меттах ца хьовш, бIаьрзечо санна, пIелгашца сов дай, уьш лазорна кхоьруш санна, экаме кIеда церан месаш а кегош. Шеллуш санна, хебира и: Iаьнна гергагIерта гуьйренан денош баккъал а тIеттIа шеллуш догIура, амма Тавсолта хIинца шелвийриг и кехат дара. Кхин цкъа а, хоршахь санна, вегийра и.

— Дада, вайна иштта шийла а ма йац хIинца, — элира Джамбула.

— Делахь а… дегI шелло зама тIекхаьчна сан, Джамбул… Цхьа хан йара, ас дегIаца кетар йохйеш. ХIинца кетаро дегI дохде хан тIекхаьчна. Кестта дегI а, кетар а пеша хьалха лоьцу хан а схьахIуттур йу…

ОЙЛАНАШ… ОЙЛАНАШ…

Вукху бIаьста, хьалххе долийна долу некъаш тадар а, йуьрта электросерло йалор а май тIекхачале чекхдаьккхира. ХIинца йолийначохь лаьттачу интернатан ойла йеш Iapa кху апрелан сарахь шен кабинетехь Нурседа.

— Гора, Нурседа, йаI! — элира чуваьллачу, мичча aгIop а кхуьнца эвхьазвала луучу клубан заведующес Башгировс. — Хьо йуьртнана ма-хIоьтти, и Ленинан серло вайна а схьакхачий-кх ахь! — кабинета чохь йогучу электролампене корта а ластийна, кхуьнга куьг а кховдош.

Зуда йуьртда хиларх йуьхьанца цабаьшнарш а тIебирззинчу муьрехь, хIинца хIокхуьнан эвхьаза лер цавашарх тера хетта, цуьнан карара, хье ца долуьйтуш, куьг йуха а эцна, шийло элира Нурседас:

— Дийцал!

Дийца хIума а доцуш, вуьйхира важа:

1 ... 101 102 103 104 105 106 107 108 109 ... 122
Перейти на страницу:
Тут вы можете бесплатно читать книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев.
Комментарии