Категории
Самые читаемые
PochitayKnigi » Проза » Историческая проза » Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Читать онлайн Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 103 104 105 106 107 108 109 110 111 ... 122
Перейти на страницу:
балхахь ву иза? ЦIе хIун йу цуьнан? — къолам блокнота тIе баьхьира йаздархочо.

Алпатус узарш дора:

— Эскинойхь клубан заведующи ву… Кхунна а вевза. ЦIе муха йоккхур йу ас?.

— Баштиров ву-кх! Йало, Алпату, цIа гIo хьо. Кхерам бац хьуна цуьрриг а. Тахханехь вай и метта а валор ву! — дог тешош, элира Нурседас.

Алпату, йаздархочуьнгахьа хьаьжира: «Гирий хьуна?» — хоьттучу йуьхьаца.

НеI ца тухуш, оьгIазе чуиккхира, коьртахь йовлакх а доцуш, хедийнчу Iаьржачу месашца, тIехь дика кечйелла, цхьа йерстина хаза нохчийн зуда, стаммий хаза балдаш а, Iаьржа бIаьрг-цIоцкъам а долуш.

Цунна тIаьххье чувелира тохарлера корреспондент… Цицигов. Нурседа ма-гиннехь, неIарехь вогIавелира, аьрру цIоцкъам ирх а доьдуш. ТIаккха, Усмановх а бIаьрг кхетта, шолгIаниг а хьаладахара цуьнан. Вухавирзина, маса татанза аравелира иза.

— Охьахаа. Со ладугIуш йу, — шийло элира Нурседас, чуйеанчуьнан питане амал шена йуьйцуш хазарна. ГIант стоьла йуххе а хилийна, охьахиира зуда, гоьл тIе ког а тесна. ЦIен маникюр йинчу пIелгийн томмагIне кIаьгнаш долу, севсина кIайн куьйгаш, стоьл тIе а дехкина, тем боцуш хьедора цо. Балдех басар хьекхна цхьа пIелг а бара цIен.

— ХIун хилла? Дийцал!

— Ша зампред ву бохуш, эцца хиъна Iачу цу москало — Керима — болх ца ло-кх суна. Кхечара шега аьлча а!

— ХIун болх боьхура ахь?

— Ас-м, хIинца… партис а вайнехан зударийн бакъонаш хьалаойуш… сайгахь товболлу болх боьхура. ХIун башха бу иза?

— Ткъа муьлха болх боьхура ахь?

— Муьлххарг а башха бац. Хаза товш, бан дог догIу болх хилчахьана.

— Масала!

— Сельсоветан председатель а, маслопроман заведующи а… Раймаган директор а. Масане хуьлу уьш… Кхечухьа а хIиттиний куьйгаллин белхашка вайн зударий, цхьаболу божарий дIа а бохуш…

— Ахь биний, Ткъа хьалха и белхаш? Балур буй хьоьга уьш?

— Ца бина бан-м… Iемар ду-кх. Цкъа долоза хуьлий цхьа а? Масала, хьох а тхан, зударийн, тхьамда хилла!.. Массанхьа а хIинца хьалабохуш ма бу вайн зударий! Вайга, зударшка, далур а доцуш хIун ду? Вай-м боккха ницкъ бай, вовшахкхетча! — аз айдира зудчо.

— Ткъа цо хIун эли хьоьга?

— И чIогIа дуьхьал ву партис зударшна лучу бакъонна!.. Хьажахьа, «И белхаш хьоь балур бац, колхозе доярка гIyo!» элин-ца цу гIиргIано соьга… бархI класс чекх а йаьккхина йолчу! Оцунна а хезира! — йерстана зуда шена тIехьа йухахьаьжира, амма «важа» цигахь ца карийна, цо шен куьйгаш, кхин а тем боцуш, дIасашершадора стоьла тIехь.

— Иза мила вара? — неIарехьа корта ластийра Нурседас.

— ГIалитIера веана радион корреспондент вара и-м. ХIинцца вухавогIур ву. ЧIогIа вайн зударшкахьа узуш ву. Сан арз талла дIаэцна цо… Соьца Керим волчу а веара. Амма тхойший а арадаьккхи цу москало! ХIинца хуур-м ду хьуна цунна. Вай йовлакхаш цалелораш ца деза-кх… Iадатийн коьжалг!

— Иза бакълуьйш санна, хета суна-м! Коьртара йовлакх охьадилларх-м дерриге кхочуш ца хуьлий! И доккха хIума а дац! Луучо леладе. Цхьайолчуьнан йовлакх охьадиллар — керлачу оьздангалле гIертарца ду, ткъа кхийолчуьнан — иза баккъал а хецайалар хуьлу: ширачу оьздангаллех а йолу, керлачух дIа а ца кхета! Ткъа уьш баций и «куьйгаллин балха» оьхуьйтурш-м!.. Масала, ахь муха гайтина хIинццалц хьуо балхахь а, дахарехь а?

— «Муха гайтина?» «Муха гайтина?..» ХIун даьлла соьгара?

— Цкъа, столовера повар йолчуьра дIайаьккхира хьо, даьтта а лачкъийна. ШозлагIа, кассир йолчохь, ахча а ца тоьъна, чуйоьллира хьо, йуха халла кIелхьара а йолуш.

— ХIан-хIа! И бакъ дац. Со цу тIехь реабилитировать йина. И дIадаьлла! И дийца оьшуш а дац.

— Собар делахь! Пхоьазза марехь хилла хьо?

— Ца хилла кхузза бен-м!

— Важа, загс а ца йеш, айхьа дина ши маре ца лору ахь?

— Ца лору-те! И-м законо а ца лору!

— Сих ма лолахь… Иза-м кхин а оьшуш дай! ХIинца лакхара болх лоьхуш лела… «и» йуххе а ваьккхина!.. — оьгIазйахара Нурседа. — Суна ца вевза моьтту хьуна и… «корреспондент!»… «чIогIа зударшкахьа ву!»… By-те… дуьмехьа цициг санна!.. Кху чу и вуха вогIур вац, хьуна!

— Иза-м суна а вевза! — къамелана йукъавеара Усманов. — Иза-м, бутт хьалха — радиокомитетера а дIаваьккхина плагиат ярна! И кхуза муха кхаьчна ца кхета со!

— Гой хьуна? — хаьттира Нурседас зудче.

Йерстана зуда ша йолччохь йегийра, ченах цIанло котам санна.

— Куьйгалле гIертачул, цкъа хьайга балучу балха тIехь хьуо гайта! ТIаккха, лакхара гIуллакх а, ахь ца доьххушехь, ша-шаха кховдор ду хьоьга!.. ДIагIуо Керима хьехочу балха! Ас а бина иза-м, хаза а хеташ… суо итт класс чекхйаьккхина йоллушехь.

Йерстинчу зудчун хаза йуьхь ирча хебира:

— А-а-а!.. Со кхийти ахь лелочух! Хьуо лакхайаьлла дела, кхечарна некъ боьхкуш йу хьо… Суна ца хаьа, моьтту хьуна… ахь Керимехьа хIунда уьйзу а?.. Шуьшиъ… вовшашка безам болуш ду, моьтту суна!

Селита, инзарйаьлла, хьоьжура цуьнга: ша йолччохь хебира иза.

— Ас йаздийр ду иза! — ца соцура йерстинарг. — Йаздан деззачу!

— КIел куьг таIо, мукъна, ма йицлолахь хIинца а! — Iоьттира хьалха а хIокхо кхехьийтинчу анонимкех хезначу Нурседас.

— Боьха хIума! — аьлла, араиккхира зуда.

— Питанча! — тIаьхьакхоьссира цунна Нурседас.

— Ой! Ой, хьо муха Iа, ва Нурседа, кхузахь ишттачаьрга ла а доьгIуш? — цецйелира Селита.

— АлпатугIеран дуьхьа Iа-кх!

— И дIайахнарг мила йара? — хаьттира йаздархочо.

— Пежиева ТIаус. Ца хезна хьуна йуьйцу?

— А-а-а, и йара иза?! Хезнера суна, хезнера!..

— Ишттанаш а нисло-кх вайн зударшлахь… Божаршлахь Баштиров а санна, — тIетуьйхира Нурседас. Нурседера кехат а эцна, хьешан Iодика а йина, Селита райклубе йахара.

— Муха хета хьуна, Хьасан Ахтаевич, шайн кадро лелориг? Иза дIа а ваьккхина, цуьнан метта цхьа зуда хIоттийча?

— И саннарг-м йац ахь цига хIотто дагалаьцнарг?

— Йацара, хьаха-кх!..

— Кхин цхьа гIуллакх а ма дара сан хьох дагайала, Хьасан Ахтаевич. Тхан Эскинойхь мехкаршна жимо интернат йан йолийна хIара шолгIа шо а ду. Ахь йаздича а, гIо хир дацара-техьа?

— Иза-м йоккха хан йац, Нурседа! Кхечу меттигашкахь-м кхоъ-диъ шо а долу… Интернат йилла атта хета хьуна? Делахь а, со хьожур ву.

— ТIеоьшу ахча ца карош, Минфинехь а хилла со: «Ахча дац, оцу гIуллакхна кху шара ахча ца делла», — боху министран хьалхарчу заместитело.

— Стохка делларг а шен хеннахь аш дIа а ца эцна, дайра, бохуш а, хезна суна…

— Ца эцна-кх СМУ-н бехкенна. Ткъа СМУ а бехказа йуьйлу, цунах схьаэца гIирсаш а ца хилла, дайра и ахча, бохуш. ХIинца оьшу гIирсаш Главснабехь гучубуьйлу, амма уьш схьаэца тахана тхан ахча дац! ХIун дан деза оха?

— ХIинца министрана тIе гIуо. Обкомехь бурч йоьхкина хьуна цунна.

— Дика ду. Цо и гIуллакх ца дахь, обкоме а йер йу.

— Сихлолахь: кестта Москох ваха мегаш ву хьуна иза… ХIан, шун секретарах кхета со, и чохь волччуьра! — аьлла, Iодика а йина, аравелира иза. Кестта йухакхечира Селита.

— ДIавахара хьаша? Ма оьзда стаг хийтира суна иза, — Усманов Iийнчу гIантехьа корта ластийра Селитас.

— Ву иштта: кхаьънаш

1 ... 103 104 105 106 107 108 109 110 111 ... 122
Перейти на страницу:
Тут вы можете бесплатно читать книгу Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев.
Комментарии